Кузнецова, Агния Александровна
Кузнецова Агния Александровна | |
200px | |
Тиллина харц цӀерш: | Агния Кузнецова[1] |
---|---|
Йина терахь | 1911 шеран 12 (25) февраль |
Йина меттиг |
Иркутск, Российн импери |
Кхелхина терахь: | 1996 шеран 12 ноябрь (85 шо) |
Кхелхина меттиг: |
Москох, Российн Федераци |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, берийн яздархо, литератор |
Хьажам: | социалистийн реализм |
Жанр: | повесть |
Произведенин мотт: | оьрсийн |
СовгӀаташ: |
![]() ![]() ![]() ![]() |
Кузнецо́ва А́гния Алекса́ндровна— оьрсийн советийн берийн яздархо.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Йина 1911 шеран 12 (25 февралехь) Иркутскехь кӀайчу эпсаран Кузнецов Александр Николаевичан доьзалехь. Юккъера ишкол чекх а яьккхина Ленинградан А. А. Ждановн цӀарах университетан историн-филологин факультетехь дийшира. Болх бира Ленинградан, Новосибирскан берийн а, кегийрхойн а газеташкахь литературан белхало даржехь, Иркутскан радиокомитетехь а. 1943 - 1946 шерашкахь яра РСФСР Яздархойн бертан иркутскан декъан жоьпаллин секретарь. 1956 шарахь дуьйна ехира Москохахь.
Елла 1996 шеран 12 ноябрехь. ДӀайоьллина Москохахь Троекуровн кешнашкахь; уллехь дӀавоьллина ву цуьнан майра, яздархо Марков Георгий.
Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]
- майра — яздархо Марков Георгий (1911—1991).
- йоӀ — яздархо Маркова Ольга. Ольги бераш — журналист Маркова Марина (1960), Маркова Ксения (1973).
- йоӀ — актриса Маркова Екатерина. Екатеринин бераш — историк Тараторкин Филипп, актриса Тараторкина Анна.
Кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьалхара дийцарийн жайна араделира 1932 шарахь Новосибирскехь.
Зорба туьйхира «Керла Сибрех» альманахехь, «Роман-газет» журналехь, «Къоналла» а, кхин а муьран арахецаршкахь. Дерриг кхоллараллин белхан дохаллехь яздира берех, берашна, къоналлина. Автор ю очеркийн, дийцарийн, повестийн.
Кузнецован кхоллараллин бохь — повесть «Сужда», лерина ю хьехархочун къинхьегам хасторан, даго ма-бохху хьехархочун васт кхолларан.[2]
Язйира пушкинан тема, «Сан мадонна» жайно цхьаьнатуху Гончарова Натальях а, Пушкинан берех а повесташ.
Произведенеш гочйина кхечу мехкан меттанашка.
СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]
- РСФСР пачхьалкхан Н. К. Крупскаян совгӀат (1977) — «Сужда» повестан[3]
- Халкъийн доттагӀаллин орден (1984)[4]
Хаьржина библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Чулыман тайгахь. — Иркутск, 1939
- ШайтӀан дужа. — Иркутск, 1946
- Хьан цӀа. — Новосибирск, 1951
- Дахаро кхойкху. — Красноярск, 1958
- Тешаме комсомолан. — М., 1959
- Серло-буц. — М., 1967
- Тхо Коршунера ду. — М., 1970
- Буьйса яьккхира дешийн мархо… — М., 1971
- Дукха некъаш ду латта тӀехь. — М., 1972
- Сужда. — дуьххьара «Октябрь» журнал тӀехь, 1976
- Къиза кхолламан дарц кӀела. — Пермь, 1979
- Сий: Повесташ. — М.: Мол. гвардия, 1980. — 446 с. — 200000 экз.
- Кхолларийн гулам: Кхаа томехь. — М.: Дет. литература, 1982—1984. — 543+447+718 с. — 100000 экз.[5]
Память[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Иркутскехь Кузнецова Агния яьхначу цӀенна тӀе, цуьнан иэсан, хӀоттийна мемориалан у[6].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Агния Маркова в ФЭБ ЭНИ «Словарь псевдонимов»
- ↑ Русские детские писатели XX века. — С. 247.
- ↑ Семёнова В. А. Вместе с бурями века: Краткий обзор имён и книг к 75-летию Иркутской писательской организации. — Иркутск: Иркутский писатель, 2007. — С. 59. — 64 с. — 3000 экз.
- ↑ Агния Кузнецова Архиван копи 14 майхь 2013 дуьйна Wayback Machine тӀехь на сайте Писатели Приангарья — детям
- ↑ Сведения приведены по данным Генерального алфавитного каталога книг
- ↑ В Иркутске установят мемориальные доски сибирским писателям Георгию Маркову и Агнии Кузнецовой(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 24 мартехь. Теллина 2017 шеран 23 мартехь.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Абрамович А. Ф. А. А. Кузнецова: Биогр. очерк // Литературная Сибирь. — Иркутск: Вост.-Сиб. кн. изд-во, 1971. — С. 190—193. — 336 с. — 5000 экз.
- Писатели Восточной Сибири: Биобиблиографический указатель. — Иркутск: Вост.-Сиб. кн. изд-во, 1973. — С. 133—134. — 332 с. — 5000 экз.
- Разумневич В. А. Проводы в совершеннолетие: Очерк творчества А. Кузнецовой. — М., 1974.
- Кеп:РДП
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Агния Кузнецова на сайте Иркипедия
- Агния Кузнецова на сайте Писатели Приангарья — детям
- Бинарш 25 февралехь
- Бинарш 1911 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Иркутскехь
- Белларш 12 ноябрехь
- Белларш 1996 шарахь
- Белларш Москохахь
- РСФСР Пачхьалкхан Н. К. Крупскаян цӀарах совгӀатан лауреаташ
- Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан кавалераш
- Халкъийн доттагӀаллин орден елларш
- «Сийлаллин Билгало» орден елла нах
- Яздархой абатца
- ТараторкингӀар — МарковгӀар
- Яздархой-соцреалисташ
- Оьрсийн яздархой абатца
- XX бӀешеран оьрсийн яздархой
- ССРС яздархой
- Иркутскан яздархой
- ССРС Яздархойн бертан декъашхой
- ЛИФЛИ арахецнарш
- Харц цӀерашца бевза литератораш
- Троекуровн кешнашкахь дӀабоьхкинарш
- ССРС берийн яздархой