Кузнецова-Новолейник, Домникия Иларионовна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна
200px
ГӀуллакхан тайпа Авиатор
Йина терахь 1886 шо({{padleft:1886|4|0}})
Йина меттиг Российн импери
Кхелхина терахь 1962 шо({{padleft:1962|4|0}})
Кхелхина меттиг Кисловодск ССРС
Гражданалла Российн империFlag of Russia.svg Российн импери
ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС

Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна (18861962) — оьрсийн авиатор, дуьххьарлера[1] (диплом доцу) зуда-пилот.

Инженеран, Российн пилот-авиаторан, тӀаьхьа авиацин инструктор хилла волчу Кузнецов Павел Андриановичан (1875—1963) зуда.

Домникия Иларионовна майрачуьнца цхьаьна марзъелира авиацега: тӀома лелар кардерзоран лекцеш кечъеш дакъа лоцура, дика девзаш яра тӀома леларан техникан гӀуллакхаш. Амма тӀома леларан хаарш дисира Домникия Иларионовнин теори хилла. Зудчуьнгахь а, майрачуьнгахь а цхьа меттиг болу кема бен дацара, иза бахьнехь инженеран Кузнецовн аьтту бацара зуда тӀома леларан практике Ӏамо.

«Блерио» кеман уллехь даьккхина сурт

1911 шеран майхь, Петарбухехь ШолгӀа дуьненаюкъара авиацин кӀира долуш, Домникия Иларионовна гӀоьртира ша хӀаваэ хьала яла шайн доларчу кеманахь «Блерио-XI». Амма цуьнга нийсалла ца латтаелира, аэроплан лаьттара айба а елла, хьевзина, охьаюьйжира лаьттан тӀе.

Файл:Kuznecova DI.jpg
Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна

Кузнецован шена башха хӀума ца хилира, амма кхин тӀема яла цуьнан лаам ца хилира. Таккха а, Петарбухан «Вестник воздухоплавания» (ХӀаваа леларан хаамча) журнало (1911 шеран № 9) олу Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовнех «Дуьххьарлера оьрсийн зуда-авиатор».

1911 шеран 5 июнехь «Петарбухан газето» зорба туьйхира майрачу йоьӀан суьртан. Суьртан тӀиера йозано бохура: «Дуьххьарлера оьрсийн зуда авиатор — Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна».

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

КузнецовгӀеран доьзалан деха а, ирсе а дахар хилира. Павел Андриановича дӀадаьхьира шен авиацин гӀуллакх. 1912 шарахь Владивостокехь ладаме бохам хиллачул тӀаьхьа — дехха дарба а лелийна йитира шен авиацин карьера. Авиатор вирзира шен хьалхалерачу гӀишлошъярхочун говзалле.

Домникия Иларионовна яхара театран говзалле. Актрисин карьера дикка аьтту болуш хилира. Режиссёран ролехь а хьаьжира иза болх бан.

Ирсе доьзал баха хиира Кисловодскехь. Дуьххьарлера Российн зуда-авиатор елира 1962 шарахь Кисловодскехь, 76 шо хан йолуш.[1]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]