КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархо

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чемберлен Уилта 1960 шарахь титул йаьккхира
Джордан Майклан совгӀат делла карьерехь 3-зза
Баркли Чарльза титул йаьккхина 1991 шеран дерриг седарчийн матчехь
О'Нил Шакила кхузза хилла дерриг седарчийн матчан MVP
Брайант Кобис титул йаьккхина 2002, 2007, 2009, 2011 шерашкахь
Уэйд Дуэйн — КъБА дерриг седарчийн матчан MVP 2010

КъБА дерриг седарчийн матчан Брайант Кобин цӀарах уггаре мехала ловзархо[1] (инг. NBA All-Star Game Kobe Bryant Most Valuable Player) — КъБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархочун хӀора шарахь ло титул. ХӀора шеран совгӀат дала долийна 1953 шарахь. Оццу шарахь билгалбехира Дерриг седарчийн матчан хьалхарчу шина матчан уггаре дика баскетболхой — Маколи Эд (1951) а, Аризин Пол (1952)[2]. Кхаж тосу матчехь болу журналисташа а, комментаторша а. Титул ло максимум кхаьжнаш тесначу ловзархочун[3]. 1999 шарахь титул ца йелира, хӀунда аьлча Дерриг седарчийн матч КъБАхь локаут хилар бахьнехь ца хилира[4].

2009 шарахь Брайант Кобин а, О'Нил Шакилан а шайн карьерехь кхузлагӀа Дерриг седарчийн матчан MVP цӀе йелира, уьш цхьаьна могӀара хӀиттира сийлахь Джордан Майклца а, Робертсон Оскарца а. Титулийн барамца хьалха ву Петтит Боб а, Брайант Коби а, церан чоьтехь 4-зза Матчан уггаре мехала ловзархо къобал вар ду. Джеймс Леброна и совгӀат даьккхина кхузза. Коузи Боба, Ирвинг Джулиуса, Томас Айзеяс, Джонсон Мэджика, Мэлоун Карла, Айверсон Аллена, Уэстбрук Расселла, Дюрант Кевина совгӀат даьккхира хӀораммо шозза. Джеймса дуьххьара титул йаьккхира 21 шо долуш (2006 шарахь), цунах хилира и совгӀат делла уггаре къона ловзархо[5]. Титул йукъайаьллачу хенахь дуьйна, доьазза иза йийкъира шайна йукъахь шина ловзархочо — Бэйлор Элджина а, Петтит Боба а 1959 шарахь, Стоктон Джона а, Мэлоуна а 1993 шарахь, О’Нила а, Данкан Тима а 2000 шарахь, кхин а Брайанта а, О’Нила 2009 шарахь. О’Нил Шакил — шозза совгӀат кхечунца декъна цхьаъ бен воцу ловзархо ву. Командашна йукъахь титулийн барамца хьалха йу «Лос-Анджелес Лейкерс», оцу клубан ловзархоша совгӀат даьккхина 10-зза, ткъа «Бостон Селтикс» векалша — бархӀазза. Данкан Тим — титул йаьккхина АЦШн арахьа (Америкин Виргинин гӀайренаш) вина цхьаъ бен воцу ловзархо ву[6]. 2020 шарахь совгӀатан кхелхинчу Брайант Кобин цӀе йелира. Карара титул йерг ву Карри, Стефен.

Толамхой[нисйе бӀаьра | нисйе]

КъБА хӀинца а ловзу ловзархой билгалбаьхна
Хаьржина Баскетболан сийлаллин зале
Ловзархо (X) Дерриг седарчийн матчан MVP титулийн барам
Шо Ловзархо Къам Команда
1951 Эд Маколи  АЦШ Бостон Селтикс
1952[en] Пол Аризин  АЦШ Филадельфия Уорриорз
1953[en] Джордж Микан  АЦШ Миннеаполис Лейкерс
1954[en] Боб Коузи  АЦШ Бостон Селтикс
1955[en] Билл Шерман  АЦШ Бостон Селтикс
1956[en] Боб Петтит  АЦШ Сент-Луис Хокс
1957[en] Боб Коузи (2)  АЦШ Бостон Селтикс
1958[en] Боб Петтит (2)  АЦШ Сент-Луис Хокс
1959[en][c] Элгин Бэйлор  АЦШ Миннеаполис Лейкерс
Боб Петтит (3)  АЦШ Сент-Луис Хокс
1960[en] Уилт Чемберлен  АЦШ Филадельфия Уорриорз
1961[en] Оскар Робертсон  АЦШ Цинциннати Роялз
1962[en] Боб Петтит (4)  АЦШ Сент-Луис Хокс
1963[en] Билл Рассел  АЦШ Бостон Селтикс
1964[en] Оскар Робертсон (2)  АЦШ Цинциннати Роялз
1965[en] Джерри Лукас  АЦШ Цинциннати Роялз
1966[en] Адриан Смит  АЦШ Цинциннати Роялз
1967[en] Рик Бэрри  АЦШ Сан-Франциско Уорриорз
1968[en] Хэл Грир  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
1969[en] Оскар Робертсон (3)  АЦШ Цинциннати Роялз
1970[en] Уиллис Рид  АЦШ Нью-Йорк Никс
1971 Ленни Уилкенс  АЦШ Сиэтл Суперсоникс
1972[en] Джерри Уэст  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
1973 Дейв Коуэнс  АЦШ Бостон Селтикс
1974[en] Боб Ленье  АЦШ Детройт Пистонс
1975[en] Уолт Фрейзер  АЦШ Нью-Йорк Никс
1976[en] Дэйв Бинг  АЦШ Балтимор Буллетс
1977[en] Джулиус Ирвинг  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
1978[en] Рэнди Смит  АЦШ Буффало Брэйвс
1979[en] Дэвид Томпсон  АЦШ Денвер Наггетс
1980[en] Джордж Гервин  АЦШ Сан-Антонио Спёрс
1981[en] Нейт Арчибальд  АЦШ Бостон Селтикс
1982[en] Ларри Бёрд  АЦШ Бостон Селтикс
1983[en] Джулиус Ирвинг (2)  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
1984[en] Айзея Томас  АЦШ Детройт Пистонс
1985[en] Ральф Сэмпсон  АЦШ Хьюстон Рокетс
1986[en] Айзея Томас (2)  АЦШ Детройт Пистонс
1987[en] Том Чамберс  АЦШ Сиэтл Суперсоникс
1988[en] Майкл Джордан  АЦШ Чикаго Буллз
1989[en] Карл Мэллоун  АЦШ Юта Джаз
1990 Мэджик Джонсон  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
1991[en] Чарльз Баркли  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
1992[en] Мэджик Джонсон (2)  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
1993[en][c] Джон Стоктон  АЦШ Юта Джаз
Карл Мэллоун (2)  АЦШ Юта Джаз
1994[en] Скотти Пиппен  АЦШ Чикаго Буллз
1995[en] Митч Ричмонд  АЦШ Сакраменто Кингз
1996[en] Майкл Джордан (2)  АЦШ Чикаго Буллз
1997[en] Глен Райс  АЦШ Шарлотт Хорнетс
1998[en] Майкл Джордан (3)  АЦШ Чикаго Буллз
1999[a]
2000[en][c] Шакил О'Нил  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
Тим Данкан Кеп:VIR[b] Сан-Антонио Спёрс
2001[en] Аллен Айверсон  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
2002[en] Коби Брайант  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
2003 Кевин Гарнетт  АЦШ Миннесота Тимбервулвз
2004 Шакил О'Нил (2)  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
2005[en] Аллен Айверсон (2)  АЦШ Филадельфия Севенти Сиксерс
2006[en] Леброн Джеймс  АЦШ Кливленд Кавальерс
2007[en] Коби Брайант (2)  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
2008 Леброн Джеймс (2)  АЦШ Кливленд Кавальерс
2009[c] Коби Брайант (3)  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
Шакил О'Нил (3)  АЦШ Финикс Санз
2010 Дуэйн Уэйд  АЦШ Майами Хит
2011 Коби Брайант (4)  АЦШ Лос-Анджелес Лейкерс
2012 Кевин Дюрант  АЦШ Оклахома-Сити Тандер
2013 Крис Пол  АЦШ Лос-Анджелес Клипперс
2014 Кайри Ирвинг  АЦШ Кливленд Кавальерс
2015 Расселл Уэстбрук  АЦШ Оклахома-Сити Тандер
2016 Расселл Уэстбрук (2)  АЦШ Оклахома-Сити Тандер
2017 Энтони Дэвис  АЦШ Нью-Орлеан Пеликанс
2018 Леброн Джеймс (3)  АЦШ Кливленд Кавальерс
2019 Кевин Дюрант (2)  АЦШ Голден Стейт Уорриорз
2020 Кавай Леонард  АЦШ Лос-Анджелес Клипперс
2021 Яннис Адетокунбо  Желтойчоь Милуоки Бакс
2022 Стефен Карри  АЦШ Голден Стейт Уорриорз

Комментареш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • a  1999 шарахь Дерриг седарчийн матч ца хилира локаут бахьнехь[4].
  • b  Ша варца Данкан Тим АЦШ гражданин ву, Америкин Виргинийн гӀайренийн берриг гражданаш санна[7], иза левзира АЦШ гулйина командин йукъахь дуьненайукъара турнирашкахь[8].
  • c  Билгалйаьхна титул уггаре мехала ловзархочун совгӀат шина баскетболхочун цхьанне делла матчаш.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

АБА дерриг седарчийн матчан уггаре мехала ловзархо

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. NEWSru.co.il :: НБА. Награда MVP Матча всех звезд будет названа в честь Коби Брайанта(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  2. Steve Popper N.B.A. All-Star Weekend; Macauley's '51 All-Star Honors Came Late (but He's Not Complaining)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). New York Times (1998, 5 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 мартехь. Теллина 2008 шеран 23 июлехь.(ингалс.)
  3. Howard-Cooper, Scott East Stars Put It Together, but Magic Has Hardware Pro basketball: Laker guard earns MVP in losing effort as rest of his West teammates are shut down, 130-113. Los Angeles Times(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (1990, 12 февраль). Теллина 2008 шеран 23 июлехь.
  4. 1 2 Steele, David NBA Drops All-Stars -- What's Left? February game in Philly latest casualty of lockout. San Francisco Chronicle(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Hearst Communications Inc (December 9, 1998). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 26 мартехь. Теллина 2008 шеран 17 декабрехь.(ингалс.)
  5. King-Sized Rally Propels East to Victory. NBA.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Turner Sports Interactive, Inc. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 14 августехь. Теллина 2009 шеран 25 апрелехь.(ингалс.)
  6. Bargnani becomes first European top NBA draft pick(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). People's Daily Online (2006, 29 июнь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 9 февралехь. Теллина 2008 шеран 16 июнехь.(ингалс.)
  7. Виргинские острова(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). CIA World Factbook. Теллина 2008 шеран 12 августехь.(ингалс.)
  8. Состав сборной США по баскетболу всех времен: D(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). USA Basketball. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 9 февралехь. Теллина 2008 шеран 16 июнехь.(ингалс.)

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]