Кузнецова, Анна Юрьевна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кузнецова Анна Юрьевна
оьрс. А́нна Ю́рьевна Кузнецо́ва
Кузнецова Анна Юрьевна
Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн векал
2016 шеран 9 сентябрь
Президент Путин Владимир
Хьалха хилларг Астахов Павел

Дин керста[d]
Йина терахь 1982 шеран 3 январь({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (38 шо)
Йина меттиг Пенза, РСФСР, ССРС
Вича тиллина цӀе оьрс. Анна Юрьевна Булаева
Да Булаев Юрий
Нана Булаева Татьяна
Майра Кузнецов Алексей
Бераш Мария, Дарья, Иван, Николай, Тимофей, Лев
Парти Юкъарароссийн халкъан фронт
Дешар ППХЬИ В. Г. Белинскийн цӀарах
Динлелор православи[1]
СовгӀаташ
Российн Федерацин Мохк ларбарехь къахьегарна мидал Даймехкан турпалхойн иэсан мидал Za sodeystvie lenta.png «Пенза гӀала кхиорехь къахьегарна» иэсан хьаьрк
Сайт deti.gov.ru
Commons-logo.svg Анна Юрьевна Кузнецова Викилармехь

Кузнецо́ва А́нна Ю́рьевна (йинчу хенахь Була́ева; йина 1982 шеран 3 январехь, Пензехь, РСФСР, ССРС) — россий пачхьалкхан а, юкъараллин а гӀуллакххо, бакъо ларйийриг. 2016 шеран 9 сентябрехь дуьйна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн векал[2]. Российн Федерацин Бакъйолу пачхьалкхан 2 классан хьехамча[3].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1982 шеран 3 январехь Пензехь. Да — гӀишлошъярхо, нана — инженер[4]. Ваша а ву. 1997 шо кхаччалц дийшира юккъерачу юкъарадешаран № 72 йолчу ишколехь Пензехь. 1998—1999 шерашкахь дийшира Хьехархойн № 3 йолчу лицейхь Пензехь. 2003 шарахь цӀиен дипломца чекъяьккхира Пензан пачхьалкхан университетан Хьехархойн В. Г. Белинскийн цӀарах институт «хьехархо-психолог» говзаллийца[5].

Юкъараллин гӀуллакх долийра волонтёран тӀийра — областан берийн дарбанцӀачохь дӀатесна берийн Ӏуналла дора.

2008—2010 шерашкахь кхоьллира юкъараллин вовшахтохар «Благовест» (председатель вара цуьнан майра[1]).

2011 шарахь кхоьллина, коьрте хӀоьттира «Покров» фондан, цуо гӀо дора дукха бераш долу а, таро йоцу а доьзалшна. Пензан областехь фондо таро йира демографин «Дахар — сийлахь совгӀат» цӀе йолу комплексан программа кхочушъян, цигахь коьрта агӀо яра доьзалхочух болу зударшка бераш дӀа ца дахийтаран профилактика, ткъа кхин а ламастан доьзалийн мехаллаш кхайкхор. Оццу шарахь Ерригроссийн кегийрхойн «Сан харжам — дахар а, могушалла а» цӀе йолу социалан проектийн фестиваль-къовсаман инициатор хилира, цуьнан Ӏалашо кхайкхийра доьзалийн мехаллаш кхоллар а, Ӏалашдар а, кегийрхошна юкъахь дахаран могашаллин хьал кхиоран дика ойланаш практике яхар, ноналлин гӀо лацаран гӀуллакхаш тодар, уггаре аьтту болу кхиоран хьесапаш даржор.

2014 шарахь Кузнецова Анна юкъаяхара Ерригроссийн халкъан фронтан (цул тӀаьхьа «Покровн» сихха пачхьалкхо елира грант 600 эзар сом, дахаран чолхечу хьолехь, берашца болу наной тӀеэцаран стационарца Ноналла ларъяран центр), ткъа кхин а шо даьлча Пензан кхочушдаран комитетан коьрте хӀоьттира[6]. Кузнецовас аьтту бира бер ден цӀеношна а, бер дан гӀо даран системашна а таллам бан. Шен коьрта Ӏалашонаш билгалъехира заьӀапхоойн бакъонаш ларъярехь (царна юкъахь бераш а), ткъа иштта уьш Ӏамо а, балха хӀитто а хьолаш кхоллар, лелаш долу законаш дохош заьӀпалла дӀадаккхаран дуьхьало чӀагӀъяр. Оццу хенахь иза «Российн наной» вовшахтохаран регионан декъан коьрте хӀоьттира. Кузнецован кхин дӀа карьера кхио аьтту бира президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гӀовсо Володин Вячеслава[1].

2015 шарахь дуьйна — Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин председатель[7], Пензин областан губернатор волчура Зударийн кхеташонан декъашхо. Пензин областан Юкъараллин палатин конфессешна юкъара юкъаметтигийн а, эхь-бехкан маршо ларъеш гӀолацаран а комиссин председателан гӀоьнча.

2015 шеран бӀаьста коьрте хӀоьттира кхоьллинчу РФ Юкъараллин палатин Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин[8], сентябрехь юкъаяхара социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна. Оццу шарахь РФ президента Путин Владимира куьг яздира омарна тӀехь, цуьнца, «Покров» фонд хилира президентан грантийн оператор 420 миллион соьман[1].

2016 шарахь дакъалецира «Юкъара Российн» праймеризехь, цуьнан жамӀашца декъахошна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира — 65,1 %, ткъа кхин а 66,1 % Лермонтовн цхьаьнамандатан харжаман гуонехь[8][9]. ПхоьалгӀа меттиг яьккхира Юкъара Росси партин № 15 тобанехь, цунна хьалха вара Володин Вячеслав[1]. Оццу хенахь яц цхьанне а политикин партийн декъахо[10].

Российн президентан Путин Владимиран 2016 шеран 9 сентябран Омарца хӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонан векал[11].

РФ президент волчура социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна юкъаяхара[7].

2016 шеран октябрехь Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Советан председатела Матвиенко Валентинас кховдорца 2012—2017 шерашкахь берийн доьхьа Къоман стратегин гӀуллакхаш кхочушдаран Координацин советан юкъаяхара[12].

Российн президентан Путин Владимиран 2019 шеран 15 январан Омарца 5 шеран юхахӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн Векалан дарже[13].

Берийн бакъонийн Векалан даржера гӀуллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Владимир Путин а, Анна Кузнецова а дарже хӀоттийначул тӀаьхьа планаш хӀиттош

2016 шо[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кузнецовас гойту ша чӀогӀа а, йиллина а педофилин довхо. 2016 шеран сентябрехь Российн Федерацин прокуратуре елира дехарца, берийн порнографи меттигна таллахьара Москохахь хӀоттийна Вежарийй ЛюмьергӀеран цӀарах суьртийн центран Стерджес Джокан «Эхь ца хеташ» цӀе йолу гайтам, цигахь гайтина дара дерзина кхиина берийн суьрташ[14]. 2016 шеран декабрехь кховдийра инициатива педофилийн реестр ян еза аьлла, уьш дешаран меттигашка балха бита а ца беза аьлла[15].

2017 шо[нисъе бӀаьра | нисъе]

2017 шеран январехь жигара дакъалецира гӀовгӀа а йолуш москохара доьзалера ДельгӀаьргара тӀеэцна бераш схьадохуш. Бахьана хилира берийн бешара кхиорхочо дина дӀахьедар, шена цхьаьна кӀентан дегӀа тӀехь Ӏаржйина меттигаш гина аьлла, ткъа иштта тӀаьхьа берашна АИВ карийра. ГӀуллакх теллинчул тӀаьхьа Зеленоград гӀалин социалан гӀолацаран центран психологийн комиссис сацам бира, кхин и бераш оцу доьзалехь биса йиш ца хилар, иза къобал дира Москохан Къинхьегаман а, социалан Ӏалашдаран а департаментан куьйгалхочо Петросян Владимира, цуо тӀаьххьара ДельгӀаьрца болу берийн Ӏуналлин барт бохоран сацам бира[16]. Кузнецован майра волчу, мозгӀара Алексейс хаийтира социалан машанашкахь, шена гина цхьацца материалаш ДельгӀеран зуламийн гӀуллакхера[17]. Оцу публикацина реза ца хилира цхьа бакъонаш ларйийриг, иза эргӀадъелира Векалан майрачун стенна гина зуламан гӀуллакхан къевлина материалаш аьлла[17].

Емалъяр а, гӀолацар а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Юкъараллин «Схьало педофил!» боламан координатор[18] а, «Кхерамаза бералла» боламан куьйгалхо а, Российн антипедофилийн кампанин жигархо а йолчу Левченко Аннас, 2017 шеран февралехь емал бира Берийн бакъонийн векалан Кузнецован болх:[19]

  • Берийн бакъонийн Векал волчура Юкъараллин кхеташонан декъахо а Кузнецован тӀе ца кхачавалар шортта кехаташ ца яздича;
  • Кузнецовас сацийра берийн баланаш эцна сихха регионашка эхар. Масала, Нижни Новгородан областехь «Пеликан» цӀе йолу реабилитацин центрехь цхьаьна кхиархочо юьйр яра-яцара аьлла къевсина важа йийна, Кузнецова ца яхара Нижни Новгороде, дӀахьедира, хьал шен тергонехь ду, тӀедиллина и гӀуллакх регионерачу Берийн бакъонийн векална;
  • Векал волчура Юкъараллин кхеташонан белхан тобанаш болх беш ю Кузнецован хьехамашца «цхьацца хӀиламаш» а битий, кхолла «некъан карташ а, политикин дийцаре дохкурш а».

Дайн-нанойн ерригроссийн дуьхьалонан председатела Мамиконян Марияс 2017 шеран майхь яздина диллинчу кехатехь гайтира Кузнецован белхаца доьзна цхьа могӀа реза доцу хӀуманаш[20].

Цхьа дакъа юкъархоша Кузнецовехьа гӀолецира, цунна дуьхьала берш емал беш. Юкъараллин «Уралан дайн-нанойн комитет» фондан президента Жабреев Евгенийс а, Екатеринбурган гӀалин дайн-нанойн комитетан председатела Неталиев Валерийс гӀолецира Кузнецован, Мамиконянан кехатан реза боцуш, цара лорура, шен Кузнецовага яздина кехатехь иза «бух боцуш бехке ярехь араяьлла массо а дозанал, кхин а нуьцкъаллин структурийн адресе берийн бакъонийн векал кхеташ яц хӀун ду малхбузен кепара „ювеналан юстици“ яздеш»[21]. Кхин а Мамиконян емал еш а, Кузнецовегахьа гӀодоккхуш йистхилира РХА «Регионаш Online» леррина корреспондентийн а, журналистийн а декъан координатор йолу Ширяева Ксения[22].

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Хьовсархойн безаман совгӀат III Дуьненаюкъара «Дахар дуьхьа — 2012» цӀе йолчу социалан технологийн фестивалехь[23].
  • Иэсан мидал «Преподобни Радонежски Сергий вина 700 бӀешо кхачарна иэсан»[7].
  • Оьрсийн православин килсан Пензин епархин «Беркате гӀуллакхашна» III тӀегӀанан некхан хьаьрк[24].
  • Иэсан хьаьрк «Пенза гӀала кхиорехь гӀуллакхаш дарна» — дуккха а шерашкахь жамӀ долуш юкъараллин гӀуллакх дарна, доьзалан а, неналлин а, бераллин а институт гӀалахь кхиорехь доккха дакъа лацарна[25].
  • Российн ТК мидал «ГӀолацарна» — Талламан комитетан тӀедехкина декхарш кхочуш деш гӀолацарна[26].
  • Российн Дуьхьалонан Министраллин «Даймехкан турпалхойн иэсан» мидал (2019) — тӀеман истории, гуманитарин хаарш кхиорехь лакхара кхиамашна, ладаме юкъараллин историн-патриотин агӀора проекташ кхочушъярна[27].
  • «Российн Федерацин Мохк ларбарехь къахьегарна» мидал (Российн Дуьхьалонан Министралла, 2019)[28].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

2003 шарахь дуьйна марехь ю[1]. Майра — Кузнецов Алексей, мозгӀар, чекхъяьккхина синмехаллин семинари, шиъ лакхара дешар ду (техникан а, хьехархойн а), иштта техникан Ӏилманийн кандидат Ӏилманан тӀегӀа ю. Ялх бер: йоьӀрий — Мария а, Дарья а, кӀентий — Иван, Николай, Тимофей, Лев[29].

ТӀедогӀу рицкъ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн Федерацин пачхьалкхан даржаш дӀалаьцначеран декларацехь болчу хаамашца, 2018 шарахь Кузнецова Аннас даьккхина 6 507 198 сом. Цуьнан майрачун оццу муьран са хилла 1 436 158 сом. Кузнецова Аннин долахь ду лаьттан дакъа 800 кв.метр майданца, еха цӀа 140,8 кв.метр майда йолуш[30].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 6 Гордеева К. Новый детский омбудсмен. Кто она? // «Meduza», 09.09.2016
  2. Новым детским омбудсменом стала Анна Кузнецова // ТАСС, 09.09.2016
  3. Указ Президента Российской Федерации от 07.03.2018 г. № 99 «О присвоении классных чинов государственной гражданской службы Российской Федерации федеральным государственным гражданским служащим Администрации Президента Российской Федерации»
  4. Арасланов А. Новый детский омбудсмен — безотказный человек и добрая любящая мама // Радио «Комсомольская правда», 09.09.2016
  5. Кузнецова Анна Юрьевна // Пензенский информационный портал, 13.09.2016
  6. Кузнецова, Анна Юрьевна Архиван копи 7 апрелехь 2016 дуьйна Wayback Machine тӀехь // Официальный сайт политической партии «Единая Россия»
  7. 1 2 3 Биография Анны Кузнецовой // РИА Новости, 03.01.2017
  8. 1 2 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран tass йоза яздина дац
  9. * Кузнецова Анна Юрьевна Предварительное голосование ВПП Единая Россия 2016 Архиван копи 7 апрелехь 2016 дуьйна Wayback Machine тӀехь// Официальный сайт политической партии «Единая Россия»
  10. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Яковлева йоза яздина дац
  11. Анна Кузнецова назначена Уполномоченным при Президенте по правам ребёнка // Президент.рф, 09.09.2016
  12. Состав участников совета. По состоянию на 31 октября 2016 года (оьр.). Kremlin.ru. Теллина 2017 шеран 14 июнехь.
  13. Указ Президента Российской Федерации № 12 от 15 января 2019 года // pravo.gov.ru, 15.01.2019
  14. Фотовыставка Стерджеса с голыми девочками возмутила детского омбудсмена // РИА Новости, 25.09.2016
  15. Детский омбудсмен Кузнецова предложила создать реестр педофилов // «NEWSru.com», 24.12.2016
  16. 1 2 Детского омбудсмена Кузнецову просят объяснить доступ её мужа к материалам следствия по делу семьи Дель // Росбалт, 30.01.2017
  17. Ульяна Скойбеда Помощница Астахова Анна Левченко: Мой активист натравил на меня 29 педофилов!. Комсомольская Правда (2015, 14 август). Теллина 2017 шеран 29 августехь.
  18. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран new йоза яздина дац
  19. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран mamik йоза яздина дац
  20. ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран nak йоза яздина дац
  21. Кузнецова Анна Юрьевна
  22. Ахундова И. Р. Анна Кузнецова — «Многодетная семья должна стать элитой России» // Русский дом, № 11 ноябрь 2016
  23. Анну Кузнецову наградили «За заслуги в развитии города Пензы». ИЦ Пензенская Правда. Теллина 2017 шеран 14 июнехь.
  24. Петренко С. Л. Председатель СК России подписал соглашение о сотрудничестве с Уполномоченным по правам ребёнка. // Официальный сайт Следственного комитета Российской Федерации, 10.03.2017
  25. Анна Кузнецова вошла в состав главного штаба «Юнармии»
  26. Глава российского военного ведомства вручил награды за взаимодействие с Минобороны / mil.ru, 22 ноября 2019
  27. Анна, её дети и детище
  28. Сведения о доходах основных должностных лиц Администрации Президента (оьр.). Президент России. Теллина 2019 шеран 13 апрелехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Биография на сайте Уполномоченного при Президенте РФ по правам ребенка