Кузнецова, Ольга Владимировна
Кузнецова Ольга Владимировна | |
![]() | |
Йина терахь | 1972 шеран 26 декабрь (48 шо) |
---|---|
Йина меттиг | Москох |
Пачхьалкх | |
Ӏилманан кхоче | экономикан географ, экономист |
Ӏилманан дарж | экономикан Ӏилманийн доктор |
Альма-матер | |
Воьвзу сана | регионан экономикан а, регионан политикан а, бюджеташна юкъара юкъаметтигийн а областера говзанча |
Кузнецо́ва О́льга Влади́мировна (йина 1972 26 декабрехь, Москохахь) — российн экономист а, экономикан географ а, регионан экономикан а, регионан политикан а, бюджеташна юкъара юкъаметтигийн а областера говзанча. Ӏилманан-талламан а, хьехархойн а белхаш бо.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
1995 шарахь тӀехдика чекхъяьккхира Москохан пачхьалкхан М.В. Ломоносовн цӀарах университетан географин факультетан дозанал арахьарчу мехкийн социалан-экономикан географин кафедра[1]. Экономикан Ӏилманийн кандидат (1997, диссертацин тема — «Бюджетан юкъара са дӀасаекъар, Германин мехкаш кхиоран куьйгаллин пачхьалкхан гӀирс»), Экономикан Ӏилманийн доктор (2002, диссертацин тема — «Российн Федерацин регионийн экономика кхиоран федералан куьйгалла»). РӀА профессор (2015).
1996—2003 шерашкахь болх бира РФ Правительствон экономикан хийцамийн белхан центрехь, 1998 шарахь дуьйна — политикан декъера регионийн экономикан декъан хьаькам[2]. 2003—2005 шерашкахь — РФ Правительствера Халкъан бахаман академин Регионийн талламийн центран директор. 2005 шарахь болх бан дехьаяьлла Российн Ӏилманийн академин Системан анализан институте[3].
Хьехархойн гӀуллакх лелош ду 1995 шарахь дуьйна, Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетехь а, РФ Президент волчура Российн къоман бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а академехь, кхечухьа а лекцеш йоьшу. 2005 шарахь дуьйна — Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетан географин факультетан Российн экономикан а, социалан а географин кафедран профессор (кхечу белхаца цхьаьна бо)[4].
2015 шарахь «Росси: социалан-экономикан географи» жайнин авторийн коллектив юкъахь делира Н. Н. Баранскийн цӀарах совгӀат, иза ло Российн географийн-юкъараллаӀаморхойн ассоциацис.
Куьйгалхо а, декъашхо а хилла иттаннашкахь талламийн проектийн, царна юкъахь дуьненаюкъара а.
Российн Федерацин Президент волчура Ӏилманех а, дешарех а йолу кхеташон декъашхо[5].
Публикацеш[нисъе бӀаьра | нисъе]
100 сов Ӏилманан публикацийн автор ю, царна юкъахь[6]:
- Кузнецова О. В. Экономическое развитие регионов: теоретические и практические аспекты государственного регулирования. — М.: Эдиториал УРСС, 2002[7]
- Кузнецова О. В., Кузнецов А. В. Системная диагностика экономики региона. — М.: КомКнига, 2006
- Кузнецова О. В., Кузнецов А. В., Туровский Р. Ф., Четверикова А. С. Инвестиционные стратегии крупного бизнеса и экономика регионов / Под ред. О. В. Кузнецовой. — М.: Издательство ЛКИ, 2007
- Кузнецова О. В. Основы региональной политики: учебное пособие. — М.: Географический факультет МГУ, 2012.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ СЭГЗС — О кафедре(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 3 октябрехь.
- ↑ Проблемы федерализма, местного самоуправления и территориального развития в России: научные исследования, прикладные проекты, библиография за 1990—1999 гг. / Общ. ред.: В. Н. Лексин, А. Н. Швецов. — М.: УРСС, 2000. С. 28, 347—349.
- ↑ Сайт ИСА РАН — Лаб. 6-2. Информатика и диагностика в управлении социальными и экономическими системами
- ↑ Кафедра экономической и социальной географии России МГУ :: Кузнецова Ольга Владимировна
- ↑ Государство
- ↑ eLIBRARY.RU - Кузнецова Ольга Владимировна - Список публикаций
- ↑ URSS.ru — Магазин научной книги: Экономическая география. Регионоведение
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 26 декабрехь
- Бинарш 1972 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Москохахь
- Ӏилманчаш абатца
- Географаш абатца
- Российн географаш
- Экономисташ абатца
- Экономисташ Российн
- Экономикан Ӏилманийн докторш
- МПУ географин факультетан дозанал арахьарчу мехкийн социалан-экономикан географин кафедрера арахецнарш
- МПУ географин факультетан хьехархой
- РӀА профессорш
- Зударий-Ӏилманчаш