Кул Шариф

55°47′53″ къ. ш. 49°06′19″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маьждиг
Кул Шариф
«Кол Шәриф» мәчете
Пачхьалкх  Росси
Регион ГIезалойчоь
ГӀала Казань
Адрес Казанан кремль
Координаташ 55°47′53″ къ. ш. 49°06′19″ м. д.HGЯO
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
Архитекторш Латыпов Ш. Х. а , Сафронов М. В. а, Саттаров А. Г. а, Сайфуллин И. Ф. а
ГӀодархо 40000 бахархой а, организацеш а
ГӀишлош яр 19962005 шераш
Чухоам 1700 стаг
Локхалла 58 метр
ГӀирс гранит[d], мрамор[d]
Сайт kazan-kremlin.ru/muzej-z…
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кул Шариф (гӀез. «Кол Шәриф» мәчете) 2005-чу шарахь схьадиллина Казанан а, ГӀезалойчоьнан а коьрта рузбан маьждиг[1]. Казанан кремлех лаьтташ ду. Республикин историн сийлахь меттиг санна лоруш ду.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1552 шарахь 2-чу октябрехь оьрсийн эскаро Казанан ханалла дӀалецара. Царна дуьхьало йеш эскаран хьалха ваьлла вара сеид Кул Шариф. Нана-гӀалин ларбархой бара юхацабовлуш мостагӀан дуьхьало йеш. Амма оьрсаша штурм йинчул тӀаьхьа Казанан бахархой а, церан куьйгалхо Кул Шариф а бийра. ТӀеман цӀергахь яра Казань. Иштта масийтта бӀов йолу ханаллан коьрта маьждиг а хӀаллакдира чудеанчу эскаро.

1995-чу шарахь, гуьйренан муьрехь, ГӀезалойчоьнан Президенто Минтимер Шаймиевс Буьрса Иванан армис эскаро хӀаллакдина маьждиг юхаметтахӀотто сацаман куьг яздира. Цу шарахь Ӏаьнан муьрехь конкурс кхайкхира. Цу конкурсехь дакъалецара архитекторш Ш. Х. Латыповс а, М. В. Сафроновс а, А. Г. Саттаровс а, И. Ф. Сайфуллинс а. Цара Кул-Шарифан цӀарах долу маьждиган проект хӀоттийра.

Диъ бӀе (400) миллион сом даьлла маьждиг деш. Ткъа сметан тӀехь билгалдаьккхина пхи бӀе (500) млн сом дара[2]. Иза дара сагӀан делла ахча. Шовзткъе эзар адамо а, организацеш а дакъалецира гӀоьнна ахча тосуш. Церан массера цӀерш дӀаязйина маьждиган коьрта холл чохь.

Юнкерски училищан гӀишло хилчу меттахь долийра белхаш. 2001-чу шеран аьхкенан муьрехь маьждиган гӀишло яран белхаш (цӀогол а, нартол дӀахӀотторца) чекхделира[3]. Кул Шариф схьадилланчу муьрехь Европехь а, Россехь а уггаре доккха маьждиг хилар кхайкхадира. Амма иза шайгара кхоьллина статус яра.

Архитектура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Маьждиган момсаршан локхалла шовзткъе берхӀитта метр ю. Кхин а шиъ жим мимарш ю.[4]

«Казанан куйнан» кепехь ю маьждиган нартол. Цуьнан лакхе ткъе ткъесна метр а, ткъа диаметр 17 метр ю.

Мокхаз а (гранит), шагатӀулг а Уралер бахьар. Кузанаш Иранан Исламан Республикин Урхаллин совгӀат ду. Пхи метр бес-бесара люстра а, витраж а, пенашан рельефаш хазъен хӀуманаш а, мозаика а, деши а Чехехь йина ю[5].

Маьждиг чохь туристашан экскурсеш ян шиъ балкон ю. Цул сов исламан оьздангаллин а, ИйдалтӀиехь бусалба дин даржаран историн музей а, никах деш чоь а, имаман кабинет а ю.

Маьждиган гӀишлош кӀайн шагатӀулган куц-чкъор долуш ю. Нартол а, цӀогол а бирюзан басахь ю. Маьждиган фасад кечъйина исламан тематикехь борзанан металлан йозанца. Буьйсанна маьждиг эффект йолу чиркхашца серладоккху.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Исторические памятники Казани Архивйина 2019-04-30 — Wayback Machine
  2. Webarchive-копия сайта мечети kulsharif.rin.ru. ТӀекхочу дата: 2005 шеран 7 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2005 шеран 7 сентябрехь
  3. Мечеть Кул Шариф: контакты, фото, видео, никах, намаз, новости. www.kul-sharif.com. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 22 март.
  4. Комплекс мечети Кул Шариф Архивйина 2009-07-09 — Wayback Machine // Оф. сайт Казанского кремля
  5. Интересные факты о мечети Кул-Шариф