Коптийн абат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Коптийн йоза дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Коптийн йоза
Йозан тайпа консонантан-вокалийн йоза
Меттанаш коптий мотт
Кхолладелла меттиг Эллинийн Мисар
Мур IIXIV бӀешераш
Шира документ коптийн гергара шира тексташ — III бӀешарахь година Библи.
Схьадалар грекийн йоза
Гергара ширанубийн йоза, латиница, кириллица, эрмалой йоза
Юникодан диапазон

U+2C80 to U+2CFF

U+03E2 to U+03EF
ISO 15924 Copt
Йозан масала

Ко́птийн а́баткоптийн мотт дӀаязбеш лело абат, яьржина IV бӀешарахь дуьйна. Коптий абат грекийн абатан бух тӀехь ю, тӀетоьхна масех элп ширамисран демотин йозан, цара хозуьйтура грекийн доцу мукъаза аьзнаш.

Коптийн йоза ширанубий йозан хьостех цхьаъ ду.

Коптийн абат Юникод стандарто латтош ю ша йолу абат санна 4.1 версин тӀиера (2005).

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Коптийн элпаш (бохайран йоза)

Коптийн абатан еха истори ю, иза йолало ПтолемейгӀеран урхаллин муьрехь, оцу хенахь грекийн элпаш дуьххьара лелийра демотин текстийн транскрипци еш, демотин меттан алар нийса ала Ӏалашо йолуш. Вайн эран хьалхарчу шина бӀешарахь дийнна цхьа могӀа сихьран тексташ язйира «ширакоптийн олучу йозанца», уьш дара мисран маттахь тексташ язйина грекийн элпаш; амма, цхьа могӀа элпаш тӀеэцнера демотин йозанера, дукхаха дерш царех (амма дерриш дац) леладо коптийн йозанехь. Мисрахь керсталла даржарца, III бӀешо чекхдолуш иероглифин йоза хаар дайнера, тӀаьхьа демотин йоза санна, цуо таро йира кераталлин килсан доьзна керла йоза даржо. IV бӀешарахь коптийн абат кхоллаелла елира, башха дика хилира саӀидийн меттадекъана (коптийн меттан тайп-тайпанчу меттадакъошкахь лело цхьа могӀа башхаллаш ю абаташна юкъахь). Тахана коптий мотт лела ца бо шайн динан тексташ язъеш Коптийн православин килсан тӀаьхьабозучара бен. Дерриш «Наг-Хьаммадера гностин инжилаш» яздина ду коптийн абатца.

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Пламли, Дж. М. Введение в коптскую грамматику (саидский диалект) / Пер. с англ., пред., прим. М. К. Трофимовой. М., 2001.
  • Quaegebeur, Jan. 1982. «De la préhistoire de l'écriture copte.» Orientalia lovaniensia analecta 13:125-136.
  • Kasser, Rodolphe. 1991. «Alphabet in Coptic, Greek». In The Coptic Encyclopedia, edited by Aziz S. Atiya. New York: Macmillan Publishing Company, Volume 8. 30-32.
  • Kasser, Rodolphe. 1991. «Alphabets, Coptic». In The Coptic Encyclopedia, edited by Aziz S. Atiya. New York: Macmillan Publishing Company, Volume 8. 32-41.
  • Kasser, Rodolphe. 1991. «Alphabets, Old Coptic». In The Coptic Encyclopedia, edited by Aziz S. Atiya. New York: Macmillan Publishing Company, Volume 8. 41-45.
  • Wolfgang Kosack: Koptisches Handlexikon des Bohairischen. Koptisch - Deutsch - Arabisch. Verlag Christoph Brunner, Basel 2013, ISBN 978-3-9524018-9-7.