Кунья (цIе)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Ку́нья (Ӏаьр. کنیة‎‎) — Iаьрбийн цIеран дакъа, долало Абун (божаршна) а, Умман (зударшна) а тIиера, чекхдолу кIентан я йоьIан цIарца. Цхьацца меттигашкахь куньяно дика амал лелайо (масала, Абуль-Хайр, Абуль-Баракат). ЦIе а ца йоккхуш, кунья алар, Iаьрбийн лерам бар лору[1].

Iаьрбийн цIе[нисъе | нисъе чухулара]

Дукха хьолахь Iаьрбоша кунья ло воккхаха волчу кIентан цIарах, амма меттигаш хуьлу кунья кхечу кIентан я йоьIан цIарах туьллуш а. Кунья иштта яла тарло берана а, бер доцу воккхачунна а. Берашна куньяш луш, Iаьрбаша дог дохуш санна хета, шен беран доьзалхо хиллалц иза дехар долуш санна[2].

Ислам[нисъе | нисъе чухулара]

Исламан ламастехь куньян доккха маьIна ло. Имам аль-ГIазалис яздо цунах:

« АллахIан элчано Mohamed peace be upon him.svg шен асхьабийн кунья йоккхуш хилла. Деш хилла цуо иза, церан сий а, лерам а бархьама, цуьнца царна хазахетар дан а. Цкъацца цуо ша хоржура асхьабашна йогIу кунью, оцу куньяца вист а хуьлура цаьрга. Цунна тIаьххье кхечу асхьабаша а олура и кунья. Стеган бераш ца хилчи а АллахIан элчано Mohamed peace be upon him.svg кунья хоржура цунна. Цкъацца АллахIан элчано Mohamed peace be upon him.svg куньяца кхойкхура бераш а, цхьаццана ша хоржула иза. Иштта ша дукха воьзуьйтура берашна а, баккхийчарна а».

Мухаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg кунья Абуль-Къасим яра. Цуьнан кӀант хилла Къасим цӀе йолуш, жима волуш вела иза. Имам ан-Нававис шен «Азкара» жайнахь куньяш гулйина йоӀрийн цӀарах техкина куньяшца бевза асхьабийн а, табиӀинийн а[3].

ГӀуо кунья[нисъе | нисъе чухулара]

Наггахь кунья лелайо ца вашар, лерам ца хилар билгалдоккхуш. Исламан исторехь меттигаш хилла, гӀуо куньяш луш, масала, Абу Джахль (Боданаллин да), Абу ЛахӀаб (ЦӀеран да). И нах кхайкхамца дуьхьало еш бара Мухьаммад пайхамарна Mohamed peace be upon him.svg, хӀумалгаш лелайора бусалбанашна[4].

Куньях долу жайнаш[нисъе | нисъе чухулара]

Кутуб аль-асмаъ ва-ль-куна ва-ль-алькъаб (Ӏаьр. كتب الأسماء و الكنى و الألقاب‎‎) — и жайнаш лерина ду хьадисаш схьаделлачеран цыIерашна, куньяшна, лакъабашна. Иштта жайнаш хIиттадо гIалат ца бовлархьама, иэ ца янхьарма хьадисаш схьаделлачеран цIераш.

Уггаре гIарадаьлла оцу тайпана жайнаш:

Iаьрбийн меттадакъошкахь[нисъе | нисъе чухулара]

МагIрибан (малхбузан) Iаьрбаша дешан хьалхара элп ца доьшу أبو меттана بو, аьлчи а Абу дешан меттана яздо, деша а доьшу Бу. Масала:

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Кунья // Люгатнаме Деххода. — Тегеран: Изд-во тегеранского университета, 1373 г.х.. — Т. 11. — С. 16452.
  2. Кулиев Э..
  3. ан-Навави Аль-Азкар мин калам саййид аль-абрар. — Бейрут: Дар аль-минхадж, 1425/2005. — С. 481-482.
  4. Шиитская энциклопедия.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]