Чулацаман тӀегӀо

Костоев, Абубакар Хасанович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абубакар Хасанович Костоев
Вина терахь 1967 шеран 30 июль({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг
ГӀуллакхан тайпа полицейский
СовгӀаташ
Россин Федерацин Турпалхо
Россин Федерацин Турпалхо
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Абубака́р Хаса́нович Косто́ев (1967 шеран 30 июль, Сипсо-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — Россин МВД белхало, полицин майор, Россин Федерацин турпал (2014).

Костоев вина 1967 шеран 30 июлехь Нохч-ГӀалгӀай АССРн Сунженски кӀоштан Орджоникидзевская юртахь[1]. 1993 шо дуьйна иза ву МВДхь болх беш. Цо чекхйаьккхина Ростован технологийн колледжан гӀишлошйаран дакъа (Ярославски областан Ростов гӀала)[2] а, Россин МВД Санкт-Петербурган университет а. 2011 шо дуьйна иза ву полицин лакхара куьпан инспектор.

Цуьнан майралла а, говзалла а бахьнехь дукха нах болчу меттахь террористан бомба эккхитуш новкъалла хилира. Костоев йукъахь волу полицин тоба машен тӀехь волу зуламхо сацо гӀоьртира. Бомба эккхар бахьнехь виъ полицейски чевнаш йира, лулахь Ӏаш волу цхьа стаг вийра. Костоеван масийтта чов йинера.

2014 шеран 14 октябрехь цунна йелла Россин Федерацин Турпалан цӀе.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Костоев Абубакар Хасанович. www.warheroes.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 3 июнь.
  2. Наш выпускник – герой России ! rc-it.edu.yar.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 17 март.