Кузнецова, Галина Николаевна
Кузнецова Галина | |
---|---|
Файл:Галина Николаевна Кузнецова (1900 — 1976)— русская поэтесса и писательница, мемуаристка, Париж, 1934.jpg | |
Йина терахь | 1900 шеран 10 декабрь |
Йина меттиг | Киев |
Кхелхина терахь: | 1976 шеран 8 февраль (75 шо) |
Кхелхина меттиг: | Мюнхен |
ГӀуллакхан тайпа: | оьрсийн XX бӀешеран поэт, йаздархо, оьрсийн дозанал арахьара XX бӀешеран мемуархо |
Кузнецова Галина Николаевна (майрачун фамилица Петрова; 1900 10 декабрь, Киев — 1976 8 февраль, Мюнхен) — оьрсийн поэт а, йаздархо а, мемуархо а.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]1918 шарахь Киевхь чекхйаьккхира хьалхара зударийн Плетневин гимнази, 1920 шарахь майрачунца, «кӀайчу» эпсарца, дӀайахара Истмала, цигара дехьайелира Праге, ткъа 1924 шарахь йаха хиира Париже.
Байташ а, прозаш а йазйора, 1922 шарахь дуьйна цуьнан белхаш зорбане бевлира журналашкахь «Керла зама», «ДӀадийнирг», «ЗӀе» «ХӀокху заман йаздарш», уьш хаайелира емалчашна (Иванов Вячеслав, Адамович Георгий, кхин а).
1926 шарахь Гофман Модестан йукъараллица вевзира Бунин, цуьнан йоккха роман йолайелира. Кузнецова майрачуьнца къаьстира, Бунинца йаха йолайелира.
1927 шарахь дуьйна йехира Бунинан доьзалца а, чуьрчаьрца а Грасехь.
1933 шарахь безаман уьйр тесира Степун Фёдоран йишийца Маргаритица (1895—1971)[1], 1934 шарахь дӀайахара иза йолчу Германе.
1941—1942 шерашкахь доттагӀий йуха бехира Бунинан доьзалехь.
1949 шарахь уьш кхелхира АЦШ, болх бира ВКЪКХ оьрсийн декъехь, 1959 шарахь шайн декъаца дехьабехира Женеве, дахар чекхделира Мюнхенехь[2].
Коьрта жайна
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кузнецован байташ а, проза а зорба тоьхна даккхийчех мухажирийн арахецаршкахь — «ХӀокху заман йаздаршкахь», «Керла журналехь», «ХӀаваан новкъашкахь».
1967 шарахь Вашингтонехь зорба туьйхира цуьнан «Грасан дневник», иза цуо лелийнера 1927—1934 шерашкахь. Иза хилла историн-литературин хьост хилла ца Ӏийра, цунах хилира литературин хаза хилам, авторан коьрта жайна — цул дика хӀума Кузнецовас йаз а ца йинера. Оцу жайнан мукъмашца исбаьхьаллин фильм йаьккхина Учитель Алексейс «Цуьнан зудчун дневник» (2000). Фильм чӀогӀа гӀарайелира, шортта совгӀаташ дира цунна (хьажа: [1](ТӀе цакхочу хьажорг)).
Бунинан герга хиларо билгалйоккху Кузнецован поэзи а, проза а, цуьнца цхьаьна цуьнан меттиг оьрсийн литературехь. Кузнецован цхьаьна кепара байташ лерина ду Ӏаламан; декхна, хаза гайтина суьрташ гӀайгӀане го. Цуьнан проза хиламашца къен, рефлектан йу, даиман а йоьзна йу дагалецамашца. Дика психологин дагахаамца гайтина цуо Россера харцам а хилла девддачу адамийн йукъаметтигаш.[3]
Зорбане йаханарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ӏуьйре, Paris, 1930 (дийцарийн гулам)
- Пролог, Paris, 1933 (роман)
- Зайтан беш, 1937, факсимильное воспроизведение книги 1937 года из библиотеки Вячеслава Иванова в Риме. В книге — рукой Бунина надпись-письмо с просьбой откровенного отзыва.
- Грасан дневник. Вашингтон: Viktor Kamkin, 1967
- Грасан дневник. Париж, 1974
- Грасан дневник. Дийцарш. Зайтан беш. М.: Московский рабочий, 1995
- Грасан дневник. М.: АСТ-Олимп, 2001
- Оьрсийн мухажараллин зударийн проза / Сост. О. Р. Демидова. СПб.: Рус.христиан. гуманитар. ин-т, 2003.
- Бунин а, Кузнецова а. Хуьлийла доцу говзалла: Дневникаш, кехаташ/ Сост. О.Михайлов. М.: Грифон, 2006
- Пролог. СПб: Изд-во Міръ, 2007
- Грасан дневник/ Составление, вступительная статья, комментарии О. Р. Демидовой. СПб.: «Міръ», 2009
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Степун Ф. Встречи. М.; СПб., 1995.
- Мельников Н. Г. Кузнецова Галина Николаевна // Литературная энциклопедия русского зарубежья, 1918—1940 : в 4 т. / РАН Ин-т науч. информации по общественным наукам ; гл. ред. А. Н. Николюкин. — 2-е изд. — М. : РОССПЭН, 1997. — Т. 1 : Писатели русского зарубежья. — С. 225—227. — ISBN 5-86004-086-5 (т. 1).
- Устами Буниных: Дневники Ивана Алексеевича и Веры Николаевны Буниных и другие архивные материалы: в 2 т. / ред.-сост. Грин М.; предисл. Мальцева Ю. — Мюнхен: Посев, 2005.
- Духанина М. «Монастырь муз». К истории творческих и личных взаимоотношений Г. Н. Кузнецовой, И. А. Бунина, Л. Ф. Зурова, В. Н. Муромцевой-Буниной, М. А. Степун Архивйина 2021-12-12 — Wayback Machine.
- Батшев В. Писатели русской эмиграции. Германия, 1921—2008: Материалы к биобилиографическому словарю // Литературный европеец. — Франкфурт-на-Майне, 2008. — С. 145—146.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Виктор Подлубный. Иван Бунин и огни его любви // Бизнес-Класс : журнал. — 2014. — Февраль (№ 1). — С. 34-37. — ISSN 1691-0362.
- ↑ «…Когда переписываются близкие люди»: Письма И. А. Бунина, В. Н. Буниной, Л. Ф. Зурова к Г. Н. Кузнецовой и М. А. Степун. 1934—1961 / [сост., подгот. текста, науч. аппарат Е. Р. Пономарёва и Р. Дэвиса]. — М., 2014. — Т. 3. — 714 с. — (И. А. Бунин: Новые материалы). — 1000 экз. — ISBN 978-5-85887-438-6.
- ↑ Казак В. Лексикон русской литературы XX века = Lexikon der russischen Literatur ab 1917 / [пер. с нем.]. — М. : РИК «Культура», 1996. — XVIII, 491, [1] с. — 5000 экз. — ISBN 5-8334-0019-8.. — С. 215.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бинарш 10 декабрехь
- Бинарш 1900 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Киевхь
- Белларш 8 февралехь
- Белларш 1976 шарахь
- Белларш Мюнхенехь
- Йаздархой абатца
- Оьрсийн йаздархой абатца
- Оьрсийн поэташ
- Франце хьалхара тулгӀенца кхелхина оьрсийн мухажираш
- АЦШ хьалхара тулгӀенца кхелхина оьрсийн мухажираш
- Дневникийн авторш
- XX бӀешеран оьрсийн йаздархой