Кузнецова, Христина Анатольевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Ти́на
Tina at J&M School concert (150529) (2).jpg
Коьрта хаам
Юьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна
Йина терахь 1982 шеран 16 август({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Говзаллаш йишлакхархо, композитор, аранжировщик
Пондарш фортепиано, Ӏад хьокху пондар, калюка, кугиклаш
Жанраш джаз, фанк, фьюжн, эйсид-джаз, поп, оьрсийн фольклор, рок
Коллективаш Zventa Sventana, My-Ti, Project С4
Лейблаш Музыка са чуозар
http://www.tinamusic.ru


Кузнецова Ти́на, юьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна (1982 16 августехь, Казань) — российн йишлакхархо, композитор, аранжировщик. Музыкан проекташ Zventa Sventana, My-Ti кхоьллинарг а, вокалхо а (Усачёв Юрийца цхьаьна («ТӀейогӀур йолчу заманара хьеший»). Хьалхара канал тӀиера «Аз» (2-гӀа шо) телевизионан проектан финалхо Пелагеян командехь. Еха Москохахь.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Да — Кузнецов Анатолий Гаврилович, вина 1943 шарахь ГӀАССР Октябрьски кӀоштара Нурлат поселкехь. Чекхъяьккхира МФТИ. Физик, хьуьнарча.

Нана — Кузнецова Елена Борисовна (ден фамили Коваленко) йина 1947 шарахь Николаев гӀалахь, УССР. 1972 шарахь чекхъяьккхира Казанан Пачхьалкхан Консерваторин «пианистка» говзаллица. Болх бира Н. Рахлинан урхаллин оркестрехь концертмейстер, КПК ССМШ юкъара фортепианон хьехархо, Казанан № 8 йолу БМИ фортепианон хьехархо.

Цуьнан дас нан ялийра 1974 шарахь Зеленодольск гӀалахь. 1980 шарахь кхелхира Казане. Тина жимаха долу берд у доьзалехь. Цуьнан воккхаха волу ваша ву Кирилл, йиша а ю Мария.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пондар тӀе Тина юьйлира 4 шо долуш[1]. Нанас ша Ӏамайора йоӀ музыке. 6 шо долуш дуьйна Тина доьшуш яра музыкан ишколехь, иза чекхъяьккхира фортепианон классехь, ткъа 7 шерах 5 шарахь Ӏамийра кхин а Ӏад хьокху пондар. Кхин а дийшира Казань гӀалан фольклоран-этнографин «Оберег» (ХӀайкал) студехь.

1997 шарахь деша хӀоьттира Казанан музыкан доьшийле фортепианон классе, яра яккхий пианисткан перспективаш[2]. Кхин дӀа деша Нидерландашка кхалха кечъеллера. Амма, джаз езаелла, атта боцу харжам бира, II курсера дехьелира джазан-эстрадан декъе джазан фортепианон классе, хьехархо А. Маклыгин волчу. Оццу хенахь, 1999 шарахь дуьйна, Тина аьттонца Ӏамош ю вокал, цуо сихха деира цунна масех лакхара совгӀат республикан а, ерригроссийн а къовсамашкахь, уггаре ладамениг царех хилира 2000 шеран Петарбух гӀалара «Невская Лира» къовсаман Гран-при.

Тинас йишлакхархочун карьера йолийра «Аз 2» проектехь дакъа лацале дуккха а хьалха. Сих-сиха Москох эхаро лаам бира кхин дӀа кхиа нисса оцу музыкан хьолехь. Коьрта шахьрахь махкахо пианист Гатауллин Ренат а вевзий, Тинас цуьнца дуэт йо, дукха хан ялале дакъа лоцу фестивалехь «Сийна олхазар» джаз-клубехь, цунна цигахь юха а ло уггаре дика джазан вокалан Гран-при. Жюрин декъашхой — А. Кролл, И. Бриль, А. Грин, Ю. Саульский. Нисса Саульский Юрийн гӀоьнца, Тина дехьайолу (бюджетан бух тӀехь) Пачхьалкхан музыкан эстрадан-джазан говзаллин ГнесингӀеран цӀарах доьшийле (ПМЭДГД) III курсе, говзалла «Эстрадан-джазан вокал» йолуш[3].

Тинин цул тӀаьхьара боккха болам хилира 2006 шарахь шен Проект «Zventa Sventana» кхоллар[4], иза оьрсийн аутентични фольклоран бух тӀехь ю. Шен башха некъ каро лууш, 2004 шарахь иза яхара «Российн оьздангаллин денош Таиландехь» фестивале. Цигахь ша гайтира солон йишлакхархо санна а, С. Старостинан[5], В. Волковн, А. Герасимовн трио юкъахь[6] (r.i.p.). Москох цӀайирзина, «Дом» (ЦӀа) клубехь хилла «Российн фольклор» фестивалехь евзира Романова Алёна, цуьнан вокалан а, лакхаран а говзаллин мах хадийна, кхайкхира шен Проекте[7]. Тобан саунд-продюсер хилира Усачёв Юрий. 2006-гӀа шеран бӀаьста къевлина «PLAYBOY OLMECA CLUB» синкъерамехь «Zventa Sventana» гайтар лерира аьттонца болу болам. Алёница цхьаьна Тинас масийттаза экспедицеш йира Российн центран эвланашкахула, цигахь цара хаьржира шен хьалхарчу 2006 шарахь араяьллачу «Бала хьегар» альбоман гӀирс[8]. Цунна чуяхара лирикан эшарш, забарен байташ, аганан иллеш, синмехаллин байташ[9].

Фестивалаш а, тайп-тайпан гӀуллакхаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2004 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Ethnoland»
  • 2008 — «Къоман Москох»
  • 2007 — Фестиваль «jazzQ», Петарбух гӀ.
  • 2008 — Фестиваль «zajazz», Харьков гӀ.
  • 2007 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Moscow Fashion week»
  • 2008 — «Мy-Ti» проектан презентаци, «16 тонн»клуб, Москох гӀ.
  • 2009 — «Российн де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Малхбален Европан Рок-Джаз фестиваль, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2009 — KremlinLIVE-1, г. Казань
  • 2010 — Опера «Bobble», Bobby M’cFerrin перформанс[10]
  • 2010 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2010 — Фестиваль LadyInJazz, клуб Jagger, Петарбух гӀ.[11]
  • 2011 — Будапешт гӀалара Дуьненаюкъара джазан фестиваль, Мажарчоь
  • 2012 — Фестиваль «Масленица», Лондон гӀ., Йоккха Британия
  • 2013 — Джазан фестиваль, Тракай гӀ., Литва
  • 2013 — «Динан музыка» цӀе йолу Дуьненаюкъара синмехаллин музыкан фестиваль, Казань гӀ.
  • 2013, август-декабрь — Хьалхара канал тӀиера Проект «Аз-2», финалхо
  • 2014, 19.02 — Солон концерт «16 тонн» клубехь, Москва гӀ.[12]
  • 2014, 06.04 — КРК «Пирамидехь» солон концерт, Казань гӀ.[13][14]

Диканаш даран гӀуллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2007 — «Москохан экологи»
  • 2007 — Композиторийн цӀийнан Дуьненаюкъара джазан фестиваль
  • 2007 — «Бала хьегар» альбоман презентаци, Москох гӀ., клуб «16 тонн»
  • 2007 — «Roza mira 2007» vinzavod
  • 2007 — «Са чуозар»
  • 2007 — Йоко Оно ярна сийдеш хӀоттийна концерт, Москох гӀ.
  • 2008 — Russian act N4, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — Музейшан буьйса
  • 2008 — «Roza mira 2008» РАКТ
  • 2008 — «Са чуозар»
  • 2008 — «ХӀокху заманан говзаллин де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — С. Кляйна суьртийн гайтам дӀабелларна а, Мадонна ярна а лерина концерташ, Москох гӀ.
  • 2008 — Сэр лорд Фостер Норман варна лерина концерт
  • 2012 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2013 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2014 — «Доьзал — дахаран хьост» гӀуллакхан гуран чохь концерт, «Метрополь» отель, Москох гӀ.
  • 2014 — «Музыкан буьйса», Москох гӀ.[15]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Сергей Бирюков. Тина Кузнецова: Будь искреннее - и слушатели пойдут за тобой (оьр.). Газета «Труд» (№039 20.03.2013).
  2. Мария Максимова. Казанские педагоги о секрете успеха Тины Кузнецовой (оьр.). Газета «Аргументы и факты» (№50 11.12.2013).
  3. Егор Арефьев. Участница проекта «Голос» Тина Кузнецова: Сувенир для Пелагеи я несла три года (оьр.). Газета «Комсомольская правда» (10 декабрехь 2013).
  4. Блог о Zventa Sventana с историей группы и репортажами с концертов.
  5. Елена Боброва. «Главное, чтобы не было фальши» (оьр.). Газета «Невское время» (17 апрелехь 2014).
  6. Архив афиши «Волков-трио» за 2004 г..
  7. Zventa Sventana. Настоящее прошлого (оьр.). Портал «Мидгард-Инфо» (5 декабрехь 2013).
  8. Группа Zventa Sventana (Звента Свентана) (оьр.). Сайт «Русская народная песня. Ой вы, кумушки...».
  9. Группа «Zventa Sventana» (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Телеканал 100 ТВ, программа «100Процентный звук» (16 апрелехь 2009). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 24 октябрехь. Теллина 2014 шеран 21 октябрехь.
  10. Бобби Макферрин представит в Москве оперу-импровизацию (оьр.). Интернет-издание Lenta.ru (19.21.2010).
  11. Zventa-Sventana на Третьем Фестивале LADY IN JAZZ в Клубе Jagger, Санкт-Петербург (оьр.) (11 апрелехь 2010).
  12. Тина Кузнецова дала первый сольный концерт после «Голоса» (оьр.). Сайт 7days.ru (20 февралехь 2014).
  13. Алия Шарафутдинова. Тина Кузнецова в Казани: финалистка «Голоса» о детстве, вере и фольклоре (оьр.). Газета «Аргументы и факты» (№15 08.04.2014).
  14. Юрий Усачев о своей жене: «По-татарски Тина меня говорить еще не научила» (оьр.). Портал ProKazan.ru (6 апрелехь 2014).
  15. В московской акции «Ночь музыки» примут участие выпускники телешоу «Голос» (оьр.). Интернет-издание Lenta.ru (30 сентябрехь 2014).