Корбут, Ольга Валентиновна
| Корбут Ольга | |
|---|---|
| белорус. Вольга Корбут | |
| Корбут Ольга 1972 шеран Олимпийн ловзаршкахь Мюнхенехь | |
| Шен информаци | |
| Сте-боьршалла | сте |
| Йуьззина цӀе | Корбут Ольга Валентиновна |
| Харц цӀерш | The Sparrow from Minsk[1], Vrabia din Minsk[2] |
| Пачхьалкх | |
| Йина терахь | 1955 шеран 16 май[3][4][…] (71 шо) |
| Йина меттиг | |
| Тренер | Ренальд Кныш |
| Локхалла | 152 см |
| Йозалла | 44 kg[1] |
| Олимпиадехь уггаре дика жамӀаш | |
| Официалан сайт | |
Ко́рбут О́льга Валенти́новна (белорус. Вольга Валянцінаўна Корбут, йина 1955 шеран 16 майхь, Гроднохь, Белоруссийн ССР, ССРС) — советийн гимнастка, доьазза Олимпийн чемпионка, ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1972). Тренер хилла Кныш Ренальд[5]. Чекхйаьккхина Гроднон пачхьалкхан хьехархойн институт (1977) говзаллица тренер-хьехархо[6][7]. Гродно гӀалин сийлахь гражданин (2010)[8].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Корбут Ольга йина 1955 шеран 16 майхь Гродно гӀалахь. Ишколехь шолгӀачу классехь йахана гимнастикин кружоке Король Ярослав Иванович волчу 1963 шарахь. 1965 шарахь 10 шо долуш Кныш Ренальдан тобане кхаьчна. Хьалхара боккха аьтту беира 1970 шарахь — иза гӀорторан кхоссайаларехь ССРС чемпионка хилира, ССРС гулйина командин йукъа йахара.
Турищева Людмилин а, Корбут Ольгин а къовсам дӀабахана спортан гимнастикан исторехь. 20 шо долуш Турищевас гимнастикин шира академин ишкол гайтира, ткъа 17 шо долчу Корбут Ольгас гайтира спортан керла тенденцеш: кхераме элементаш, атлетизм, жималла. Турищева Людмилас шен дуьххьарлера Олимпийн дашо мидал йаьккхира шен 13 шо долуш 1968 шарахь Мехикохь хиллачу Олимпийн ловзаршкахь. 1972 шарахь Мюнхенехь хиллачу Олимпиадехь Корбута гайтира инновацин гимнастикин элементаш, иза хилира нахана йезаш. Амма абсолютан чемпионатехь луьрачу къийсамехь иза эшна Турищевал[6][9]. Абсолютан хьалхейаккхарехь шен чӀогӀачу снаряд тӀаьхь брусаш тӀаьхь, цуо ладаме гӀалат даьккхира, жамӀехь совгӀатхошна йукъа а ца йахара[10].
1972 шарахь Олимпиада чекхйаьллачул тӀаьхьа Корбут Ольга телевизионан седа хилира, шолгӀачу шарахь иза кхайкхира Цхьаьнатоьхначу Штаташка. КӀайчу ЦӀийнехь хиллачу тӀеэцарехь Ӏамеркан президенто Никсон Ричарда спортхочуьнга вист а хуьлуш, дӀахьедира: «Хьо ма жима йу!»[11][12].
1976 шарахь Корбут ССРС гулйина командин йукъа йахара Монреалера ловзаршкахь, командин йукъахь йаьккхира деши а, хен тӀаьхь дети а мидал.
Спортан карьера чекхйаьккхира Монреалера Олимпиада дӀайаьлча.
1977 шарахь Гроднон университетан историн факультетан диплом даьккхира.
1991 шарахь дуьйна йеха АЦШ[13], АЦШ гражданалла йу[14][15].
1999-чу шарахь цо дӀахьедира шен тренеран Кныш Реналда шена сексуалан ницкъ барх лаьцна, амма цо иза харцдира. ТӀаьхьо, 2018-чу шарахь, Корбут телевизионан гайтамехь гучуйелира, шен хиллачу тренеро шена тӀехь ницкъ бина аьлла[16][17]. Корбут нахала йаларца кхин масех гимнастко, уьш а бара Кнышан куьйгаллица тренировкаш йеш, цунах терра девнех лаьцна дийцира, Корбутас Кныш бехке вар тешалла деш[18][19].
2017 шарахь аукционе йаьккхина шен Олимпийн пхи мидал а, спортан толамашца йоьзна цхьацца хӀумнаш а[20], царех хилира 183 эзар доллар[21]. The Daily Telegraph хаамашца, мидалш а, хӀумнаш а йохкар доьзна ду финансийн халонашца а, шен дахарехь баланаш хиларца а[22], хӀетте Корбута бакъ ца дора мидалш йохкар.
Шен дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьарлера майра (1978 - 2000 шерашкахь) — Борткевич Леонид Леонидович (1949—2021), йишлакхархо, «Песняры» тобанан солист. 2000 шарахь дуьйна — дӀасакъаьстина[23].
- КӀант — Борткевич Ричард Леонидович (вина 1978 шарахь). 30 000 фальшан америкин доллар дарна кхаа шарна эха шарна кхел йина, АЦШ-ра араваьккхина.
ШолгӀа майра — Войнич Алексей (вина 1980), менеджер, хьалхо Беларусера Америке веана.
КхоалгӀа майра — Джей Шенфилт[12], америкин бизнесмен. Беха Скотсдейлехь (Аризона штат, АЦШ[12][24]).
«Корбутан шад»
[бӀаьра нисйан | нисйан]Корбут Ольга лору, дуьххьала уникалан дакъалг «Корбутан шад» йинарг[25][26]. Гимнастка тайп-тайпана локхалла йолу брусийн лекхачу декъе а хӀуттий, фляк, куьйгашца брусийн лакхара васхал тӀе а кхозалуш. Дакъалг кхочуш дира брусаш тӀехь упражненеш йеш Мюнхенера Олимпиадехь.
Дакъалг цул тӀаьхьа тодира Мухина Еленас — цо цунна тӀетоьхна винт. Карарчу хенахь "Корбутан шад" официалан къовсамашкахь ца лелабо, иза низамо дихкина хиларна (гимнастийн бакъо йац когаш васхалан лакхахь дӀахӀитто)[27].
Кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
- 4-зза Олимпийн чемпионка:
- 1972 шо — командин хьалхейаккхарехь, хен тӀаьхь а, паргӀата упражненешкахь,
- 1976 шо — командин хьалхейаккхарехь
- Шозза Олимпийн ловзарийн вице-чемпионка (1972 шо — брусаш, 1976 шо — хен),
- 1974 шеран шозза Дуьненан чемпионка (командин хьалхейаккхарехь а, гӀорторан кхоссайаларехь а),
- ССРС къаьмнийн Спартакиадин толамхо, 1975 шеран ССРС абсолютан чемпионка, ССРС дуккхаза чемпионка,
- 1973 шеран Европин чемпионатан абсолютан хьалхейаккхарехь детин мидал йаьккхина.
- 1974 шарахь цуьнан биографин мукъмашца исбаьхьаллин фильм йаьккхира «Ӏаламат чӀабанашца», цу чохь цуо ша йора спортан упражненеш (коьрта роль ловзийра Мазуркевич Иринас).
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Сийлаллин билгало» орден
- Халкъийн доттагӀаллин орден
- Гродно гӀалин сийлахь гражданин[8]. 2010 шеран 15 июлехь цунна йелира Гродно гӀалин сийлахь гражданин цӀе, лаккхара спортан кхиамаш бахарна а, Гродно гӀалахь физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь доккха шен дакъа лацарна, Гродно гӀалахь а, Республика Беларусехь а, дуьненайукъара аренехь церан авторитет айарна.
Мидал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Корбут дӀакхайкхийра, Москохахь спортан музейхь карийна шен 46 шо хьалха лачкъийна Лозарийн-1972 дашо мидал, амма шена схьа ца йелира иза[28][29].
Луьйчушйухург
[бӀаьра нисйан | нисйан]1973 шарахь Лондонехь Корбутан аукцион йира, цигахь йоьхкира гимнастикин луьйчушйухург а, Sports Illustrated журналан мужалт тӀера цуьнан автограф а. Хьалхара лотан мах 3 эзар доллар хилира, шолгӀачун — 49 доллар хилира[30].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Olympedia (инг.) — 2006.
- ↑ O gimnastă din Belarus și-a vândut medaliile câștigate la Jocurile Olimpice
- 1 2 Корбут Ольга Валентиновна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
- ↑ Olga Valentinovna Korbut // Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ Lua гӀалат: expandTemplate: template "refinfo" does not exist.
- 1 2 Doyle, Paul. 50 stunning Olympic moments No47: Olga Korbut redefines gymnastics. // The Guardian (2012 шеран 6 июль). ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 22 июнь. Архивйина 2013 шеран 19 июнехь
- ↑ Корбут Ольга Валентиновна — статья из Большой олимпийской энциклопедии (М., 2006)
- 1 2 Почётные граждане города Гродно. ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 25 февраль. Архивйина 2014 шеран 17 июлехь
- ↑ «Нашу гимнастику губит увлечение трюкачеством»
- ↑ Sports around the World: History, Culture, and Practice Архиван копи 2015 шеран 25 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь / Ed. by John Nauright, Charles Parrish. — Santa Barbara: ABC-CLIO, 2012. — p. 333. — ISBN 978-1-59884-300-2 (Хьаьжина 25 декабрехь 2015)
- ↑ Ольга Корбут — чудо с косичками Архиван копи 2021 шеран 2 майхь дуьйна Wayback Machine тӀехь // РИА Новости, 29.02.2016.
- 1 2 3 https://www.kp.by/daily/26813/3849849/
- ↑ Jere Longman (1991-04-24). "Olga Korbut, Now A Fearful Mother, Is Enlisting Aid For Chernobyl Victims". // The Philadelphia Inquirer. Архивйина 2016 ш. 19 апрелехь. ТӀекхачаран де: 2013 ш. 23 июлехь.
- ↑ Ольга Корбут: «Хотя я имею американское гражданство, душа у меня всё равно осталась белорусской». ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 22 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 27 декабрехь
- ↑ Работать Ольгой КОРБУТ. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 2 декабрь. Архивйина 2021 шеран 2 декабрехь
- ↑ "Ольга Корбут: Меня изнасиловал тренер перед Олимпиадой, когда мне было 17 лет. Кныш: Дура дурой". EX-PRESS.BY(оьр.). 2018-04-03. Архивйина 2018 ш. 06 апрелехь. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 06 апрелехь.
- ↑ Тренер рассказал правду о Корбут: придумала изнасилование из мести. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 2 декабрь. Архивйина 2021 шеран 2 декабрехь
- ↑ Дынько, Аляксандра (2018-12-29). "«Все всё знали». Вслед за олимпийской чемпионкой Корбут бывшие гимнастки говорят о домогательствах тренера". Радыё Свабода. Архивйина 2023 ш. 03 майхь. ТӀекхачаран де: 2023 ш. 03 майхь.
- ↑ Alyaksandra Dynko, Pete Baumgartner. #MeToo In Belarus: Ex-Teammates Bolster Korbut's Sexual-Assault Charges Against Coach. // Радио «Свобода», 16.05.2018.. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 3 март. Архивйина 2021 шеран 28 мартехь
- ↑ Беларусь сегодня: Ольга Корбут выставила на аукцион свои Олимпийские медали. ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 24 февраль. Архивйина 2017 шеран 25 февралехь
- ↑ Гимнастка Корбут выручила 180 тысяч долларов за проданные Олимпийские медали. ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 27 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 28 февралехь
- ↑ Olga Korbut sells Olympic medals she won at Munich 1972 Games. ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 3 март. Архивйина 2017 шеран 3 мартехь
- ↑ Callum Tennent. Olga Korbut: 'The Sparrow from Minsk' who changed gymnastics. // CNN (2012 шеран 6 август). ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 22 июль. Архивйина 2017 шеран 5 августехь
- ↑ Former Soviet Gymnast Olga Korbut Says Goodbye to Her Medals. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 3 май. Архивйина 2021 шеран 3 майхь
- ↑ «Петля Корбут» — фото на официальном сайте olimpic.org. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 23 апрель. Архивйина 2013 шеран 22 майхь
- ↑ Первая исполнительница «сальто Корбут» на бревне доктор медицинских наук, профессор, мастер спорта СССР Лариса Пирогова рассказала в интервью о гимнастике и околоспортивных страстях. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 2 декабрь. Архивйина 2021 шеран 2 декабрехь
- ↑ 16 мая в истории спорта — НОК РФ. ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 22 июнь. Архивйина 2017 шеран 24 декабрехь
- ↑ Музей отказался вернуть гимнастке Корбут мидал ОИ, украденную 46 лет назад. // РИА Новости, 31.03.2018. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 3 май. Архивйина 2021 шеран 3 майхь
- ↑ Музей отказался вернуть гимнастке Корбут мидал Олимпиады, украденную 46 лет назад. // RT. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 3 май. Архивйина 2021 шеран 3 майхь
- ↑ Советская гимнастка Корбут продала пять олимпийских медалей с аукциона. //. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 3 май. Архивйина 2021 шеран 3 майхь
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]| выступление О.Корбут на Олимпиаде-72 | |
- Энциклопедический словарь
- Официальный сайт
- Петля Корбут в исполнении самой Корбут на Олимпиаде 1972 года в Мюнхене
- Змитер Панковец (2018-04-03). "Ольга Корбут: Меня изнасиловал тренер перед Олимпиадой, когда мне было 17 лет. Кныш: Дура дурой". // EX-PRESS.BY. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 24 апрелехь.
- Ирина Чернявка (2018-04-09). "Клевета разрушает жизнь так же, как её разрушает насилие". // EX-PRESS.BY. ТӀекхачаран де: 2018 ш. 24 апрелехь.
- Бинарш 16 майхь
- Бинарш 1955 шарахь
- Бинарш ССРС
- Халкъийн доттагӀаллин орден йелларш
- «Сийн хьаьрк» орденан кавалераш
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- ССРС гимнасташ
- Беларусан гимнасташ
- Спортан гимнастикехь Олимпийн чемпионаш
- ССРСн Олимпийн чемпионаш
- 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- Гимнасташ 1972 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Гимнасташ 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Спортан гимнастикехь дуьненан чемпионаш
- Спортан гимнастикин Европин чемпионаш
- Гроднон пачхьалкхан университетан арахецархой
- Спортан гимнастикехь ССРС чемпионаш
- Гроднон сийлахь гражданаш
- АЦШ йоьалгӀа тулгӀенан оьрсийн эмигранташ
- Гроднон спортхой
- Шеран спортхой «Ассошиэйтед Пресс»