Краузе, Мус
Краузе Мус | ||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Moose Krause | ||||||||||
![]() | ||||||||||
Карьера чекхйаьккхина | ||||||||||
Позици |
Центровой (баскетбол) Тэкл (америкин футбол) |
|||||||||
Харц цӀераш | «Сай» (инг. "Moose") | |||||||||
Локхалла | 192 | |||||||||
Возалла | 80 | |||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||
Вина терахь | 1913 шеран 2 февраль | |||||||||
Вина меттиг | Чикаго, Иллинойс штат | |||||||||
Кхелхина терахь: | 1992 шеран 11 декабрь (79 шо) | |||||||||
Кхелхина меттиг | Саут-Бенд, Индиана штат | |||||||||
Ишкол |
Институт Де Ла-Селле (Чикаго, Иллинойс) |
|||||||||
Колледж | Нотр-Дам (1931—1934) | |||||||||
|
||||||||||
1976 Баскетболан Сийлаллин зал |
Эдвард Уолтер «Мус» Краузе (инг. Edward Walter "Moose" Krause; винчу хенахь тиллина цӀе — Эдвард Уолтер Кряучюнас (инг. Edward Walter Kriaučiūnas; вина 1913 шеран 2 февралехь, Чикагохь, Иллинойс штатехь, АЦШ — велла 1992 шеран 11 декабрехь, Саут-Бендехь, Индиана штатехь, АЦШ) — америкин баскетболхо, футболист, бейсболхо, йайнатлетикахо, студентийн командийн тренер а, спортан администратор а. Баскетболан сийлаллин залан декъахо.
Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Краузе Эдвард вина 1913 шеран 2 февралехь Чикаго шахьран промышленностан Бэк-оф-зе-Ярдс кӀоштахь (Иллинойс штат) литвахойн иммигрантийн доьзалехь, дешна циггахь шен жимахволчу вешийца Филца Де Ла-Селле институтехь, цигахь левзира меттигерачу баскетболан, футболан, бейсболан командашкахь, шиъ чемпионийн титул а йаьккхира Чикагон католикийн баскетболан лигехь. Цуьнан да хаспаш дойуш вара, ткъа воккха волу ваша Феликс — капитан а, коьрта тренер а (1937) вара Литван гулйина командин уьш тоьллачу баскетболех ловзаран Европин чемпионаташкахь Ригехь (1937) а, Каунасехь (1939) а. Эдвардан америкин футболан ишколан тренер Бэрри Нормана йацйира цуьнан бакъ фамили Кряучюнас тӀера Краузе тӀекхаччалц, иза йаккха тӀех хала долун дела. Ӏаморан хьалхарчу шарахь Бэррис Эдвардан Ӏоттар йира, сай санна лекха волу цуьнга блок ца йан йелира дуккха а лохачу кӀантанна аьлла, цул тӀаьхьа цунна тӀехь чӀагӀйелира куньйа, ткъа иза гӀаравелира спортан дуьненахь «Сай» (инг. "Moose") цӀарца[1].
Студентийн карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]
1934 шарахь чекхйаьккхира Университет Нотр-Дам, цигахь кхаа шарахь левзира баскетболан «Нотр-Дам Файтинг Айриш» командехь, аьтту болуш карьера а йира. Краузе йукъахь волуш «Файтинг Айриша» цкъан а ца йаьккхира рогӀера чемпионат, Independent конференцин турнир, ткъа кхин а цкъан а ца йелира ФЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе[2][3][4]. 1931/1932, 1932/1933 шарахь, 1933/1934 шерашкахь «Файтинг Айриш» йукъахь Краузе Мус, центровойн позицехь ловзуш, хилира командин уггаре дика иччархо, иза бахьнехь йукъатуьйхира NCAA йерригамерикин гулйина командин[5][6][7]. 1989 шарахь Мус йукъавахийтира Индианин баскетболан сийлаллин залан[8], ткъа 2006 шарахь — Студентийн сийлаллин залан[9].
Валар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуьненан шолгӀа тӀом чекхболуш цуьнан дийзира цхьаьна шарна тренеран карьера сацо (1944—1945), оцу хенахь иза 14 баттахь гӀуллакхехь вара АЦШ тӀеман-хӀордан ницкъашкахь Тийнаокеанан тӀеман театран къилбехахь[10]. Краузе Мус велла пӀераскан дийнахь, 1992 шеран 11 декабрехь, вижина волуш дахаран 80-гӀа шарахь Саут-Бенд шахьрахь (Индиана штат)[1].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Reflections of the Dome (ингалс.). irishlegends.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Irish Legends Letters. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1931-32 Independent Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1932-33 Independent Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1933-34 Independent Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1931-32 Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1932-33 Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ 1933-34 Season Summary (ингалс.). sports-reference.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sports Reference LLC. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ Edward Krause (ингалс.). hoopshall.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Indiana Basketball Hall of Fame. Теллина 2014 шеран 23 июлехь.
- ↑ Edward Walter "Moose" Krause Chapter (ингалс.). moosekrause.org. University of Notre Dame. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 18 февралехь. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
- ↑ "Moose" Krause Named Athletic Director at Notre Dame (ингалс.). news.google.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). St. Petersburg Times. Теллина 2014 шеран 30 июлехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профиль на сайте Зала славы баскетбола(ингалс.)
- Ed "Moose" Krause Saint Mary's University Sports Hall of Famers(ингалс.)
- Тренерская карьера в NCAA на сайте Sports-Reference.com Архивйина 2019-02-09 — Wayback Machine(ингалс.)
- Бинарш 2 февралехь
- Бинарш 1913 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Чикагохь
- Белларш 11 декабрехь
- Белларш 1992 шарахь
- Белларш Саут-Бендехь (Индиана)
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Де Ла-Селле Институтан арахецархой
- АЦШ баскетболхой
- АЦШ бейсболхой
- АЦШ америкин футболех ловзархой
- «Нотр-Дам Файтинг Айриш» ловзархой (баскетбол)
- Баскетболан сийлаллин залан декъахой
- Масех спортан тайпанан спортхой