Чулацаман тӀегӀо

Къилбаседа ТийнаӀапказан лелам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къилбаседа ТийнаӀапказан лелам
ӀапказТийна Ӏапказ
Тайпабовха 
Сихаллин йуккъера барам0,4—2 км/сах.
Температурин йуккъера барам18 °C
Курилийн леламКуросиоАляскин леламКалифорнин леламПерун леламМалхбален-Австралин леламАнтарктикин циркумполюсан леламКъилба-Тийнаокеанан леламКъилбаседа ТийнаӀапказан леламКъилбаседа-Пассатан леламКъилба-Пассатан леламЭкваторан дуьхьалалеламАнтарктидаКъилба АмерикаКъилбаседа АмерикаАвстралиЕврази

Къилбаседа ТийнаӀапказан леламТийна Ӏапказ къилбаседа декъера Ӏапказан бовха лелам [1].

Японин малхбалехьара Куросио леламан тӀаьхьенах олу Куросион дрейф (М.-бален йохаллера 142 - 160° йукъара бовха леламан дакъа), ткъа цул тӀаьхьа — Къилбаседа ТийнаӀапказан лелам олу. Лела малхбузера малхбалехьа Къилбаседа Америкин бердийн агӀора.

Тийна Ӏапказан малхбален декъехь Къилбаседа ТийнаӀапказан лелам 40-гӀа параллелан къилбаседехьа кхочу м.-бален й. 170° йолчу, цигахь бовха Аляскин леламан геннаш до, ткъа иза йоьду къилбаседехьа Къилба Аляскин бердашка, кхин тӀе хин дакъа кхочу Беринган хӀордан чу, шолгӀа га Калифорнин лелам дӀатаьӀа къилбехьа, кхин дӀа кхета Къилбаседа пассатан леламах.

Охьабоьду тропикин а, полюсийн а хишшан дозанца, кхуллу шуьйра дехьадаларан область. ТӀехуларчу чкъоьрера хин температура августехь 18—23 °C, февралехь 7—16 °C. Леламан сихалла йужу малхбузехьара малхбалехьа 0,5 тӀера 0,1 м/сек тӀекхаччалц (2 тӀера 0,4 км/сахьт кхаччалц). Хи охьадахьаран чухоам 15—35 млн м³/сек[2].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Географический атлас. М.: ГУГК, 1982. — С. 30—31. — 238 с. 227 000 экз.
  2. Северо-Тихоокеанское течение // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.