Кузнецова, Алина Вацлавовна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Алина Кузнецова
Алина Вацлавовна Кузнецова
Йина терахь 1938 шеран 24 июль({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (82 шо)
Йина меттиг Киев, УССР, ССРС
Корматалла: актёр
Гражданалла: РоссиFlag of Russia.svg Росси
Театр: Краснодаран академин драман театр
СовгӀаташ:
Российн Федерацин Халкъан артист
РСФСР Хьакъдолу артист — 31.01.1975 

Кузнецова Алина Вацлавовна (1938 24 июль) — советийн а, россий а театран актриса, Российн халкъан артист, 1966 - 2013 шерашкахь Краснодаран академин драман Горькийн цӀарах театран актриса.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1938 шеран 24 июлехь Украинан ССР Киев гӀалахь. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш кхалхийра Воронежан областе[1].

Болх бира архитектуран-реставрацин пхьалгӀехь копи йаккхархочун даржехь, езархойн театрехь ловзийра шен хьалхара ролаш. 1957 шарахь, нисса оцу жимачу театрехь, цуо ловзийра Машенькан роль — культан, Афиногенован. Цуьнан тидам бина хиллера, экзаменаш йоцуш дӀаийцира Киевн академин И. Франко цӀарах театрера театран студе.

1960 шарахь чекхъяьккхира Киевн академин И. Франкон театрера театран студера Ӏаморан курс. Шен говзаллица театран болх болийра Ужгородан драман театрехь, юьхьанца кегийра ролаш ловзайора, тӀаккха — украинан классикера гуш йолу ролаш, тӀаьххьара — Арбузовн Таня.

Болх бира Армавиран драман театрехь. Цхьаьна шарахь бен болх ца бира цуо кхузахь, амма нисса оцу шарахь гира иза Краснодаран мехкан драман М. Горькийн цӀарах театран коьртачу режиссеран Куликовский Михаил Алексеевичан[2].

1966 шарахь еира Краснодаре, дуккха а шерашна Краснодаран мехкан драман М. Горькийн цӀарах театран актриса хилира. Дукха ролаш ловзийра. Нисса кхузахь къобал бира, мах хадийра цуьнан актрисин белхан. 2013 шарахь йитира театр, садаӀа лира цунна[3].

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Театрера белхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Краснодаран академин драман театр

  • Нина - «Маскарад» М. Лермонтовн
  • Инга - ««Делашца» къовсавалар» А. Делендикан
  • Инна - «Ламасте гулам» В. Розовн
  • Лика - «Сан миска Марат» А. Арбузовн
  • Ефросинья Дерюгина - «Кхоллам» П. Проскуринан
  • Марина, къена баба - «Ваша Ваня» А. Чеховн
  • Денана - «Безам болу бархӀ зуда» Р. Томан
  • Понсия - «Бернарда Альбан цӀа» Федерико Гарсиа Лоркин
  • Фелицата Герасимовна Кукушкина - «Са йолу меттиг» А. Островскийн
  • Глафира — «Берзлой а, уьстагӀий а» А. Островскийн
  • Белотелова — «Бальзаминовс зуда ялор» А. Островскийн
  • Рита Осянина — «ЦӀийдаларш кхузахь тийна ду» Б. Васильевца
  • Кабанова — «Йочана» А.Н. Островскийн
  • Кабанова — «Йочана» А.Н. Островскийн
  • Миссис Квикли — «Виндзорера кхаьрда зударий»
  • Екатерина II — «Дика ду цӀа, амма хьовзамаш бу чохь»
  • Екатерина II — «Капитанан йоӀ» А. Пушкинца
  • Мод - «Гарольд а, Мод а» (Жан-Клод Каррьер, Колин Хиггинс).

Фильмографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кузнецова Алинин кинохь цхьа болх бу:

  • 1970 — Ӏаламат хаза пуьташийн де (фильм-спектакль), Луиса.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. ЮгTimes На сцене — Женщина (оьр.). www.yugtimes.com. Теллина 2020 шеран 31 мартехь.
  2. Актриса на роль Любви (оьр.). kubnews.ru. Теллина 2020 шеран 31 мартехь.
  3. Из театра Драмы ушла народная артистка Алина Кузнецова (оьр.). КублоG.ru - Афиша Краснодара. Теллина 2020 шеран 31 мартехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]