Кузнецова, Ольга Геннадьевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Ольга Геннадьевна
оьрс. Ольга Геннадьевна Кузнецова
Гражданалла РоссиFlag of Russia.svg Росси
Вина терахь 1968 шеран 17 ноябрь({{padleft:1968|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (52 шо)
Вина меттиг
Кхийсарийн спортан тайпа даьндаргаш кхийсар (пистолет)
Спортан цӀе
Знак ЗМС России.png
Говзаллин карьера 1988 — тахане кхаччалц
Тренерш тахана Кузнецов Владимир

О́льга Генна́дьевна Кузнецо́ва (маре яхале — Клочнева; йина 1968 17 ноябрехь, Куйбышевхь, ССРС) — советийн а, российн а спортхо-кхоссархо (пневматикан пистолет). 1996 шеран Олимпийн ловзарийн чемпион. Российн хьакъ долу спортан говзанча (1996).

Спортан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кхоссаре Кузнецова Ольга еина дика тӀаьхьайисина. Музыкан доьшила чекхъяьккхина, цуо сацам бира шен ницкъаш зиен кхоссарехь, шарахь цуо кхочуш йира кхийсарийн спортан говзанчийн норматив. Ткъа кхо шо даьлча Кузнецовах хуьлу дуьненан чемпион ССРС гулйинчу командин юкъахь. Амма 1992 шеран Олимпийн ловзаршка Барселоне йоьдучу гулйинчу командин юкъа яха аьтту ца хилира.

Кузнецова Ольгин Олимпийн ловзаршкара дебют хилира 1996 шарахь Атлантехь. Пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь, цуо дика нах цецбохуш, тӀаьхьайитира шен махкахо Логвиненко Марина а, онда болгархо Гроздева Мария а, иштта хилира олимпийн чемпион.

Диъ шо даьлча Олимпийн ловзаршкахь Сиднейхь Кузнецовас сацам бира шина дисциплинехь дакъалаца. Пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь Ольга финале елира, амма цигахь 7-гӀа меттиг бен ца баьккхира. 25 метр генара Кузнецова хьалхарчу итт спортхочун юкъа а ца яхара, хилира 15-гӀа меттигехь.

2004 шарахь Олимпийн ловзаршкахь Афинехь Кузнецовас юха пневматикан пистолет 10 метр генара кхуьйсучу къийсамашкахь бен дакъа ца лецира. Квалификацин жамӀашца российн спортхочун финалан раунде яла ца тоьира цхьа очко. Кузнецовас яьккхира 9 меттиг.

Пекинера ловзаршка Кузнецова юкъа ца яхаелира, цул хьалхаелира Смирнова Светлана а, Падерина Наталья а. Ловзаршка яха аьтонза гӀоьртинчул тӀаьхьа, Кузнецовас сацам бира карьера а ца сацош, Лондонехь хин долчу 2012 шеран Олимпийн ловзаршна кечам бан. Гулйинчу командан коьрта тренеран А. С. Егрищинан сацамца, оцу Олимпийн ловзаршкахь а дакъалаца доьгӀна ца хилира цуьнан. Ольга майра йоӀ ю, куьйгаш а ца охкош кечам бан йолало шен рогӀерачу Олимпиадан.

Шен дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Майра — Кузнецов Владимир Михайлович, кӀант — Олег.

Дешар — чекхъяьккхина Куйбышевн музыкан доьшийла (1987), Самарин хьехархойн университет (1996), Самарин пачхьалкхан а, муниципалан урхаллин а академи (2012).

Пачхьалкхан совгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]