Кузнецова, Вера Андреевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Вера Андреевна
Вера Андреевна Сдобникова
250px
Йина терахь 1907 шеран 6 октябрь({{padleft:1907|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1][2]
Кхелхина терахь 1994 шеран 1 декабрь({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (87 шо) я 1994 шеран 11 декабрь({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})[1] (87 шо)
Кхелхина меттиг:
Корматалла: актриса
Гражданалла:
Жигара шераш: 19281991
Театр: Ленсоветан цӀарах театр
СовгӀаташ:
РСФСР Хьакъдолу артист — 1976
IMDb: ID 0476880

Кузнецова Вера Андреевна (1907 6 октябрь1994 1 декабрь) — советийн а, российн а театран, кинон актриса, РСФСР хьакъ долу артист.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кузнецова Вера Андреевна йина Саратовхь боккхачу 6 бер долчу доьзалехь. Нана бераш кхиош Ӏийра. Иза еллачул тӀаьхьа 1918 шарахь берриг берийн бала ден кочахь бисира, иза болх беш вара театрашкахь мастер-декоратор кхайкхарца. Юккъера дешар Кузнецова Верас чекхдаьккхира хьомен Саратовхь, 1925 шарахь чекхъяьккхира 10-гӀа юкъара белхан ишкол. Ишколехь йолуш маръелира театр, ишколаца цхьаьна, 1923 шарахь дуьйна лийлира суьйренан театран студе.

1925 шарахь да веллачул тӀаьхьа Кузнецова Вера кхелхира йиша йолчу Ленинграде. Дийшира Ленинградан Белхалойн театран Пролеткультан студехь. Сценин тӀехь яра 1928 шарахь дуьйна.

1933 шеран 19 ноябрехь, Невски проспектера Голландин килсан хиллачу цӀа чохь, Кузнецова Верас ткъа актеран тобанца ловзийра А. Н. Островскийн спектаклан премьера «Хьерадевлла ахчанаш». И спектакль хӀоттийра В. Э. Мейерхольдан дешархочо режиссёра Кролль Исаака. Оцу театран цӀе елира — Керла. Мейерхольд Москоха дӀаваханчул тӀаьхьа театран куьйгалле хӀоьттира С. Э. Радлов.

Иштта 1933 шарахь Кузнецова Верех Ленинградан Керла театр кхоьллинарг хилира, оцу сцени тӀехь болх бира дӀайиллинчу дийнера (1953 шерера дуьйна — Ленинградан Ленсоветан цӀарах театр), ловзийра иттаннаш тайп-тайпан ролаш, царна юкъахь Поля («Мещанаш»), Анна («Бухахь»), Сандырева («Ирсе де»), Валя («Оьрсийн нах»), Данилова («Новкъахой»), Ефимчик («Дайн къоналла»), Надежда («Тоьпаца стаг»), Еремеевна («ЦӀодар»), Атуева («ГӀуллакх»), кхин а. Кузнецова Верин боккха лерам бора 1940—1950-гӀа шерашкахь театран коьртехь хиллачу режиссёраш Сушкевич Бориса а, Акимов Николайс а. Ленсовета театрера Кузнецован коьрта сценин накъостий бара Крюков Николай, Сушкевич Борис, Жжёнов Георгий, Петренко Алексей. Цуьнан сценин карьера яхъелира шовзткъе пхеа шере.

Кузнецован кинора хьалхара йоккха ролах хилира хилам — 1955 шарахь IX Дуьненаюкъара кинофестивалехь Каннашкахь, цунах хилира, «Боккха доьзал» фильмехь, «Уггаре дика актёрийн ансамбль» номинацин лауреат, къинхьегаме доьзалан ЖурбингӀеран нена, Агафья Карповнин роль ловзаярна.

Амма дуьненахь къобал йинчу Кузнецован, советийн режиссёраш жигара ролаш ца елира актрисина; цуьнан тоам бан бийзира кегийра ролех, суьрташкара эпизодех а.

Актрисин кинора амплуа — нана, денана, ненанана, йоккха стаг.

1933 - 1973 шерашкахьЛенсовета цӀарах театран труппехь ю.

1973 - 1994 шерашкахь Кузнецовас болх бира «Ленфильман» штатера актриса.

ДӀайоьллина Даккхийохтински кешнашкахь, майрачун а, жимахчу кӀентан Кузнецов Юрий Анатольевичан (1945—1984) а улле.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ленинградехь Вера Андреевнин вевзира актёр Кузнецов Анатолий Иванович (1905—1954), 1927 шарахь мааре яхара, ехира цуьнца иза 1954 шарахь валлалц.

Церан ши кӀант вара — Всеволод а, Юрий а. Кузнецов Всеволод (1928—2003) вара актёр, цуо шовзткъе ворхӀ шарахь болх бира Ленинградан Йоккха драман театран сценин тӀехь, дукха кинош чохь ролаш ловзийна.

Къобалъяр а, совгӀаташ а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Фильмографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Телеспектаклаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Аз дар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Person Profile // Internet Movie Database — 1990.
  2. Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF: платформа открытых данных — 2011.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]