Кузнецова, Мария Николаевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Мария Кузнецова-Бенуа
Мария Николаевна Кузнецова
Коьрта хаам
Йина терахь 1880 шеран 3 август({{padleft:1880|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1966 шеран 25 апрель({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Париж
Пачхьалкх
Говзаллаш оперин йишлакхархо
Эшаран аз сопрано
Жанраш классикан музыка
Коллективаш Мариински театр
Да: Николай
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Кузнецова-Бенуа Мария Николаевна (1880 3 август, Одесса1966 25 апрель, Париж) — оьрсийн операн йишлакхархо (сопрано) а, хелхарча а, 19051917 шерашкахь Мариински театран солистка. Дягилев Сергейн «Оьрсийн шеран заманаш» декъашхо.

Н. Д. Кузнецов «Исбаьхьалчин йоьӀан Кузнецова-Бенуа Мария Николаевнин», (1901), гата, даьттаПетарбухан театран а, музыкин а говзаллин музей.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀараваьллачу исбаьхьалчан академикан Н. Д. Кузнецовн йоӀ, биологан И. И. Мечниковн йишин йоӀ, хьалха динчу маренца — Бенуа Альберт Николаевичан нус, шолгӀа динчу маренца — Карепанова, кхоалгӀа марехь хилла Массне Альфредехь, промышленник, композиторан Массне Жюлан вешин кӀантехь, кӀента йоьӀа йоӀ публицистан а, серлончан а Л. Н. Неваховичан.

Бераллехь дуьйна кхиира говзаллин гергарчу атмосферехь, ден цӀахь хуьлура Чайковский Пётр. Доьшуш йара балетан ишколехь, цул тӀаьхьа дийшира йишлакхарна Петарбухехь, хьалха италихойн хьехархочуьнгахь Мартигахь, цул тӀаьхьа Тартаков Иоакимехь. 1917 шарахь дуьйна йехира Францехь. Операн сценин дебют хилира 1904 шарахь Петарбухехь (А. А. Церетелин антреприза). 19051915 а, 19161917 а шерашкахь Петарбухан Мариински театран солистка. Кхоьллина Оьрсийн долара опера Парижехь.

Дуьххьара мааре йахара Бенуа Альберт Альбертовиче (1879, Петарбух — 1930, Шанхай)[2]. Оцу марехь хилла кӀант: Бенуа Михаил Альбертович (1926 шеран 2 октябрь, Мальзерб)[3].

Кхолларалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара лекхна Февронин парти Н. А. Римский-Корсаковн «Ца гучу гӀалех Китежех дийцар…» оперехь а, Клеопатран парти иштта цӀе йолчу Массне оперехь.

Уггаре дика операн партеш:

  • Антонида (М. Глинкан «Паччахьан хьалхара са дӀалур ду», 23.11.1906 И. В. Ершовца а, Ф. И. Шаляпинца а),
  • Людмила (М. Глинкан «Руслан а, Людмила а», 7.12.1908 а, 30.9.1911 а Ф. И. Шаляпинца),
  • Ольга (А. Даргомыжскийн «Хи-аьзни», 18.12.1906 Л. В. Собиновца а, Ф. И. Шаляпинца а),
  • Тамара (А. Рубинштейнан «Иблис», 30.12.1905, 26.1.1907, 18.12.1909 Ф. И. Шаляпинца),
  • Татьяна (П. Чайковскийн «Евгений Онегин»),
  • Купава (Н. Римский-Корсаковн «Лайн аьзни»),
  • Джульетта (Ш. Гунон «Ромео а, Джульетта а»),
  • Кармен (Ж. Бизен «Кармен» опера, емалчашна хетарехь, оьрсийн сценин тӀехь уггаре дикачех),
  • Манон Леско (Ж. Масснен «Манон»),
  • Таис (Ж. Масснен «Таис»),
  • Виолетта (Дж. Вердин «Травиата»),
  • Чио-Чио-сан (Дж. Пуччинин «Чио-Чио-сан»/«Мадам Баттерфляй»),
  • Эльза (Р. Вагнеран «Лоэнгрин»).

М. Н. Кузнецовас дукха концерташ хӀиттийна; 1918 шарахь Г. Поземковскийца цхьаьна сценин тӀехь хилла Швецехь. Йишлакхархочун камеран репертуарехь бара дозанал арахьара, оьрсийн, украинийн композиторийн кхолламаш, П. Чайковскийн а, С. В. Рахманиновн а романсаш, халкъан эшарш.

Кхин а хелхарча йара, дакъалецира С. Дягилевн «Оьрсийн шеран заманашкахь» («Иосифах лаьцна шира дийцар» цӀе йолу Р. Штраусан музыкаца (Josephslegende) йаьккхина М. М. Фокинан балетехь Потифаран зуда, 1914). Эпизодашкахь дакъалоцура балетан спектаклашкахь: Петарбухехь а, Москохахь а. 1920-гӀа шерашкахь Парижехь а, Лондонехь а дира испанхойн хелхарийн синкъерамаш (халхайелира ша-шена аккомпанемент йеш кастаньеташ тӀехь, и синкъерамаш боккха аьттонца дӀадаьхьира; духар тийгира Л. Бакстан бустамашца).

Сцена йитина, йаха хиира Барселоне, цигахь бира хьехархойн болх, меттигерачу оперехь музыкин хьехамча а йара. ТӀаьхьара шерашкахь йехира Парижехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Archivio Storico Ricordi — 1808.
  2. Акварелист, сын архитектора Альберта Николаевича Бенуа. В 1901—1903 учился на архитектурном отделении ИАХ. Участвовал в выставках Общества русских акварелистов (с 1903). Путешествовал в Скандинавию, в Альпы, на русский Север. С 1917 года в эмиграции, с женой.
  3. Дом-музей Марины Цветаевой — РОССИЙСКОЕ ЗАРУБЕЖЬЕ ВО ФРАНЦИИ

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • П. Кр. М. Н. Кузнецова и Л. Кавальери. — СПб.: изд. М. О. Вольфа, 1910;
  • Колосов Н. М. Н. Кузнецова в испанских танцах // Театр и жизнь (Берлин). — 1922. — № 8:
  • Старк Э. (Зигфрид). Петербургская опера и её мастера. 1890—1910. — Л.; М., 1940. — С. 54—60;
  • Похитонов Д. И. Из прошлого русской оперы. — Л., 1949. — С. 165—166;
  • Оссовский А. В. Музыкально-критические статьи. (1894—1912). — Л., 1971. — С. 92, 93, 118;
  • Коломийцев В. Статьи и письма. — Л., 1971. — С. 176, 177, 179;
  • Гозенпуд А. А. Русский оперный театр между двух революций. 1905—1917. — Л., 1975. — С. 182, 306;
  • Стравинский И. Диалоги. — Л.: Музыка. 1971. — С. 62;
  • Руденко В. Кузнецова Мария Николаевна // Русское Зарубежье. Золотая книга эмиграции. Первая треть XX века. Энциклопедический биографический словарь. — М.: РОССПЭН, 1997. — С. 317—320;
  • Кузнецова А. С. Мария Николаевна Кузнецова. — М.: Музыка, 1962.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]