Кузнецова, Валентина Михайловна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Валентина
Кузнецова Валентина Михайловна.jpg
Шех лаьцна
Стен-боьршалла зударийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла полюсхо, лыжашхо, радиоинженер
Йина терахь 1937 шеран 21 январь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Йина меттиг Москох
Кхелхина терахь 2010 шеран 3 сентябрь({{padleft:2010|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (73 шо)
Кхелхина меттиг Москох
Спортан карьера 1961-1962

Валентина Михайловна Кузнецова (1937 21 январь, Москох2010 3 сентябрь) — российн новкъахо, полюсхо, лыжашхо (СССР спортан говзанча), радиоинженер. Дуьненахь цхьаъ бен хилла йоцу, беккъа зударийн полюсан экспедицин тобанаш вовшахтоьхнарг а, куьйгалхо а. Экспедицис йира 16 автономийн Арктикан экспедиции а, царна юкъахь кхоъ Антарктикан а.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кузнецова Валентина йина 1937 шеран 21 январехь Москохахь. 1941 шарахь да фронте кхайкхира. Нана шина бераца дӀаяхара шен даймахка — Курскан областера эвла, цигахь а оккупацин кӀела бахара уьш. ТӀом чекхбаьлча да-нана къаьстира. Валентина дас Москоха цӀаерзийра. Ишколехь дийшира. Лыжаш маръелира, Москохан пионерийн цӀа чохь уьш Ӏамо йолаелира. ССРС чемпион хилира юниорашна юкъахь[1].

1951 шарахь дӀахӀоьттира Москохан архитектуран-гӀишлошъяран техникуме. 1955 шарахь иза чекхъяьккхира. Хьажийра Гипропищепроме техник-архитектор дарже, цигахь шина шарахь болх бира. 1-ра разрядан дика лыжашхо хиларна дуккха а дакъалецира Москохан хьалхеяккхарехь спортан «Пищевик» юкъараллин командан юкъахь.

1956 шарахь дӀахӀоьттира Москохан авиацин институтан радиофакультетан суьйренан декъе, Гипропищепромера балхара дӀаелира. МАИ физкультуран а, спортан а кафедро гӀо лаьцна 1957 шарахь дехьаяьккхира оццу факультетан дийнан декъе. МАИхь доьшучу хенахь дуккха а аьттонца дакъалецира институтан гулйинчу командан юкъахь спортан «Наука» юкъараллин лыжашан хьалхеяккхарехь.

1958 шарахь маре яхара, 1961 шарахь йоӀ хилира Ирина, метахӀоьттина говза лыжашхо санна спортан говзанчан кандидат. Юха а лакхара спортан кхиамаш бехира, ССРС спортан говзанча хилира. Мехкан гулйинчу команде кхайкхира, цхьаьна кечам бира ССРС дуккхаза а чемпионка хиллачу Колчина Алевтиница.

1962 шарахь чекхъяьккхира МАИ, Радиоприборашъяран ӀТИ (РПӀТИ) радиоинженер балха хьажийра. Шенна тема а елла, аьттонца из адӀаяьхьира.

1966 шарахь кхоьллира зударийн лыжашан команда «Метелица»[2]. 2010 шо кхаччалц йисира командан ца хийцало капитан а, Дуьненаюкъара юкъараллин «Дуьненаюкъара полюсан экспедицин-спортан центр „Метелица“» кхолламан президент а[3][4].

1966 - 2010 шерашкахь Кузнецова Валентинин куьйгаллийца кечйина дӀаяьхьна 16 автономин арктикан а, 3 антарктикан а экспедици, Скандинавин а, Къилбаседа Европан а мехкашкахула 4 автохахкар[1].

2010 шеран 3 сентябрехь Валентина Михайловна лазар кхетта сихха елира. ДӀайоьллина Востряковски кешнашкахь.

«Метелица» дуьненан полюсашкахь"[нисъе бӀаьра | нисъе]

2011 шарахь араделира Кузнецова Валентина Михайловнин Соловьева Ирина Бояновница цхьаьна яздина жайна, «„Метелица“ Дуьненан полюсашкахь»[5].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Светлана Самара Русская «Метелица», которую больше знают на западе, чем в России. Газета "На Западе Москвы" (25.05.2018). Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  2. Памяти Валентины Кузнецовой, главной Метелицы страны(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 21 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 25 январехь.
  3. Команда «Метелица». РГО-Новосибирск. Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  4. Легендарная "Метелица". Risk.Ru (28.10.2010). Теллина 2018 шеран 7 июнехь.
  5. Кузнецова В. М. "Метелица" у полюсов земли: история единственной в мире научно-исследовательской команды лыжниц уникальный опыт российских женщин-участниц арктических и антарктических экспедиций. — Паулсен, 2011. — 223 с. — ISBN 5987970644

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]