Кузнецова, Мария Павловна
Кузнецова Мария Павловна | |
---|---|
Йина терахь | 1924 шеран 22 июнь |
Йина меттиг |
Судиславль, Костроман губерни, РСФСР, ССРС |
Кхелхина терахь | 2003 шеран 6 апрель (78 шо) |
Гражданалла |
![]() ![]() |
ГӀулаккхан тайпа | исбаьхьалча, художник по текстилю |
СовгӀаташ |
Кузнецова (Абрамова) Мария Павловна (1924—2003) — текстилан суьртан исбаьхьалча, РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо 1948 шарахь дуьйна, РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀатан лауреат (1975).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мария Павловна йина 1924 шеран 22 июлехь жимачу гӀалахь Судиславлехь (хӀинца Костроман область) совдегархочун Абрамовн тӀаьхьенах волчун доьзалехь. 1930 шарахь доьзал кхелхира Кинешма гӀала.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болалуш Мария Павловнин 17 шо дара. Иза балха йахара фабрике, фронтан рицкъ латторхьама. ТӀом чекхбаьлча кхелхира Иваново гӀала.
1946 шарахь «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидалца совгӀат дира.
1950 шарахь мааре йахара Кузнецов Михаил Филипповиче (агаран пхьар, ССКП декъашхо). Церан ши кӀант хилира.
Мария Павловна йелла 2003 шеран 6 апрелехь.
Дешар а, гӀуллакх а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Чекхйаьккхира Ивановон Химик-Технологин техникум говзаллица исбаьхьалча-прикладник, цул тӀаьхьа болх бан йолайелира Н. А. Жиделёвн цӀарах текстилан фабрикехь говзаллица текстилан суьртан исбаьхьалча.
1948 шарахь дуьйна Кузнецова Мария Павловна — РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо.
Шен болх бахьнехь иза махкахула кхоллараллин командировкашкахула дукха лелара, царна йукъахь ССРС хилла республикашка а (Балтикайистан а, Узбекистанан а, кхин а).
Цуьнан кӀадеш тӀиера оригиналан суьрташна дукха хьолахь лакхара мах лора исбаьхьаллин кхеташонашкахь.
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀат (1975) — Ивановн областан текстилан фабрикашкахь, шортта арахеца, лакхара исбаьхьаллин керлачу кепийн кӀадеш дарна.
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал (1946)
- «Къинхьегаман ветеран» мидал (1980)
Хьосташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сайт Артру.инфо . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 18 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 15 декабрехь Архивйина 2011-12-15 — Wayback Machine
- Бинарш 22 июнехь
- Бинарш 1924 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Судиславлехь
- Белларш 6 апрелехь
- Белларш 2003 шарахь
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал йелларш
- «Къинхьегаман ветеран» мидал йелларш
- Исбаьхьалчаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Исбаьхьалча кепан йевзаш йоцу параметраш йолу агӀонаш
- ССРС исбаьхьалчаш
- Российн исбаьхьалчаш
- ССРС Исбаьхьалчийн бертан декъашхой
- Бинарш Костроман губернехь