Кузнецова, Ариадна Ивановна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Ариадна Ивановна
AI Kuznetsova.jpg
Йина терахь 1932 шеран 27 январь({{padleft:1932|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Йина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2015 шеран 12 апрель({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Ӏилманан кхоче юкъара а, оьрсийн а морфологи, финн-угорийн меттанаш, самодийн меттанаш
Ӏилманан дарж филологин Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор
Альма-матер Кеп:МПУ филологин факультет
Ӏилманан куьйгалхо В. А. Звегинцев
Боьвзу дешархой Т. Ф. Ефремова
Воьвзу сана лингвист селькупийн меттан грамматикан авторех цхьаъ

Кузнецо́ва Ариа́дна Ива́новна (1932 27 январь, Москох2015 12 апрель, Москох) — советийн, российн юкъара а, оьрсийн а морфологин финн-угорийн а, самодийн а меттанийн лингвист говзанча. Филологин Ӏилманийн доктор, профессор. 100 сов Ӏилманан белхан автор, царна юкъахь ю селькупийн меттан грамматика (соавтораллийца) а, оьрсийн меттан морфемийн дошам а (соавтораллийца)[1].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

1955 шарахь чекхъяьккхина МПУн филологин факультет. Диплом даьккхира Юкъара а, дустаран-историн а моттӀаморан кафедрехь (Ӏилманан куьйгалхо — профессор В. А. Звегинцев); МПУ чекхъяьккхича аспирантуре яхара. 1957 шарахь дуьйна Юкъара а, дустаран-историн а моттӀаморан кафедрехь хьехархо болх бан йолаелира, ткъа цул тӀаьхьа Структуран а, прикладни а лингвистикан кафедрехь (1960 - 1990 шерашкахь а, юха 1998 дуьйна СПЛД ма коьллина)[1].

1963 шарахь чекхдаьккхира кандидатан диссертации. Тема яра «МаьӀнийн юкъаметтигаш а, церан историн хийцамаш оьрсийн меттан боламан лексико-семантийн хандешан тобанехь (XI - XX бӀешерашкахь)», куьйгалхо вара В. А. Звегинцев (болх кхин а арахецна 2010 ш.), 1989 шарахь — яздира докторан диссертаци «Параметрийн талламаш морфемикийн областера периферийн хиламийн» теманца. 1969 шарахь доцент хилира, 1993 шарахь — профессор. 1968 - 1977 шерашкахь куьйгалла дира коми-зырянашка, селькупашка, ненцашка, энцашка йолчу лингвистийн экспедешна тӀаьхь[1][2].

1991 шарахь хаьржира Финн-угорийн юкъараллин кхечу мехкийн декъашхо (Хельсинки гӀ.). 1990 - 1997 шерашкахь МПУ Финно-угорийн филологин кафедрин коьртехь яра; кафедра дӀаяьккхинчул тӀаьхьа болх бира Теоретикан а, прикладни а лингвистикан кафедрехь[1].

2000-гӀа шерашкахь къахьийгирп коьртаниг уралан меттанийн типологин баланашна тӀаьхь а, селькупийн мотт гойтуш а[1].

2015 шеран 12 апрелехь чӀогӀа цамгар лайна, 84-гӀа шо долуш Ариадна Ивановна елира.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Да: Кузнецов Иван (Ийбу) Прохорович — полковник, тӀеман топограф, схьавалар тверан ахархойх дара[3]
  • Нана: Кузнецова (Антонова) Зинаида Ивановна — ишколан хьехархо а, библиотекарь а, элех хилла[3]
  • Майра: Кобзарев Игорь Юрьевич (1932—1991) — физик-теоретик

Коьрта белхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Семантийн меттан системан кхетам а, иза талларан хьесапаш а. (Понятие семантической системы языка и методы её исследования (из истории разработки данной проблемы в зарубежном языкознании)). — М.: МГУ, 1963.
  • Селькупийн маттара очеркаш. Тазан меттан га. (Очерки по селькупскому языку. Тазовский диалект.) — М.: МГУ, 1980 (в соавт. с Е. А. Хелимским, Е. В. Грушкиной).
  • Оьрсийн меттан морфемийн дошам. (Словарь морфем русского языка.) — М.: Русский язык, 1986 (в соавт. с Т. Ф. Ефремовой).
  • Селькупийн маттара очеркаш. Тазан меттан га. (Очерки по селькупскому языку. Тазовский диалект (Учебное пособие)). — М., МГУ, 1993 (в соавт. с О. А. Казакевич, Е. А. Хелимским, Л. Ю. Иоффе).
  • Красноярскан мехкан Туруханан кӀоштара селькупаш II - III эзаршо декъалучу хенахь. (Селькупы Туруханского района Красноярского края на рубеже II и III тысячелетий (социолингвистическая ситуация и языковые изменения)). — Воронеж: Изд-во Воронежского гос. ун-та, 2007. ISBN 978-5-9273-1174-3
  • Оьрсийн боламан хандешнийн динамика XI - XX бӀешерашкахь. (Динамика русских глаголов движения с XI по XX век). — Воронеж: Изд-во Воронежского гос. ун-та, 2010.

Цунах лаьцна[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юбилейн жайнийн гуламаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Лингвистический беспредел: Сборник статей к 70-летию А. И. Кузнецовой / Сост.: Т.Б. Агранат, О.А. Казакевич. — М.: Изд-во Моск. ун-та, 2002. — 358 с. — ISBN 5-211-04759-1
  • Лингвистический беспредел — 2: Сборник научных трудов к юбилею А. И. Кузнецовой / Сост.: Т. Б. Агранат, О. А. Казакевич, Е. В. Кашкин. — М.: Изд-во Моск. ун-та, 2013. — 435 с. — ISBN 978-5-19-010876-7

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 Кузнецова Ариадна Ивановна. МГУ имени М. В. Ломоносова: Филологический факультет: Отделение теоретической и прикладной лингвистики. Теллина 2015 шеран 13 апрелехь.
  2. Кузнецова А. Экспедиции: жизнь по другим законам. Филологический факультет МГУ им. М. В. Ломоносова. Теллина 2015 шеран 25 июнехь.
  3. 1 2 Ариадна Ивановна Кузнецова (1932—2015)