Корнеев, Юрий Иванович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Корнеев, Юрий Иванович
Кеп:Lang-XX
Позици вайн форвард
Локхалла 197 см
Возалла 92 кг
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Вина терахь 1937 шеран 26 март({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг Москох, ССРС
Кхелхина терахь: 2002 шеран 17 июнь({{padleft:2002|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (65 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси

Командаш
1954—1961 Байракх ССРС Динамо (Москох)
1962—1966 Байракх ССРС ЦСКА
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Рум 1960 баскетбол
Дети Токио 1964 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 1963
Европин чемпионаташ
Деши Туркойчоь 1959
Деши Югослави 1961
Сийлахь спортан цӀераш
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча

Корне́ев Ю́рий Ива́нович (1937 шеран 26 март, Москох, ССРС2002 шеран 17 июнь, Москох, Росси) — советийн баскетболхо, Олимпийн ловзарийн шозза детин совгӀатхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1956).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Москохахь 1937 шеран 26 мартехь.

Чекхйаьккхира Москохан технологин йайн промышленностан институт «инженер-экономист» говзаллица. Чекхйаьккхира кхин а ПЦЛОФОьИ.

Институтехь доьшуш волуш, дакъалецира Москохан хьалхейаккхаран къийсамашкахь, цигахь тидам а бина 17 шо долуш кхайкхира БК «Динамо»[1] йукъа.

Кхин а левзира ЦСКА (1962—1966) йукъахь.

1960 шеран Олимпиадехь ССРС гулйина командин йукъахь 8 матч левзира, детин мидал йаьккхира. Цул тӀаьхьара ловзаршкахь 9 матч левзина, йуха а даьккхира дети.

Спартакиадийн 1959 а, 1963 шерашкара толамхо хилла Москохан гулйина командин йукъахь.

Йалхазза хилла ССРС чемпион 1958/59, 1961/62, 1962/63, 1963/64, 1964/65, 1965/66 шерашкахь, 1962/63 шеран Чемпионийн Кад баьккхинарг[2].

1968 – 2000 шерашкахь тренер вара Москохан Москворецки (хьалха — Советийн) кӀоштан БЖСИ къона баскетболхойн (хӀинца — Ю. Я. Равинскийн цӀарах СБЖОРИ № 49 йолу «Тринта»). Цуьнан кхиорхошна йукъахь — ЦСКА йукъахь левзина А. Вадеев, Российн дуккхаза а чемпион.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зуда йалийна хилла, кӀант Михаил, баскетболхо, 1992 шарахь бохамехь велла.

Велла 2002 шеран 17 июнехь Москохахь. ДӀавоьллина Ваганьковн кешнашкахь 9-гӀа декъехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Юрий Корнеев
  2. З. А. Генкин, Р. Я. Яхонтов. Баскетбол: Справочник. — М.: Физическая культура и спорт, 1983. — 224 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]