Кузнецова, Светлана Александровна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Светлана Александровна Кузнецова
Svetlana Kuznetsova (18447441475).jpg
Йина терахь 1985 шеран 27 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})[1][2] (35 шо)
Йина меттиг Ленинград, ССРС
Гражданалла
Еха меттиг Москох, Росси
Локхалла 174 см
Возалла 73 килограмм[3]
Карьеран юьхьиг 2000
Белхан куьг аьтту
Аьрру агӀора тохар ший а куьг
Тренер Карлос Мартинес
СовгӀатан ахча, долл. 25 389 852 $[3]
Матчаш в/п 18 WTA, 1 ITF
Уггаре лакхара меттиг 2 (2007 шеран 10 сентябрехь)
Австрали 1/4 (2005, 2009, 2013)
Франци толам (2009)
Уимблдон 1/4 (2003, 2005, 2007, 2017)
АЦШ толам (2004)
Матчаш в/п 16 WTA
Уггаре_лакхара меттиг 3 (2004 шеран 7 июнехь)
Австрали толам (2005, 2012)
Франци финал (2004)
Уимблдон финал (2005)
АЦШ финал (2003, 2004)
svetlanakuznetsova27.com(ингалс.)(оьр.)
Commons-logo.svg Светлана Александровна Кузнецова Викилармехь

Кузнецо́ва Светла́на Алекса́ндровна (1985 шеран 27 июнь(19850627), Ленинград, ССРС) — российн теннисхо, Российн спортан хьакъ долу говзанча; Боккхачу гӀеман ша ловзаран шина турниран толамхо (АЦШ теннисан йиллина чемпионат 2004 а, Францин теннисан йиллина чемпионат 2009 а); WTA 34 турниран толамхо (царех 18 ша ловзуш); хилла дуьненан шолгӀа ракетка ша ловзуш; Боккхачу гӀеман шиъ ловзаран шина турниран толамхо (Австралин теннисан йиллина чемпионат 2005 а, 2012 а); хилла дуьненан кхоалгӀа ракетка шиъ ловзуш; Российн гулйинчу командан юкъахь Федерацин Кедан кхолха толамхо (2004, 2007-08).

Россихойх уггаре дукха левзина Боккхачу гӀеман турнирийн массо а кепара финалашкахь — 11-за (4 ша ловзуш, 7 — шиъ ловзуш).

Юкъара хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Светлана йина спортхойн доьзалехь. Да Кузнецов Александр — советий а, российн а велоспортан тренер ву, кхиийна Олимпийн а, дуьненан а ворхӀ чемпион. ХӀинца иза тренер ву спортан «Локомотив» юкъараллехь. Нана Царёва Галина — 6-за дуьненан чемпион вилспеташ хахкарехь, 20 дуьненан рекорд хӀоттийна, ССРС спортан хьакъ долу говзанча. Воккхаха волу ваша Кузнецов Николай — Атлантера Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо велотрек тӀаьхь командаша тӀаьхьахахкарехь.

Светлана 7 шо долуш йолаелира теннисах ловза. Кхин а ялх шо даьлча кхин дӀа Санчес-Касалан академехь Ӏамо кхелхира Испане.

Спортан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Карьеран юьхьиг[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кузнецова йолийра говзанчийн карьера 2000 шарахь. 2001 шеран апрелехь цуо яьккхира шен хьалхара титул ITF цӀекхлора. Оцу шеран майхь Светланин дебют хилира WTA-турехь. Иза хилира Мадридера турнирехь, цига иза кхечира квалификацех чекхъяьлла. Оцу тӀегӀанера хьалхарчу матчехь цуо иэшийра испанхо Вирхиния Руано Паскуаль, ткъа шолгӀачу матчехь ийшира америкахон Лиза Реймондан.

2002 шеран январехь цуьнан дебют хилира Боккха гӀеман серин турнирашкахь, иза левзира Австралин йиллина чемпионатехь. Кхузахь а дехьелира квалификацех, Кузнецован жамӀ къовсаман шолгӀа раунде ялар хилира. Майхь Варшаверчу турнирехь россихо дуьххьара кхечира чийрик-финале. Июлехь иза чекхъялаелира Касабланкера турниран ахфинале. Оцу баттахь, Сопотера турнирехь гӀараяьллачу испанхойн теннисхочуьнца Аранча Санчес-Викариоца цхьаьна шиъ ловзуш, Кузнецовас йоккху карьерехь дуьххьарлера WTA титул. Августехь, квалификацера йолаелла, цуьнан аьтту белира Хельсинкера турнирехь ша ловзуш тола, финалехь иэшийра Дениса Хладкова, хьалхара сетехь ноль йолуш иэшнехь а — 0:6, 6:3, 7:6(2). Ишттачу турнире иза туьйлира шиъ ловзуш а, юха а левзира Аранча Санчес-Викариоца цхьаьна. Хельсинкера толамо таро йира Кузнецован дуьххьара дуьненан рейтингехь Топ-100 хьалаяла. АЦШ йиллина чемпионатехь иза дехьайолу квалификацин раундан, коьртачу машанехь иэшайо Анна Кремер а, Жанетта Гусарова а, ткъа кхоалгӀачу раундехь оьшу Сильвия Фаринел. Сентябрехь Санчес-Викариоца цуо йоккху кхин а шиъ ловзуш хӀонц Токиора турнирехь. КӀира даьлча Кузнецовега яккхало ша ловзу титул Балин турнирехь, финалехь иэшайо кхин а гӀараяьлла испанхойн спортхо Кончита Мартинес (3:6, 7:6(4), 7:5). Светланин 2002 шеран жамӀ хуьлу 43-гӀа меттиг рейтингехь. Кхин а шен аьттунан шо бахьнехь иза билгалйоккху WTA совгӀатца уггаре дика «Шеран керланиг» олий.

2003 шеран стартехь Кузнецовас шиъ ловзуш хӀонс яьккхира Голд-Костехь, цхьаьна левзира гӀараяьллачу Навратилова Мартиница. Йиллинчу Австралин чемпионатехь хьалхарчу раундехь дуьхьала нисъелира оцу хенахь дуьненан шолгӀа ракетка Винус Уильямс, Светлана ийшира 4:6, 2:6 чот йолуш. Февралехь Навратиловаца цхьаьна Кузнецовас даьккхира Дубайн къовсаман совгӀат. Майхь церан дуэто 1-ра категорин турнирехь, Румехь титул яьккхира. Дебютан зударийн цхьацца ловзучу Йиллина Францин чемпионатан къийсамашкахь Светлана ийшира хьалхара раундехь Меган Шонессица ловзуш. Уимблдонан турнирехь дика левзира иза. Дуьххьара ша левзина, Кузнецова туьйлира доьазза, елира чийрик-финале. Оцу тӀегӀанехь иза ийшира дуьненан кхоалгӀа ракеткел Жюстин Энен-Арденнал (2:6, 2:6). Август болалуш уьш юха цхьаьна нисбелира Сан-Диегора турниран ахфиналехь, юха а туьйлира Бельгин векал. Турнирехь Лос-Анджелесехь иза елира 1/4 финале, цигахь ийшира Ким Клейстерсал. Торонтон турнирехь Кузнецовас яьккхира шиъ ловзу титул Навратиловаца. АЦШ Йиллина чемпионатехь и шиъ финале кхечира. Боккхачу ГӀеман кеде кхача гӀулч йисинчу хенахь Кузнецова сацийра Вирхиния Руано Паскуала а, Паола Суареса а. АЦШ турнирехь ша ловзуш иза кхечира кхоалгӀа раунде, цигахь левзира дуьненан хьалхарчу ракеткица Ким Клейстерсца, ийшира 3:6, 2:6. Сентябрехь Кузнецовас а, Навратиловас а яьккхира кхин цхьаъ шиъ ловзуш титул турнирехь Лейпцигехь, шо чекхдоккху шиъ ловзаран рейтингехь Топ-10 юкъахь.

2004—2005. Толам АЦШхь[нисъе бӀаьра | нисъе]

2004 шо долалуш Лиховцева Еленица цхьаьна йоккху шиъ лозуш хӀонс Голд-Костехь. Российн ши йоӀ финале кхечира Йиллина Австралин чемпионатехь, цаьрга титул ца яккхаелира, ийшира Вирхиния Руано Паскуалал а, Паола Суаресал а. Ша ловзуш Кузнецова кхоалгӀа раунде елира, цигахь ийшира Жюстин Энен-Арденнал (2:6, 5:7). Февралехь уьш юха а левзира Дубайн турниран финалехь, юха а бельгихо туьйлира (7:6(3), 6:3). Турнирехь Дохехь Кузнецовас тӀаьххьара иэшийра Энен-Арденн, ахфиналан тӀегӀанехь — 6:2, 4:6, 6:3. Финалехь иза ийшира шен махкахочул Мыскина Анастасиял — 6:4, 4:6, 4:6. Шиъ ловзучу турнирехь Дохехь Светлана тоьлу Лиховцева Еленица цхьаьна. 1-ра категорин турнирехь Индиан-Уэллсехь церан дуэт финале кхечира. Турниран цхьаъ ловзучу къийсамашкахь Кузнецовас къовсам дӀабаьхьира дуьненан классификацин лидерца Жюстин Энен-Арденн, чийрик-финалехь хӀинца ийшира цулла — 4:6, 5:7. Цул тӀаьхьа йолчу турнирехь Майамехь Лиховцева а, Кузнецова а цхьаьна ловзуш финале йолу. Майхь Кузнецова финале йолу Варшавера латтан тӀехь ловзу турнирехь, цигахь оьшу Винус Уильямсал (1:6, 4:6). Оцу хенахь иза яра Топ-20 юкъахь. Турнирехь Берлинехь а, Румехь а российхо кхачаелира 1/4 финале.

Турнирашкахь ловзаран истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

2019 шеран 4 августан хьолехь

Шозза а яздина гӀурт ца бархьама, хӀокху таблицин хаамаш нисбо турнир чекхъяьлча я ловзархо оцу турнирехь дакъа лаьцна ваьлча.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Collins B. The Bud Collins History of Tennis: An Authoritative Encyclopedia and Record Book — 2 — NYC: New Chapter Press, 2010. — P. 676. — ISBN 978-0-942257-70-0
  2. Person Profile // Internet Movie Database — 1990.
  3. 1 2 Player Profile // сайт WTA

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]


СовгӀаташ
Хьалха хилларг:
Даниэла Гантухова
Шеран керланиг
2002
Когаметтаниг:
Мария Шарапова