Курбанов, Лечи Алхазурович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Лечи Алхазурович Курбанов
LechiKurbanov2016.jpg
Шех лаьцна
Бакъ цӀе

оьрс. Лечи Алхазурович Курбанов

Гражданалла

ССРС СССРРосси Росси

Клуб

Kyokushin Kaikan

Вина терахь

1978 шеран 9 апрель({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (40 шо)

Вина меттиг

Гуьмсе, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Говзалла

Карате

Локхалла

180 см

Йозалла

Абсолютни

Лечи Алхазурович Курбанов (1978 шеран 9 апрель, Гуьмсе, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн каратист а, кикбоксер а. Масийттуза Российн чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а. Халкъашна юккъера классан спортан говзанча. 8-за дуьнен абсолютни чемпионатан совгӀатхо. ГӀарваьлла шен юхавирзина цӀеххьана ког тохаран бахьнехь[1]. Карате Кекусинкай Российн вовшахтоьхна тобанан декъашхо хилла ву иза.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Лечи Курбанов вина 1978 шеран 9 апрелехь. Цуьнан да вара Алхазур Хамидович, нана яра Таус Абдулаевна. Иза вара цера шозлугӀа бера. 13 шо кхаьчча иза каратэ аьха волавелира.

2008 шарахь цуьнан букъ чӀогӀа лазийра. Амма иза тавелчула тӀехь летачара ца сецира[2].

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Ткъа шо кхаьчча цо дейт шо кхаьчна йоӀ Марьям ялинера. Цера ши бера ду — кӀант Мохьмад а, йоӀ Лайлан а[3].

Кхиамаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Масийттуза Российн чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а.
  • 2000 шарахь Европан чемпион.
  • 8 дуьненан абсолютни чемпионатан совгӀатхо.
  • 2002 шарахь Японин чемпионатан толамхо.
  • 2003 шарахь 8 дуьненан чемпионатехь — 5-гӀа меттиг.
  • 2005 шарахь дуьненан чемпионатехь цо еза йозаллин категорехь толам беккхира.
  • 2007 шарахь Тамешивари дуьненан 9 чемпионатан чемпион[4].
  • 2010 шарахь Ерриг Американ карате кекусинкай чемпионатан совгӀатхо[5].
  • 2011 шарахь 9-гӀа дуьненан чемпионатан декъашхо.
  • 2013 шеран 29 июнехь Соьлжа-ГӀалахь хилира Курбановн тӀеххьара латар Ичигеки дуьненан абсолютни чемпион титул къуьссуш — World Ichigeki Cup Russia 2013[6]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]