Кузнецова, Устинья Петровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кузнецова Устинья Петровна
Йина терахь 1757({{padleft:1757|4|0}})
Йина меттиг Яицкан гӀала, Российн импери
Кхелхина терахь 1808 шеран 30 ноябрь({{padleft:1808|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Кхелхина меттиг Кексгольм
Гражданалла  Российн импери
Майра Е. И. Пугачёв Петра III цӀарца

Кузнецова Устинья Петровна (1757 — 18 (30) ноябрехь 1808 шерашкахь) — яицкан гӀазакхий, 1773—1775 шерашкахь Ахархойн тӀом болчу хенахь маре еллера Е. И. Пугачёвга, тӀаккха кхайкхийра «керла император-аьзни». Шех «император Петр Фёдорович» ву аьлла волу Пугачёвс гӀазакхийн зуда йалоро паччахьех хиларх шеко кхоллийра гӀаттамхошна йукъахь. ГӀаттам эшначул тӀаьхьа суьдан кхело Кузнецова Устинья бехказа йаьккхира, тӀаккха а хьажийра Кексгольман гӀопе, шен дахаран йисина хан чохь йаьккхина ала мегар долуш йара иза.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Маре йахарал хьалхара хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кузнецова Устинья яицкан гӀазакхийчуьн Кузнецов Петран йоӀ йара, Яицкан эскарехь эскаран партин агӀонча а, 1772 шеран гӀаттаман декъашхо а. 1774 шеран январехь цуьнан дара 17-гӀа шо, оцу хенахь Яицкан гӀалан доккхаха долу дакъа гӀаттамхойн карахь дара, цара гуо лаьцнера гӀалан гӀап чохь къовлабелла («ретраншменте») правительствон гарнизонан эпсарийн а, салтийн а, Ӏедалан тешаме бисина старшина нагӀора гӀазакхийн а. Январан шолгӀачу декъехь гӀаттаман тхьамда, шех «император Пётр Фёдорович» вина Емельян Пугачёв, кхечира Яицкан гӀала гуо лаьцначу Оренбургера, ретраншментан тӀелеташ ша куьйгалла дархьама. 21 январехь мина эккхийтира ретраншментан гуонахьарчу вал бухахь, цул тӀаьхьа тӀелата хьевсира, уьш йухатуьйхира правительствон гарнизоно бакхий иэшамаш беш тӀелетачарна. Пугачёв омар дира кхин мина йолла ахка Михайло-Архангельскан килс кӀелара аьлла, кхин тӀе а схьагулде тоьпан молхийн резерваш гӀопашкахь а, чӀагӀонашкахь а Лаха-Яицкан дистанцехь. ВШина тӀелатарна йукъахь гулбира эскаран гуо, цигахь ша-шех император винчо метахӀоттийра Петром I дӀадаьккхина шира Ӏедал, цуьнца гӀазакхийн бакъо йара шайн атаманаш харжа. Яицкан эскаран керла атаман хаьржира Каргин Никита, эскаран старшинаш хилира Перфильев Афанасий а, Фофанов Иван а.

Эскаран гуо чекхбаьллачул тӀаьхьа «императоран» ловзар хилира яицкан гӀалагӀазкхийн йоьӀца Кузнецова Устиньяца. ГӀевттинарш иэшийначул тӀаьхьа лебечу яицкан гӀазакхаша а, ша Пугачёвс а тайп-тайпана дуьйцура Устинья ялайаран хьал. Ша Пугачёвс и дагадеанарш яицкан къаной а, шен яицкан гӀазакхех гергара накъостий а бара бахара. Цуо дийцарехь, 1774 шеран январь чекхболуш и волчу веира тхьамда Толкачёв Михаил а, кхин а Овчинников, Каргин, Пьянов, кхин а тхьамданаш, бакхий нах, яицкан мехкарех цхьан а мааре йуьгур йарий ахьа аьлла. Пугачёв реза ца хилира, тӀаккха Россехь шех цхьан а тешар вац аьлла. «Тхо тешна, йерриг Росси тешар йу, тхоьлла а — сийлахь яицкан гӀазакхел алсама. Ахьа зуда ма-йалийна, дерриг Яицкан эскар хьуна муьтӀахь хир ду!» ГӀазакхаша нускал билгалдаьккхира, иза хилира Кузнецова Устинья, хӀунда аьлча, тидам бинера, Пугачёвс цхьаьна синкъерамехь цунна тӀе бӀаьрг билларна: «И йоӀ дика йоӀ йу, цхьаьна эшшара ю». Иштта аргументел тӀаьхьа Пугачёв, дийцарехь реза хилира[1].

Толкачёв Михаила ша лаьцначул тӀаьхьа, кхечу агӀора дийцира, Пугачев зуда яло лууш вара, ткъа уллера накъостий иза йухаваккха гӀиртира: «Собар дан деза. Ахьа ца кхоьллина хьайн низаме паччахьалла!» Амма Пугачёвс, дийцарехь, ша бохург тӀедаьккхира, тешийра, оцу гӀуллакхехь боккха пайда хиларх, амма ца кхетийра хӀун пайда бу. Баккхий нах иза тӀетаӀарна йухабевлира, дукхаха дерг, иштта кепара цара шайн кхин гӀалара зудабераш «амператоран» бӀаьргах кӀелхьара дохур ду аьлла, хӀунда аьлча, хьалха шен Ӏедалан бакъонаш шен самукъадаккха цуо лелийна дера: «Цул хьалха Пугачёвс Яицкан гӀалара кхо йоӀ Берде эцна, цаьрца цхьаьна бун чохь вехира, тӀаккха бакхий наха барт бира, иштта мехкарий лечкъа ца байта, гуш цуьнан аматаш, тӀаьххьара элира цуьнга, цунах пайда белахь, эла, ялайе зуда»[2].

Зуда йехар а, «паччахьан ловзар» а[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀазакхийчуьн Кузнецовн, «яицкан император-аьзнин» Устиньян ден цӀа — хӀинца Уральскера Пугачёвн музей

Сацам бинчул тӀаьхьа, Кузнецов Петр волчу замой бахийтира — Толкачёв Михаил зудчуьнца Аксиньяца, Пугачёвн дукха веза, цуьнан секретарь, Почиталин Иван. Пугачёвс дийцарехь, цуо замошна тӀедиллинера да а, Устинья а реза дие аьлла: «Нагахь лаамца йоӀ лахь, аса йалор йу иза, ткъа реза ца хилахь, ницкъала йуьгур йац». Амма замой баьхкинчу хенахь цӀахь ца хилира Кузнецов Петр, вешийн кӀантах тезета вахна, бакхийра болу кӀентий, ткъа ша Устинья лечкъинера кхайкханза хьешех цӀенкъа бухахь. Замой йухабаьхкира масех сахьт даьлча; царна йуха а ца карийра баккхийнарш цӀахь, амма тӀаьхьара ца бевлира Устинья дуьхьала йаллалц. Цуо, дийцарехь, цхьана вешин зудчуьнца замошка «оьзда доцуш бага лейира». КхозлагӀа замой баьхкира Кузнецов волчу Пугачёвца а, шортта гӀазакхашца а. Устинья лулахошка йада гӀоьртира, амма иза йухайерзийра, цуьнан дийзира кеч а ца луш хьешашна дуьхьала йан. Иза тӀейалийра Пугачёв, цуо «декъала йира паччахьаллица», делира ахча «ши-кхо туьма», оба а йаьккхира. ЙоӀ йилхира. Оцу хенахь цӀа веира йоьӀан да, цуьнга Пугачёвс и йига лаам хилар хаийтира. Кузнецов голаш тӀе вуьйжира, бохура, йоӀ «хӀинца а жима йу, нуьцкъала ца лууш мааре йаха, паччахье йодахь а», амма Пугачевс дерриг сацийра: «Сан лаам буи за яло. Сарахь дерриг барт хилла чекхдала деза, ткъа кхана ловзар хир ду!» Тъа факт, КузнецовгӀеран доьзал гӀиртира, шайн ницкъ ма-кхочча, йоӀ «паччахье» маре йаларан «сийхха» кӀелхьара бовла, иза тӀечӀагӀдина ца Ӏа КузнецовгӀеран гергарчара, иза чӀагӀдо Пугачёвн уллера накъосташа а, царна йукъахь Почиталин Ивана а[3].

Ловзарх кӀелхьара довлалур доций хиича, сихха буьйлабелира нускалан кечамаш, уьш боьдура «паччахьан» замо Толкачёва Аксинья тӀехьажарца. Пугачёв КузнецовгӀаьргара дӀа ма-вахха, цуьнан векалш Устиньян духарш деира хин долчу ловзаргахь тӀедоха — сарафан, дегӀан тӀеюху коч, чухула юху коч, йеха цхьогалан кетар, нускалан доттагӀий а баьхкира. Дукха хан йаллале йухавеира Пугачёв гӀазакхашца, Устиньян совгӀатан ахча делира, хилира куьйга тӀе куьг тохаран Ӏадат — официалан барт невцан а, стунден а. Шаннаш хӀиттийра, Устинья невцан улле хаийра, той доладелира, той доьдуш Пугачёвс цигахь болчарна малар тӀедуьллура шен «кӀентан» Павел Петровичан а, «несан» Наталья Алексеевнин а, шен нускалан а могашаллин тӀиера. ГӀазакхаша, шайн рогӀехь, шортта дешнаш элира паччахьан Петр Фёдоровичан могашаллин тӀиера. Хьеший дӀаса ца бахара Ӏуьйре хиллалц[4].

1 (12) февралехь 1774 ш. Ӏуьйрана КузнецовгӀеран цӀенна тӀегулбелира говрахь а, гӀаш а гӀазакхий. Пугачёв, са хиллалц дахделла тойне хьаьжна ца Ӏаш, мах бар дӀа ца теттира, уллерчу накъосташца схьакхечира. Адамаш гӀоьртира Петропавловскан килсан агӀора, чу цхьаберш бен ца битира килса жима хиларна. МозгӀаршна хьехам бинера, мах бечу хенахь Устиньях «Йерригроссийн император-аьзни» ала аьлла. ТӀаьхьа, Яицкан гӀала правительствон эскарша схьайаьккхинчул тӀаьхьа, Пугачёвн а, Устиньян а мах баран Ӏидехь дакъалаьцна йалх мозгӀар, П. С. Потёмкинан омарца нахан хьалха буржолаш тоьхна, дӀахьажийра къайлаха талламан комиссе[5].

Килсара арабевлла, Пугачёв а, керла «император-аьзни» а гулбеллачеран гӀовгӀанца, кхуьйсучу йаккхий тоьпашца, беттачу гарголца бахара тхьамдан Толкачёвн цӀа чу. Нахана йукъа кхуьйсура йоьза ахча, ша Пугачёв говрахь вогӀура гӀазакхашца, Устиньян кечйинера салаз. Ловзаран той дахделира шина дийнахь, хьешашна хӀиттийнера «чагӀар, йий, моз», «ловзаргахь хилла берриг гӀазакхий чӀогӀа бехха бара». Пугачёвс совгӀаташ дора шен керла гергарчарна кетаршца, кӀадешца, «канаваташца, гӀовталшца»[6].

«Император-аьзни»[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уральскера «Пугачёвн гӀала», XX бӀешеран йуьхьиган сурт, ца дисина

«Паччахьан» резиденцин билгалдаьккхира атаман хиллачу Бородинан тӀулган цӀа, иза Яицкан гӀалахь уггаре диканиг дара. Яицкан гӀала правительствон куьйгакӀела яхча, къайлаха талламан комиссехь хеттарш дечу хенахь, Кузнецова Устиньяс дери дира, ша Пугачёвгахь марехь хилла итт дийнахь, оццул бен ца вайра цунна шен майра цӀахь. Шен маренан хенан доккхаха долу дакъа Кузнецова Устиньяс дӀадаьхьира леррина хӀоттийна гӀазакхийн зударийн а, марехь боцу маьхкарийн-«фрейлинийн» а гуонан компанехь, церан коьртехь йара «паччахьан замо» Толкачёва Аксинья. Дена а, вежаршна а бакъо еллера, тӀе а диллинера Устинья йолчу бахка, амма царна ца магадора цхьаьна шуьне хевшина хӀума яа.

ЦӀийнан кевнашкахь хӀоттийра гуттаренна а гӀарол гӀазакхех, цӀа чохь а гуттаренна а гӀарол йара Устиньяга муха дистхила деза («Хьан Императоран сийлалла») хьехам бина. Уьш бара хьовсуш Пугачевн луьра омар кхачашдойла, зуда цӀенна чуьра ара ца йалийтар. Лейечу хенахь Устиньяс а, цуьнан гергарчара а дийцарехь, массо а хенахь цуо «деш хӀума дацара гӀалин чохь доттагӀашца хабарш дийцар бен». Яикан гӀалахь Пугачёв волчу кӀезиг деношкахь Устинья гӀиртира майрачунна Ӏиттарш ян, цуо «хьалхара зуда» дийна а йолуш зуда йалорна (император-аьзни Екатерина II). Къайлаха талламан комиссин протоколашкахь дитина церан къамелаша, гойту паччахьан легендех тасаваларан Пугачёвн чӀогӀамалла:

« — Из ахӀун зуда йу суна, паччахьаллера вожийначул тӀаьхьа! Иза суна зуламхо ю!
— Хьуна цунах къа ца хета?
— Дера ца хета, амма Павлушех бен къа ца хета, хӀунда аьлча иза — сан законехь волу кӀант ву. Ткъа цуьнан, Дала Петарбухе ма-вити, сайн куьйга боккхур бу корта!
— Иза хила йиш йац, хьо цига вуьтур вац, цуьнан адамаш дукха ду — хьайниг хьалха баккха мега.
— Аса Оренбург кестта схьайоккхур йу, тӀаккха Питере а кхочур ву дуьхьало а йоцуш. Оренбург йаккхаелчахьана, берриш сунна суждане богӀур бу!
Кузнецова Устинья лейаран протоколаш[7]
»

Устинья, дукхаха болу гӀазакхийн бӀаьрехь, шен шалхаллин хьал гайта масийттаза гӀоьртинчул тӀаьхьа, Пугачёвс дихкира цунна кхин и тема мА хьейе аьлла, ирс долуш а хила, Делан Ӏамал йе, «оцу сийлалле ша хьо хьалайаккхарна». Омарца йан гӀерташехь, Толкачёва Аксиньяца къамелехь къона «паччахь-аьзнис» къайла ца баьккхира шен синтем ца хилар: «Хьажахьа. Аксиньюшка, ойла йан а яхьарий теша со ишттачу ирсех? Амма со кхоьру, иза хийцадаларна»[8].

Ца Ӏаелина Устинья шен майрачуьнга къамел деш, шеко хилар хаийтира паччахьех схьаваларх:

« — Боккъалла а вуй хьо паччахь, со шеек йу, ахьа гӀазакхий ялаярна. Суна гарехь, ахьа со Ӏехийна, сан жималла юуш ву, хьо — воккха стаг ву, со — жима йу.
— Аса цхьа хан йаьлча маж дӀайошур йу, жимлур ву.
— ТӀаккха гӀазакхашна везар ма вац!
— Цундела суна сайна а ма ца деза и маж йошу дин, амма хьуна цхьаьнна хазахетийта гӀоьртара ву.
Кузнецова Устинья лейаран протоколаш[8]
»

Амма «император-аьзнин» Устиньян майранца хуьлу къамелийн доккхаха долу дакъа кехаташ йаздар дара Яикан гӀалан а, Бердашкара Пугачёвн лагерна а йукъахь. Йаздан ца хуу Устиньян хьалхара кехаташ йаздора оцу белхана цунна улле хӀоттийна жима йоза хууш гӀазакхий Бошенятов Алексей вара, Пугачёвн хьалхара, хила ма-веззара, цуьнан долара секретарь а, ТӀеман коллегийн дьяк а Почиталин Иван вара. Кехатийн доккхаха долу дакъа дайна, дисина Пугачёвн Устиньяга йаздина цхьа кехат:

Массалел лакхарчу, дерриг карахь долчу, сийлахь стуне, император-аьзнега Устинья Петровнега, йезаш йолчу сайн зудчунга, хазахетийта лаьа дагар а ца дан лучу шерашна!

Кхузарчу хьолах цхьан дийца хӀума ца карадо: хӀинца дерг дерриг эскарца дика ду. Вукха агӀора, суна шугара хӀора денна хьал хаа лаьа. Кхуьнца цхьаьна, сан кертан тӀийра, хӀара деинчу гӀазакхийчо Фофанов Кузьмас догӀанаш а тоьхна, сан мухарш а тоьхна тӀорказ дохьара ду, иза схьа а ма делла, хьайн зал чу дилла со императоран сийлалла схьакхачалц. Ткъа Фофановца волу цхьа говрашлохкург, воуьйту хьуна, цуьнгахь йерг дӀа а ястий, хьайна луург де. Цаьрца доуьйту итт шелаг чагӀар. ДӀакхаьчначул тӀаьхьа дика хьожуш латтаде. Цул сов, яийтина юурган нисса регистр йу хьуна.

ХӀара хьуна хаийтина, сан безаме император-аьзни, вуьсу со, сийлахь паччахь

Е. И. Пугачевс зудчунга йаздина кехат[9]

Пугачёвс элех йоцу гӀазакхий ялаяро шортта шеконаш кхоьллира гӀазакхашна йукъахь, хӀинццалц тешаш хиллачеран а». Талламан комиссис левечу хенахь Почиталин Ивана ма-гайттара: «Пугачёвс зуда йалийча, халкъан шеко кхоллайелира, Пугачёв паччахь хиларх, дукхачара шайна йукъахь дуьйцура, муха хир дара паччахьо гӀазакхий йалор». Пугачевн шен гвардин бӀаьчо Мясников Тимофейс кхетадора, мичхьа гӀалатвелира Пугачёв: «…паччахьаша мил-мила а ца ялайо, ткъа массо хенахь ялайо кхечу пачхьалкхашкара паччахьан йоӀ»[10]. Амма, гӀазакхий буьззина реза бара Пугачёвца Устиньян хазаллин мах хадорехь. 1774 шеран августехь, ша Устинья Оренбурган набахте чуйоьллина масех бутт баьлчи а, гӀазакхаша йуьйцира цуьнан хазалла а, хаза куц а. ПугачевгӀеран артиллерин хьаькам Чумаков Фёдора дери дора: «Дера ваша, бакъ ду, чӀогӀа хаза йу. Суна дукха гина хазнаш, амма цул хазаниг ца гина!»[11]

Таллам а, суд а[нисйе бӀаьра | нисйе]

16 (27) апрелехь 1774 ш. Яицкан гӀалахь хиира, гӀевттина гӀазакхий Быковка эрк тӀехь хӀаллакбиний, кестта гӀалан тӀе баьчча инарла П. Д. Мансуров волу правительствон эскарийн корпус кхочур юй. ЦӀеххьана гулбеллачу гуонехь доккхаха долчу гӀазакхийн декъо сацам бира шайн атаманаш бихкина дӀабала, ретраншментехь гуо бина правительствон гарнизонан комендантан подполковникан Симоновн. Цаьрца цхьаьна дӀайелира «император-аьзни» Устинья а. 1774 шеран май баттахь иза лецначу гӀовттамхойн атаманашца цхьаьна дӀахьажийра Оренбурге. Къайлаха талламан комиссис лейира Устинья, йехарх а, ловзарх а долчу хьолех лаьцна. Къайлаха талламан комиссин йийсарехь йолчу муьрехь, Устинья, талламан куьйгалхочун П. С. Потёмкинан, наложницан хьоле кхачаран тешаллаш а ду[12].

1774 шеран октябрехь П. С. Потёмкина Устинья Казане йалийра, цигахь боьдуш бара Пугачёвн накъосташна тӀехь таллам. Оцу хенахь, Симбирскехь волчу, Пугачёвн тӀийра, меттигерачу исбаьхьалчо диллира масех портрет даьттийн басаршца. Царех цхьаъ деира Казане, Потёмкина цуьнца билгалваккхийтира таллузхо цуьнан шолгӀачу зудчунга а, Пугачёвн гергарчу накъосташка а. 6 ноябрехь Арскан арахь йира тӀехь тангӀалкх хӀоттийна лакхе, цунна тӀехь чӀагӀдира даийтина портрет. Устинья тӀейалийра лакхенна, цул тӀаьхьа цуо массарна а хезаш кхайкхийра гулбеллачу гӀалин бахархошна, портрет тӀехь — «ма-дарра долу сурт ду къизачу стеган а, ша-шен кхайкхийна паччахьан а, шен майрачун а», аьлла. И гӀуллакх чекхдаьллачул тӀаьхьа тангӀалк а, иза тӀехь йолу лакхе а, даздарца йагийра[13]

1774 шеран ноябрехь Кузнецова кхачийра Москоха, цигахь беш бара Пугачёвн а, цуьнан коьрта накъосташна а тӀаьхь беш инарлан талам. Устинья йуха леян хьашт дацара. 9 (20) январехь 1775 шарахь йинчу кхелаца Кузнецова Устинья, Пугачёвн хьалхара зуда Софья Дмитриевна (маре йахале Недюжева) берашца санна, «цхьанне зуламашкахь дакъа ца лаьцна», уьш бехказа бехира, амма дӀа ца хийцира шайн цӀа. Кхелан тӀиерачу могӀанехь дара: «гена йаккха кхел ца йеш, Урхаллин Сенато йаздинче»[14].

Оццу дийнахь, 9 январехь, Сенато сацам бира:

Ша шен паччахь кхайкхийначун зударий кхаба Кексгольмехь, гӀопера ара а ца бовлуьйтуш, шайн рицкъ лаха а, кхаба а маршо бен ца луш, цул сов хазнера хӀоранна денна 15 кепек ло

1775 шеран 9 январан Урхаллин Сенатан сацам[15]

Ишттачу кепара, Пугачёвн зударшна, формалан кхелах мукъа баьхна болушехь, делира дукха луьра чубохкаран хьал, гӀаттаман жигара декъашхошначул дуккха а сов. Иштта, Кольски острог чубоьхкинчу гӀазакхашна, сихха маршо йелира арахь баха, чӀерий лоьцуьйтура, тала а бохуьйтура тӀехь цхьан а терго а йоцуш[15].

Хьажориг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пугачёвн виеран кхел йинчул тӀаьхьа, цуьнан декъахой Москохара, Пугачёвн ши зуда а, цуьнан бераш а хьажийра Кексгольме, новкъахь ха дан хӀоттийра Нарван гӀашлойн полкан подпоручик Ушаков, 6 салтичуьнца. Туркойчоьнца хилла тӀом чекхбалар даздан Москоха йаха ойла йолу император-аьзни Екатерина II-гӀаниг гӀаттаман декъашхошца дуьхьала ца кхетийта, гӀарулийн некъаш дехкира Петарбухан гуо тосуш. 22 январехь (2 февралехь1775 ш. берашца Софья а, Устинья а кхачийра Выборге, шолгӀачу дийнахь — Кексгольме. Кексгольман гӀопехь охьахаийна йара йоккха эскаран гарнизон, аммаПугачевн зударшна а, йоьӀаршна а йелира ша йолу хӀусам Гоьрга бӀов чохь, цхьа хан йаьлча цунна шолгӀа цӀе ло ПугачёвгӀеран олий. Пугачёвн жимаха волу кӀант Трофим воьллира салтийн гауптвахтан цхьаъ вуллу камеран чу. Губернатора Энгельгардта гӀопан комендантан Доможировн хаийтира, цуьнга ларбан белла Пугачёвн доьзалан декъашхойн цӀе, суьдан сацамца, «гуттаренна йицйан а, ца йаккхар а» тӀедиллина, хӀинца дуьйна мегар дац шира фамилии йаккха а, йа кхин йерг йаккха а[15].

Кексгольман гӀопера Гоьрга (Пугачёвн) бӀов

1787 шарахь, Ӏарш тӀаьхь йолу 25 шо кхачар даздеш, Екатерина II-гӀачо дуккха а чубоьхкинчарна а, махках баьхначарна а амнисти кхайкхийра. Выборган сардалаллера омар кхаьчна — «нагахь балахь Кексгольм гӀалахь мукъа баха мегаш берш» оцу манифестца, Кексгольман гӀопан коменданта премьер-майора Гофмана кехат йаздира инарла-прокуроре Вяземскийга, оцу амнистин йукъа Пугачевн зударий а, бераш а догӀий аьлла. Вяземскийс кехат дӀахьажийра император-аьзнига, амма 1 сентябрехь статс-секретарь волу графаца Безбородкоца коста дахьийтира, «и йийсархой къайлаха бу, дийцина манифест кӀела ца богӀу, цундела уьш цигахь хьалха долчу хьолаца биса беза»[16] аьлла.

1796 шарахь ша Ӏарше кхаьчначул тӀаьхьа императора Павел I-чо йуха листира екатеринин муьрера дуккха а зуламийн гӀуллакхаш а, кхелаш а. Кексгольман гӀопе хьажийра Сенатан Къайлаха экспедицин обер-секретарь А. С. Макаров, цуьнан докладах цунна хиира, ткъа шо чохь даьккхича Пугачёвн доьзалан декъашхойн кхолламехь цхьан а хийцамаш ца хиллий: «Кексгольман гӀопахь Софья а, Устинья а, таллузхочун Пугачёв Емельянан зударий, хьалхарчун ши йоӀ Аграфена а, Христина а, кӀант Трофим а, 1775 шарахь дуьйна гӀалин чохь бохку башха паргӀатонехь, ткъа кӀант гауптвахтехь башха чоьн чохь. Уьш кхабаран мах бу хазнера 15 кепек хӀоранна а денна. Беха низамехь. ГӀопан чухула буьйлабала маршо йу, амма цунна чуьра ара ца бовлуьйту. Еша а, йаздан а ца хаьа»[17].

Цул тӀаьхьа Пугачёвн гергарчеран кхолламах, царна йукъахь Устиньях а, дагадеира Ӏарше Александр I-ра кхаьчначул тӀаьхьа. Къайлаха канцеляри дӀайаккхар бахьнехь Хьалхара зуламийн гӀуллакхашка йуха хьожу комисси 1801 шарахь хьаьжира берриг Пугачев бахьнехь кхелйинчеран гӀуллакхашка, цхьан а йукъара ца воккхуш шеш боллучехь бита аьлла сацам бира, 1787 шарахь санна Пугачёвн зуда бунтан декъашхо йира, 1775 шеран суьдан кхеле а ца хьожуш. Амма 2 (14) июнехь 1803 ш. Выборган губернин гарнизонашна инспекци йеш волчу Александрана гайтира Пугачевн зударий а, бераш а. Йийсархой шена гича, императора омар дира, маьрша баха уьш гӀопан йийсарера, бакъо йелира царна охьаховша Кексгольман гӀалан гуонахарчу эвла: «оцу хенан гӀарулех мукъабаха, ло царна гӀалахь маьрша баха меттиг, амма, кхечухьа уьш ца бахийта мал а ца луш тӀаьхь терго латтае»[18] аьлла.

Кузнецова Устинья йелира 18 (30) ноябрехь 1808 ш., Кексгольмехь чохь а, ара йаьккхина а 33 шо даьккхина. Билгала долу терахь хиира Кексгольман Рождественски килсан мозгӀаран динчу омаран могӀамашкара: «керста Ӏадатехь дӀайолла» Пугачевн шолгӀа зуда Устинья Петровна[19].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]