Куш (паччахьалла)
Историн пачхьалкх | |
Куш | |
---|---|
![]() |
|
Вайн эрал IX — VIII бӀешо хьалха — гергга 350
|
|
Коьрта гӀала |
Напата Мероэ |
Йаккхий гӀаланаш | Напата, Мероэ |
Кар-кара далар | |
← Керма паччахьалла | |
Аксуман паччахьалла → | |
![]() |
Куш йа Мероитийн паччахьалла[1] — вайн эрал IX йа VIII бӀешо хьалхарчу заманара IV бӀешо кхаччалц, хӀинцалера Суданан мехкан къилбаседа декъехь (Нубехь) хилла шира паччахьалла[1].
Кхоллаялар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Куш ю оьздангаллин а, политикин а когаметтаерг хьалхарчу Керма паччахьаллин, иза хилла Мисран ладаме мостагӀ, амма схьаяьккхира Тутмос I-чо.
Дуьххьарлера кхиина юкъараллаш хаало Нубехь, Мисран Хьалхара некъийн (вайн эрал 3100—2890 шераш хьалха) заманахь. Вайн эрал 2500 шо гергга хьалха мисархой къилбехьа гӀерта буьйлабелира, цаьргара бу Кушах болу хаамаш. И экспанси сацийра Мисран юккъера паччахьалла йожаро а, кушитийн бартхой болу гиксосаш тӀелатаро а. Керла паччахьалла хӀоттийначул тӀаьхьа, вайн эрал 1550 шо хьалха, мисран экспанси карлаелира, амма хӀинца царна дика кечам бина дуьхьало йира. Историкийн шеко ю, дуьхьало цхьацца гӀаланаш йира йа ерриг цхьаьнатоьхна империно йира. Иштта къийсамаш бу дӀахьуш, паччахьалла кхоьллина меттигера бахархоша йа Мисрара чуеина. ТӀелатар бахьнехь регион Тутмос I-чун куьйгакӀела, Мисран долаелира. Цуьнан эскаро гӀолоцура Ӏедалан цхьа могӀа гӀопаш бахьнехь. Нуби, Нилан доьалгӀа а, пхеалгӀа а тархаш тӀе кхаччалц, юкъатуьйхира Мисран, пхеа бӀешеран куьйгакӀела яхара пирӀунан сардалашна, церан даржах олура Кушан паччахьан кӀант. Керла паччахьалла йохарца вайн эрал хьалхара 1070 гергга шерашкахь, Куш хилира маьрша пачхьалкх, коьрта шахьар Напата[2] а йолуш.
Коьрта шахьар Напатехь йолу паччахьалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вайн эрал 780—755 шераш хьалха Лакхара Нубин Мероэра Нилан кхоалгӀа тархе кхаччалц мохк цхьаьнатоьхна бара Аларан куьйгакӀела. Алара лорура кушитийн паччахьан некъий кхоьллинарг, шен когаметта болчара — XXV, Мисран кушитийн некъий. Паччахьалло совбоккхура шен Ӏаткъам, Аларан тӀаьхьа возу Каштан урхаллехь, къилба Мисрахь (Элефантина а, Фива а областашкахь) коьртехь бара. Каштас дийзийтара пирӀунан Такелот III-гӀачун цхьаьна цӀийх йолу йишин, Амонан зуда лоруш йолу Шепенупет I-чун, шен йоӀ Аменирдис I шен когаметтахилар дери дайта. Цул тӀаьхьа Фива яхара Напатан куьйгакӀела. Паччахьаллин Ӏедал уггаре чӀагӀделира Каштал тӀаьхьа хиллачу Пианхин урхаллехь, цуо яьккхира ерриг Мисар 20 шо долуш, йолийра XXV-гӀа некъийн юьхьиг.
Вайн эрал 671 шо хьалха ассирийхой Мисран тӀелетча, Куш юха а хилира Мисрах къаьстина пачхьалкх. Мисар куьйгакӀела яло гӀоьртина тӀаьххьара кушитийн паччахь хилла Тануатамон, амма вайн эрал 664 шо хьалха боккха иэшам бина цунна ассирихоша. Цул тӀаьхьа паччахьаллин Ӏаткъам Мисрахь лагӀбала болабелира, вайн эрал 656 шо хьалха сецира XXVI-гӀа некъий кхоьллина волу Псамметих I-чо , ерриг Мисар цхьаьнатуьйхира шен Ӏедал кӀела. Вайн эрал 591 шо хьалха мисархой Псамметих II-гӀачун куьйгаллехь тӀелетира Кушан, тарло, Кушан урхалча Аспелта Мисран тӀелата кечам беш хилла хила, цара талораш дина, ягийра Напата.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Мероэ и Куш
- ↑ Morkot, Roger G. "On the Priestly Origin of the Napatan Kings: The Adaptation, Demise and Resurrection of Ideas in Writing Nubian History" in O'Connor, David and Andrew Reid, eds. Ancient Egypt in Africa (Encounters with Ancient Egypt) (University College London Institute of Archaeology Publications) Left Coast Press (1 Aug 2003) ISBN 978-1-59874-205-3 p.151