Куру (пачхьалкх)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ведийн муьрехь Куру паччахьалла лаьттина меттиг.

Ку́ру (санскр. कुरु) — хӀиндо-ариен тайпана кшатрийн[1] а, цара ведийн муьрехь ХӀиндиера куьйгалла ден, тӀаьхьуо Махаджанападех цхьаъ хилла йолчу пачхьалкхан цӀе а ю. Куру паччахьалла лаьттина таханлера Харьянан а, Делин а кӀошташкахь, иза хилла дуьххьарлера политикан центр хӀиндо-ариешан ригведин муьрал тӀехьа. Кхузахь йуолийна кодификаци а, редакци а ян ведийн тексташна. Дукхаха болу Ӏилманчаша дийцарехь, Куру паччахьаллин мур богӀу Ӏаьржа а, цӀиен а кхийран оьздангаллин (вайн эрал XIIIX бӀешераш хьалхара) археологин мурца. Нийсса оцу хенахь ХӀиндин субконтинентехь эчиг гучудаьлла лору, иза дуьххьара хьахийна ду «Атхарваведехь» «Ӏаьржа маьӀда» аьлла. Оццу Ведехь (XX.127) Парикшитах олу «Курун паччахь».[2] Парикшитан кӀант, Джанамеджая, хьахийна «Шатапатха-брахманехь» а, «Айтарея-брахманехь» а. Куру паччахьалла кхин а сих-сиха хьахайо тӀаьхьараведийн литературехь.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Law, B.C. (1973). Tribes in Ancient India, Bhandarkar Oriental Series No.4, Poona:Bhandarkar Oriental Research Institute, p.19
  2. Raychaudhuri, H.C. (1972). Political History of Ancient India: From the Accession of Parikshit to the Extinction of the Gupta Dynasty, Calcutta:University of Calcutta, pp.11

Bharata Bhumi aur Unke Nivasi, 1930, pp 297—304, Jaychandra Vidyalankar; Abhidharamkosa, Vasubandhu, Varanasi, 1930, 3/57; Yuan Chwang p 32-35

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]