Крапикас, Гинтарас

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Крапикас Гинтарас
лит. Gintaras Krapikas
Карьера чекхйаьккхина
Позици Вайн форвард
Локхалла 197
Возалла 95
Гражданалла  ССРС Литва
Вина терахь 1961 шеран 6 июль({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (62 шо)
Вина меттиг Кретинга, Литвахойн ССР, ССРС

Командаш
1979—1989 Байракх ССРС Жальгирис
1990—1999 Германин байракх ТуС Изерлон
Ӏамийна командаш
2000—2006 Флаг Литвы Жальгирис асс.
2006—2008 Российн байракх УНИКС асс.
2008 Флаг Литвы Жальгирис асс.
2008—2009 Флаг Литвы Жальгирис
2010—2011 Флаг Литвы Невежис
2011—2012 Украинин байракх Азовмаш
2012—2013 Российн байракх УНИКС асс.
2013—2014 Флаг Литвы Жальгирис асс.
2014—2016 Флаг Литвы Жальгирис
2018—2019 Цийчоьнан байракх Нанкин Манки Кингз
Мидалш
Олимпийн ловзаршкахь
Борза Барселона 1992 баскетбол
Европин чемпионаташ
Дети Желтойчоь 1995
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Кеп:ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча

Крапикас Гинтарас (лит. Gintaras Krapikas; 1961 шеран 6 июлехь, Кретингехь, Литвахойн ССР, ССРС) — советийн а, литвахойн а баскетболхо. ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча. Форвард.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

10 шо долуш дуьйна баскетболех ловза волавелира Кретинга гӀалин спортишколехь.

1979—1989 шерашкахь левзира БК «Жальгирис» йукъахь. 1990/91 шарахь дуьйна левзира «ТуС» (Изерлон, Германи) командехь, цига кхелхира цунна йукъахь хьалха дуьйна ловзаш волчу Йовайшин а, Куртинайтисан а гӀоьнца. Дерриг «ТуСехь» 8 шо дӀадаьхьира.

Германехь йелира тренеран лицензи, «ТуС» клубера тӀаьххьара шерашкахь ловзар а, жимахойн командийн тренеран болх а цхьаьна бора.

2000 шарахь Литве цӀа а вирзира, тренер болх бан волавелира. 2001—2005 шерашкахь — БК «Жальгирисехь» коьрта тренеран ассистент вара.

2001—2005 шерашкахь Литван гулйина командин тренер болх бира. Командица цхьаьна йехира 2000 шеран Сиднейра Олимпиадин борзанан а, 2003 шеран Европин чемпионатан дешин а мидалш. Литван гулйина командин коьрта тренер 2005/06 шарахь.

2006—2008 шерашкахь — БК УНИКСан коьрта тренеран гӀоьнча. Командица цхьаьна йехира чемпионатан детин мидалш. 2008 шарахь дуьйна — БК «Жальгирисан» коьрта тренер. 2010—2011 шерашкахь тренер вара «Невежисан», ткъа цул тӀаьхьарчу шарахь «Азовмашан». 2012 шарахь йуха а БК УНИКСан коьрта тренеран гӀоьнча. 2013 шеран Европин чемпионатехь Литван гулйина командин коьрта тренеран ассистент вара, цигахь детин мидалш йехира.

Зуда а йу, кӀант, йоӀ кхиийна.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ОЛ-1992 борзанан совгӀатхо
  • ЕЧ-95 детин совгӀатхо
  • 1985-87 шерашкара ССРС чемпион
  • 1986 шеран Континенташна йукъара кедан толамхо
  • 1980 шеран жимахошна йукъахь Европин чемпион

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]