Чулацаман тӀегӀо

Конате, Мухьаммад

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Конате, Мохьаммад
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1997 шеран 12 декабрь({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})[1] (28 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Локхалла 190 см
Йозалла 80 кг
Позици йуккъера тӀелатархо
Информаци клубех
Клуб Россин байракх Ахьмад
Лоьмар 13
Клубнан карьера[* 1]
2015 Кот-д'Ивуаран байракх Денгеле
2016 Молдавин байракх Саксан
2016 Россин байракх Урал 4 (0)
2017 Латвин байракх Бабите 1 (1)
2017 Кхазакхстанан байракх Кайрат А 12 (3)
2018 Белоруссин байракх Гомель 12 (2)
2018—2019 Эрмалойчоьнан байракх Пюник 15 (6)
2019 Россин байракх Тамбов 2 (0)
2019—2021 Россин байракх Химки 34 (3)
2021—2024 Россин байракх Ахьмад 80 (30)
2024—2025 СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан байракх Эр-Рияд 27 (4)
2025—хӀ. а. Россин байракх Ахьмад 3 (0)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 2025 шеран 4 августехь.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Конате, Мохьаммад (фр. Mohamed Konaté; оьрс. Конате, Мохамед; 1997 шеран 12 декабрехь, Одиеннехь) — Кот-д’Ивуаран а, Буркина-Фасон футболист. «Ахьмад» клубан а, Буркина-Фасон гулйина командин а тӀелатархо.

Мохьаммад Конате вина Кот-д’Ивуарехь 1997 шеран 12 декабрехь.

Карьеру йолийна даймахкахь. Форвардан дуьххьарлера клуб йара меттигера команда «Денгеле». 2016 шо долалуш кхелхира Европе, левзира молдавин «Саксан» клубехь, цунна йукъахь шарахь а ца Ӏийра. Тренировкаш а йира, левзира доттагӀаллин матчашкахь.

2016/17 шеран(оьр.) аьхкенан трансферан коран тӀаьххьарчу дийнахь Россин клубо Екатеринбургера «Урало» заявка йелира Конатен[2]. Коьрта командехь дебют йира 2016 шеран 17 сентябрехь Россин чемпионатан 7-гӀа туран матчехь «Анжин» дуьхьала (0:1)[3]. 21 сентябрехь чутоьхна клубехь шен хьалхара гол «Челябинскан» (3:0) Россин кедан финалан 1/16 раундехь[4]. 2017 шеран февралехь клубо дохийра цуьнца долу контракт, оцу гӀуллакхна реза вацара цуьнан агент Дмитрий Селюк[5].

2017 шеран мартехь Мохьаммад дехьавелира латышийн Лакхара лигера клубе «Бабите(оьр.)», цунна йукъахь левзира цхьаьна матчехь, 2017 шеран 22 июнехь ЛФФ низаман гӀуллакхийн комиссин сацамца клут спортан этика йохайарна дӀайаьккхира чемпионатера.

2017 шеран аьхка Конатех «Кайратан(оьр.)» фарм-клубан ловзархо хилира шо чекхдаллалц[6], цунна йукъахь левзира шолгӀа гуонехь 12 матчехь, Кхазакхстанан хьалхара лигехь кхо гол тоьхна.

2018 шеран 20 февралехь 20 шо долчу форварда контракт йаздира белоруссин «Гомелца»[7], цу тӀе Ӏаьнан кечамехь Кипр тӀаьхь гол туьйхира доттагӀаллин матчехь шен хилла клубан «Уралан»[8]. Оцу хеннахь иза Россин Премьер-лигин «СКА-Хабаровск» клубе хӀотто гӀиртира, амма Ӏаьнан трансферан кор дӀакъевлинера, тӀаккха РФС 5 мартехь регистраци ца йира[9]. Йерриге а Белоруссин чемпионатехь 12 матч левзина, 2 гол тоьхна.

2018 шеран июнь чекхболуш дехьавелира эрмалойн «Пюник» клубе[10].

2019 шеран 1 июнехь йитира «Пюник»[11], Мохьаммад дехьавелира «Тамбов»[12][13]. РПЛ-ехь 2 матч левзина, чутоьхна буьрканашца бигал а ца ваьлла, йерриг левзинарг 88 минот йу[14]. Клубехь дебют хилира 4 августехь цӀера матчехь «Арсеналца», цуо хийцира 70-гӀа минутехь Костюков Михаил[15]. 10 августехь матчехь «Оренбургца» левзира 68 минотехь, иза хийцира Мамтов Хьасана[16]. 2019 шеран 2 сентябрехь дехьавелира «Химки».[17]

2021 шеран 17 майхь «Химкашца» контракт чекхделира. Футболист дехьавелира соьлжа-гӀалин «Ахьмад» клубе[18]. Барт бира цхьаьна шарна, амма тарлора контракт дахдан кхин а шина шарна. 2021/22 шарахь левзира 27 матчехь, чутуьйхира 8 буьрка (1 — пенальтера). Кхаа шарахь тӀелатархочо чутуьйхира 30 буьрка 80 матчехь мехкан чемпионатехь.

2024 шеран августехь Конате дехьаваьлла саӀудийн «Эр-Рияде», амма шо даьлча йухавирзина «Ахьмаде»[19].

Статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]
2025-08-04 хьолан
ЛовзарЛигаЛигаКедашЕврокедашЖамӀ
КлубЛигаШоЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолашЛовзаршГолаш
УралПремьер-лига 2016/17 4011 ? ?
Йерриг 4011 ? ?
БабитеЛакхара лига 2017 11 ? ?
Йерриг 11 ? ?
Кайрат АХьалхара лига 2017 123 ? ?
Йерриг 123 ? ?
ГомельЛакхара лига 2018 122 ? ?
Йерриг 122 ? ?
ПюникПремьер-лига 2018/19 1561062 ? ?
Йерриг 1561062 ? ?
ТамбовПремьер-лига 2019/20 20 ? ?
Йерриг 20 ? ?
Химки ФКъЛ 2019/20 8030 ? ?
Премьер-лига 2020/21 26332 ? ?
Йерриг 34362 ? ?
АхьмадПремьер-лига 2021/22 278 ? ?
2022/23 241142 ? ?
2023/24 291162 ? ?
Йерриг 8030104 ? ?
Эр-РиядПро-лига 2024/25 27420 ? ?
Йерриг 27420 ? ?
АхьмадПремьер-лига 2025/26 3011 ? ?
Йерриг 3011 ? ?
Йерриг карьерехь 1904921862 ? ?

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Mohamed Konaté // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Мохамед Конате прибыл в расположение «Урала». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 16 сентябрехь Архивйина 2016-09-16 — Wayback Machine
  3. Сезон 2016/2017. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  4. Голы Чантурии и Конате принесли «Уралу» победу в Челябинске. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  5. Дмитрий Селюк: «Конате не выдержал конкуренцию в „Урале“? Может, клуб решил провести остаток сезона без забитых мячей». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  6. ПРОХОДИВШИЙ ПРОСМОТР В «РОСТОВЕ» ГОГУА ПЕРЕШЕЛ В «КАЙРАТ». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  7. Официально: Мохамед Конате стал игроком «Гомеля». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  8. Зимние сборы, матч № 6: «Урал» — «Гомель» 5:2. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 март. Архивйина 2025 шеран 26 сентябрехь
  9. РФС отказал «СКА-Хабаровску» в регистрации футболиста Конате вне трансферного окна. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2018 шеран 6 мартехь
  10. "Гомель" объявил о переходе Конате в "Пюник". ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  11. Шесть футболистов покинули "Пюник". ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 11 сентябрехь Архивйина 2019-09-11 — Wayback Machine
  12. Состав «Тамбова» пополнят Усман и Конате. Нигериец забивал «Атлетико» и был на просмотре в «Барсе». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  13. «Тамбов» подпишет двух клиентов Селюка из «Пюника» – Конате и Усмана. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 2 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  14. Сезон 2019-2020. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  15. Протокол матча «Тамбов» - «Арсенал» (Тула). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  16. Протокол матча «Оренбург» - «Тамбов». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  17. Мохамед Конате перешел в "Химки". ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  18. Покинувший "Химки" Конате подписал контракт с "Ахматом". Спорт РИА Новости (20210518T1436). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 сентябрь. Архивйина 2022 шеран 24 январехь
  19. "Конате вернулся в «Ахмат» из Саудовской Аравии. Контракт с лучшим бомбардиром в истории клуба – на три года". Спортс’’. ТӀекхачаран де: 2025 ш. 26 сентябрехь.

Кеп:Буркина-Фасо Африкин къаьмнийн кедехь 2021 Кеп:Буркина-Фасо Африкин къаьмнийн кедехь 2023