Кузнецова, Ольга Алексеевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Ольга Алексеевна
оьрс. Ольга Кузнецова
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зуда
Пачхьалкх ССРС, РФ
Говзалла Яйн атлетика
Йина терахь 1967 шеран 23 октябрь({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})[1] (53 шо)
Йина меттиг Тамбовн областера Моршанск
Спортан карьера 1990-2001
Тренераш Юрова Нина Васильевна, Эльбаум Александр Давидович

Кузнецо́ва О́льга Алексе́евна (йина 1967 шеран 23 октябрехь Тамбовн областера Моршанск) — российн яйн атлет, юккъера дистанцин идаран говзанча. Российн гулйина яйн атлетикан командин юкъахь идана 1990-гӀа а, 2000-гӀа а шерашкахь, яьккхина детин мидал чохь йолу Европан чемпионатехь Гентехь, къоман тӀегӀанера хьалхеяккхаран толамхо а, совгӀатхо а, дуьненан рекордхо. Москохан векал. Российн дуьненаюкъаран классан спортан говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ольга Кузнецова йина 1967 шеран 23 октябрехь Тамбовн областера Моршанск гӀалахь.

Ида йолаелира меттигерачу Берийн-кегийрхойн спортан ишколехь тренеран Юрова Нина Васильевнин куьйгаллехь. ТӀаьхьа тренер хилира Эльбаум Александр Давидович. Москохан а, Москомспортан МГФСО векал.

Дуьххьара ша йовзийтира ерригроссийн тӀегӀанехь 1993 шарахь, яьккхира борзанан мидал 1500 метран ядарехь Москохахь хиллачу яйн атлетикан чохь йолчу Российн чемпионат — тӀаьхьа ца йисира кхузахь Москохан областера Подкопаева Екатеринел а, Свердловскан областера Бетехтина Натальял.

1994 шеран Российн Ӏаьнан чемпионатехь Липецк гӀалахь даьккхира борза 800 а, 1500 а метрийн дистанцешкахь — шоззе а цулла хьалхаелира Подкопаева Екатерина, Рогачёва Людмила а. Иштта «Оьрсийн Ӏа» цӀе йолчу къовсамашкахь даймохкхошца Афанасьева Еленица, Зайцева Натальица, Подкопаева Екатериница цхьаьна хӀоттийра дуьненан рекорд 4 × 800 метран эстафететехь — 8:18,71[2].

2000 шарахь Волгоградехь хиллачу Российн Ӏаьнан чемпионатехь туьйлира 1500 метран ядарехь, гайтира дуьненан шеран уггаре дика хан — 4:05,44, детин мидал а яьккхира 800 метр йодуш, Косенкова Юлийл тӀаьхьайисира. Иштта юкъакхечира российн къоман гулйинчу командин коьртачу декъе, бакъо яьккхира мехкан сий лардан Гентера чохь йолчу Европан чемпионатехь, цигахь жамӀ 4:13,45 долуш детин мидал яьккхира 1500 метр йодуш.

2001 шеран Российн Ӏаьнан чемпионатехь Москохахь хилира детин совгӀатхо 800 метр йодуш, ийшира Афанасьева Еленел, борзанан мидал а яьккхира 1500 метр йодуш — кхузахь хьалхаелира Горелова Наталья а, Задорожная Елена а. 1500 метран дисциплинехь яда езара чохь йолчу дуьненан чемпионатехь Лиссабонехь, амма тӀаьххьара юкъараелира оцу къовсамера[3].

ХӀора шарахь Моршанскехь дӀахьо ламастан кегийрхойн турнир яйн атлетикехь дуьненаюкъара классан спортан говзанчин Кузнецова Ольгин совгӀаташна[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]