Кузнецова, Валентина Георгиевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кузнецова Валентина Георгиевна
Йина терахь 1949 шеран 8 февраль({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (75 шо)
Йина меттиг Воскресенски Мелеузан кӀошт Республика Башкортостан
Пачхьалкх:
Дешар: Уфан говзаллийн доьшийлин исбаьхьаллин дакъа, Петарбухера И. Е Репинан цӀарах Ӏаламдилларан, скульптуран, архитектурин институтан говзаллийн теорин а, историн а факультет.

Кузнецова Валентина Георгиевна (йина 1949 8 февраль , Воскресенски, Башкирийн АССР) — XX - XXI бӀешерашкара советийн а, российн а, Башкортостанан а декоративан-прикладни говзаллин исбаьхьалча. Башкирийчоьнан хьакъ долу исбаьхьалча (1998). 1983 шарахь дуьйна РФ Исбаьхьалчин бертан декъашхо. Российн Исбаьхьаллин Академин декъашхо-корреспондент (2012).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кузнецова Валентина Георгиевна йина 1949 шеран 8 февралехь Республика Башкортостанан Мелеузан кӀоштара Воскресенски эвлахь.

1968 шарахь чекхдаьккхира Уфан говзаллийн доьшийлан исбаьхьаллин дакъа, 1975 шарахь — Петарбухера И. Е Репинан цӀарах Ӏаламдилларан, скульптуран, архитектурин институтан говзаллийн теорин а, историн а факультет.

1968 шарахь дуьйна хьийхира берийн исбаьхьаллин ишколехь Стерлитамак гӀалахь, 1979—1988 шерашкахь — Уфара М. И. Калининан цӀаран оьздангаллин цӀийнан сурт дилларан говзаллин студин куьйгалхо. 2000 шарахь дуьйна йеха Москохахь, исбаьхьаллин студешкахь хьехархо болх беш йу.

Валентина Георгиевнас болх бо керамикица (сацкъар-латта, кхийра, фаянс), йо кхийра скульптураш, кхабанаш, хедарш, лелабо пенаш кечдаран белхаш.

Цуьнан белхаш ду Йоккхачу Пачхьалкхан исбаьхьаллин музей чохь, Воскресенскийн суьртийн галерейхь, «Мирас» а, «Урал» а галерейшкахь, Третьяковскийн галерейхь, Москохара Йерригроссийн декоративан-прикладни халкъан говзаллин музейхь, доларчу гуламашкахь.

Белхаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жима скульптуран агаран белхаш «Салима-апа йоьӀца» (1985); «Галина. Аьхке», (2003), «Уггаре дезаниг», (1997); «Ноналла. Лаьтташ йолу», (1999), «Сан да-нана», «Сан нана», «Автопротрет», «Аьхке», «Зударий-машарбийриш», «Пётр а, Февронья »[1].

Мифологин а, фантастикан а вастийн цикл: «Вила-паччахь-аьзни», «БӀаьсте-бере-аьзни», кхин а. Белхан сери «КӀиранден дахар».

Башкортостанан а, Российн а гӀаланашкахь йукъараллин гӀишлошна монументан-декоративан кхолламаш бо.

Гайтамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кузнецова Валентина Георгиевна — республикин, зонийн, регионийн, регионашна йукъара, йерригроссийн, йерригсоюзан, дозанал арахьара гайтамийн декъашхо йу 1977 шарахь дуьйна, берриг 200 гергга гайтамехь хилла.

  • Йерригсоюзан кегийрхойн Сийлахь Октябран 60 шо кхачарна лерина гайтам (1977)
  • Йерригроссийн «Сийлахь Октябран 60 шо кхачар» цӀе йолу гайтам (1977)
  • Йерригсоюзан «Советийн Мехкан Къона гварди» цӀе йолу гайтам (1978)
  • Йерригроссийн «Российн къона исбаьхьалчаш» цӀе йолу гайтам (1978)
  • Зонан «Урал Социалистийн» цӀе йолу гайтам (1979)
  • Йерригсоюзан къона исбаьхьачийн гайтам (1980)
  • «Советийн Росси−6» гайтам (1980)
  • Йерригроссийн «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1981)
  • Йерригроссийн дӀасалело «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1982)
  • «Советийн Росси−7» гайтам (1985)
  • Зонан «Урал Социалистийн» цӀе йолу гайтам (1985)
  • Йерригроссийн «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1987), кхин а.

Долара гайтамаш хилла: Стерлитамакехь (1979, 1994), Уфахь (1992, 1996, 1997, 1998), Салаватехь (1993—1994), Москохахь (1994, 1996, 1997, 1998, 2001, 2006, 2007), Прагехь (1998), Екатеринбургехь (1999), Липецкехь (2005).

СовгӀаташ а, цӀераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Башкирийчоьнан хьакъ долу исбаьхьалча (1998).

Российн исбаьхьаллийн академин диплом (1998).

Российн исбаьхьаллийн академин детийн мидал (2007).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Каталог. Валентина Кузнецова. Автор вступительной статьи В. Мейланд, Москва, 2000 г. (с воспр.)

«Воронцово. Глина, вода, огонь.» Москва, 2006 г., стр.58-59, (с воспр.). Журнал «Мир музея». № 12. (232). Декабрь 2006 г. стр. 18, (с воспр.)

Каталог Всероссийской выставки декоративно-прикладного искусства «На радость вам», М. 2006 г., стр. 6, 13, 41. (с воспр.)

Буклет «Валентина Кузнецова» Москва, 2007 г.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]