Къена-Хи

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Эвла
Къена-Хи
Пачхьалкх

Российн Федераци

Регион

Нохчийн Республика

КӀошт

Шаройн

Юьртан меттиг

Къена-Хин

Координаташ

42°38′26″ къ. ш. 45°56′54″ м. д.HGЯO

Хьалхара цӀерш

Жуков-аул

Бахархой

1579[1] адам (2016)

Поштан индекс

366413

ОКАТО

96291803001

Къена-Хи картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Къена-Хи картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Къена-Хи картан тӀехь
Locator Dot2.gif

Къена-ХиНохчийн Республикан Шаройн кӀоштан эвла ю.

Иза ю Къена-Хин юьртан меттиган административн юкъ[2].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
2010[3] 2012[4] 2013[5] 2014[6] 2015[7] 2016[1]
1552 1611 1606 1571 1568 1579

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Шира истори[нисъе | нисъе чухулара]

Ламанца Ӏуьллуш йолчу Шаройн кӀоштехь ю Кенхи юрт. Шарой-Орга хина уллехь, Дагестанан дозанца ю иза. Кхунна гуонаха ю: Дагестанан республикера ГӀодобери, ГӀаигӀатла, ткъа дозанал сехьа Бути, ХӀима, Чадра, Кири ярташ. Юрт маца йиллина билггал хууш дацахь а, XVI-XVII-чуй бӀешерашкахь Умма-Ханан керахь хиллачу жӀайхойн олалли юкъайоьдуш хилар хьахийна меттигаш ю. Дагестанан Цумадан кӀоштан Цумада юьртара корабалли тайпанах болу жӀайхойх къомах нах бу дуьххьара юрт йиллинарш. Цул тӀаьхьа Дагестанан БотӀлихан, Цумадан кӀошташкара 8 тайпанах жӀайхой а, иштта вайн республикин Итон-Кхаьллан кӀоштера хьачарой а, гуьржийн махкара нах а хевшина кхуза баха. Юхьанца дерриге а тайпанаша шайн-шайн мотт буьйцуш хиллехь а хан-зама яларца массара а цхьа мотт бийца болийна, жӀайхойн чамалин диалектехь буьйцу цара мотт.

ДӀаихначу шерашкахь тайп-тайпанчу округашна, республикашна юкъайоьдуш лаьттина Кенхи. 1924-гӀа шо тӀекхаччалц Дагестанан Ӏаьндийн округа юкъахь лаьттина, цул тӀаьхьа 1944-гӀа шо тӀедаллалц НГӀАССР-н Шаройн кӀоштана юкъайогӀуш хилла. Ткъа 1944-чу шарера 1957-гӀа шо кхаччалц Дагестанан Цумадан кӀоштах дӀатоьхна лаьттина, ткъа цул тӀаьхьа НГӀАССР-н Шуьйтан кӀоштана юкъахь лаьттина. 1992-чу шарахь дуьйна, Шаройн кӀоштана юкъахь ю.

БӀешераш хьалха дуьйна а даьхни, латта лелорца хилла Кенхирчу бахархойн хене бовлар. Бакъду дӀаден пайдехь долу латтанаш кӀезиг ду ламанца, цундела оцу лаьттан пусар деш гӀишло а дӀаден мега долчу лаьтта тӀехь ца еш тӀулгаш тӀехь еш хилла гуттар а.

Дуьххьара 1929-чу шарахь Кенхи, Чадра-шина юьрта юккъехь Школхе олучу меттехь йиллина кхузахь школа. Нохчийн, жӀайхойн, оьрсийн къаьмнех бара хьехархой. Вайнах махках баххалц болх беш яра и школа. 1937-чу шарахь йиллира колхоз, кӀоштехь хьалхарчу меттехь яра иза.

Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀаьхь-тӀаьхьа толуш схьадогӀуш дара юьртан дахар, амма цӀеххьана цхьанна а цамоьттург хилира — Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом болабелира. Оцу тӀаме 60 стаг вахара хӀокху юьртара, цхьаболчу доьзалшкара шишша-кхоккха а ваханера тӀаме. Масала, АбуевгӀеран доьзалера кхо ваша ваханера тӀаме, АлибулатовгӀеран, ДубаевгӀеран, МагомедхановгӀеран, ОмаровгӀеран, УмаровгӀеран, БаталиевгӀеран доьзалшкара шишша ваханера. Тайп-тайпанчу фронташкахь тӀемаш беш царах 38 бӀаьхо кхалха а кхелхира. Брестан гӀап ларъеш кхелхира Алибулатов Шихабудин, Гасанов МуртазӀели, Гошдадов Иман-Ахьмад, Исмаилов Сулейман, Салимов Анаб. Алссам нах бахара кхузара хӀетахь къинхьегаман эскарехь гӀуллакх дан а. 108 стагана «За доблестный труд в Великой Отечественной войне 1941-1945гг.» мидалшца совгӀаташ дира, ворхI стагана «За оборону Кавказа» мидалш елира.

2016 шо[нисъе | нисъе чухулара]

Карарчу хенахь Кенхехь 300 сов ков-керт а, 2000 гергга стаг а ву Ӏаш. Юьртахь юкъарадешаран 3 школа, 2 библиотека, 2 культурин цӀа, жӀайхойн культурин туш, куьпан больница, дохнан лоьрийн учреждени ю.

Хьалха ледара хиллехь а, некъаш тодина хӀинца, Шарой-Орга хи тӀехула тӀайш а техкина, дика болх беш ю телефонан зӀе а.

ХӀинцалерчу лехамашца богӀуш болчу гӀирсашца кечйина ю школаш, культурин, медицинин учрежденеш.

Массанхьара санна кхузара а бевлла дика говзанчаш, пачхьалкхан гӀуллакххой. Царах ву медицинин Ӏилманийн доктор, профессор Абдулаев Алигаджи, Российн Федерацин юкъарчу дешаран сийлаллин белхахо, Дагестан республикин хьакъволу хьехархо Ражабова Хьава, Федеральни суьдхо Алимирзаев Агамирза, Дагестан Республикин хьакъйолу лор Сулейманова Сагират, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Магомедов Ахьмад, кхиберш.

Вайн республикехь дӀахьочу юкъараллин дерриге а гӀуллакхашкахь дакъалоцуш бу Кенхира жӀайхой, царна массарна а нохчийн мотт а хаьа. Кхузара, берриге а кегийрхой долуш ламаз, марха долуш бу. Вовшашца, нахаца лело гӀиллакх, гӀуллакх долуш бертахь беха кхузара нах.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Чеченская Республика. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2008-2016 годов
  2. Кенхинская сельский округ (Юьртан меттиг)* (Шаройский район)
  3. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  4. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  5. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  6. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  7. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.