Конгрив, Уильям

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Конгрив Уильям

Конгрив Уильям (William Congreve; 24 январь 167019 январь 1729, Лондон) — классицизман муьран ингалсан драматург, лаьттина британин амалийн комедийн хьостехь, цIе а тиллина «ингалсан Мольер» аьлла. Цуьнан пьесаш къаьста суьйнаш туьйсучу хьекъалан диалогашца, модан тайпанаш сатирица кховдор, стюартгIеран Реставрацин претенцин леларшка аьшнаш ярца хьажар.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Конгрив кхиина, дешна Ирландехь. Дублинан Тринити-колледжехь цуьнан накъост вара Джонатан Свифт. Сийлаллин революцил тIаьхьа КонгривгIар охьахевшира Стаффордширехь, ткъа жима къуонах хьажийра Лондоне юридичеси стажировке. Бакъо Iаморан дешаран меттана цуо псевдонимца 17 шо долуш ша язйина яйн «Ца евзарг» пьеса арахийцира. Иза тидаме ийцира, ингалсан литературан чам бевзачу, законаш кхуллучо — Драйден Джона. 1693 ш. Конгрива а, Драйдена а цхьаьна болхбира Персий а, Ювенал а сатираш гочъеш.

1693 шеран мартехь Конгриван цIе къевкъира ерриг Лондонехь: цуьнан хьалхара «баккхийчеран» пьеса, цамгарах туолучу хенахь язйина йолу, «Зуда ялонза къанвелларг», хIоттийра сийдолчу Друри-Лейн театрехь, сценин тIиера шина кIирнах дIа а ца елира, иза оцу заманахь наггахь бен хуьлуш боцу аьтту бара. Драйдена кхайкхийра «Зуда ялонза къанвелларг» шен заманан уггаре дика театран дебют, ваккхийверца язйира волалучу авторо «Шалха ловзар» цIе йолчу кхоалгIа пьесан чувалар. И пьеса хIоттийра декабрехь, къегина йолу драматургин говзалле хьаьжна ца Iаш, чолхе мах хадийра коьрта шахьран театран мах бевзучара.

1694 шарахь паччахьан Друри-Лейн театран труппехь къаьстамаш хилира, паччахьан дийзира цхьа дакъа актёраш керлачу театре Линкольн-Инн-Фильдсе дехьабаха. Иза дIайиллира 1695 шеран апрелехь, конгриван «Безаман дуьхьала безам» цIе йолчу пьесица, цуьнан боккха аьтту хилира. Драматурган кховдийра театран куьйгаллехь меттиг, ткъа цуо дош лора хIора шарахь цхьацца пьеса театран яла.

«Иштта лела дуьненахь» цIе йолу дуьххьарлера комеди арахецар (1700)

Конгрива паччахь-аьзни Мария яларан элеги язйинчул тIаьхьа цуьнан белхаш безарш хилира британин юкъараллин лакхарчу чкъоьрашна юкъахь а, елира цунна лакхара алапа долу синекура акцизан урхаллехь. Моде йовлуш яра оцу хенахь риторикан бохамаш, тIакхха 1697 шарахь Конгрива гайтира шен зиеделларг оцу балхехь цIе тиллина «ЧIир лелон нускал». ТIаьхьа и пьеса наггахь бен ца хIоттаяхь а, амма оцу хенахь боккха аьтту болуш яра иза.


Хьост[нисъе бӀаьра | нисъе]