Чулацаман тӀегӀо

Комэнеч, Надя

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Надя Комэнеч
рум. Nadia Comăneci
Надя Комэнеч 1980 шарахь
Надя Комэнеч 1980 шарахь
Шен информаци
Сте-боьршалла сте
Йуьззина цӀе Nadia Elena Comăneci
Пачхьалкхаш
Йина терахь 1961 шеран 12 ноябрь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (64 шо)
Йина меттиг Онешти, Румыни
Тренераш Бела Каройи, Марта Каройи
Локхалла 163 см
Йозалла 60 Кийла
Олимпиадехь уггаре дика жамӀаш
Официалан сайт (инг.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Надя (Надия Елена) Комэне́ч[2][3], йа Надя Команечи[4][5] (рум. Nadia Elena Comăneci [ˈnadi.a koməˈnet͡ʃʲ] аудио ; йина 1961 шеран 12 ноябрехь, Онештехь, Румыни) — румынин гимнастка, пхоьазза олимпийн чемпион, шозза дуьненан чемпион, иссозза Европин чемпион.

Дуьххьарлера гимнастикехь дуьненайукъара къийсамашкахь жюрино 10 балл мах хадийна гимнастка (Аьхкенан Олимпийн ловзарш Монреалехь, 1976). Уггаре титулаш йолу, цхьаьна могӀара Липэ Элисабетца а, Дамьян Джорджетца а, Румынин спортхо Олимпиадийн исторехь. Румынин Къоман олимпийн комитетан а, Румынин гимнастикин федерацин а Сийлахь президент.

Надя Комэнеч, 2012 шо

Надя (Надия) Елена Комэнеч йина 1961 шеран 12 ноябрехь Онешти гӀалахь (Бакэу гуо, Румыни)[6][7] Георге (1936—2012) а, Штефани а КомэнечгӀеран доьзалехь; цуьнан жимха волу ваша ву Адриан[8]. Дай-наний дӀасакъаьстина 1970-гӀа шерашкахь, да кхелхина Бухаресте[9]. 2011 шарахь интервьюх Надин нанас Штефанис элира, гимнастике шен йоӀ дӀайазйина, цуьнан энерги а, жигаралла а сов йолун дера, цунна урхалла дан хала долун дера[10].

Комэнеч йолайелира гимнастике лела берийн бешахь йолуш дуьйна меттигера командица Flacăra («Алу») тренерашца Дунканца а, Мунтянуца а[11][12]. Йалх шо долуш дуьйна цуьнан тренераш бу зудий-майрий Бела а, Марта а КаройигӀара (Károlyi)[13][14]. Дукхаха болу КаройигӀеран ишколан дешархойх къаьсташ, Комэнеч лелара тренировкашка цӀера, хӀунда аьлча гергахь Ӏаш йара[15].

1970 шарахь иза шен гӀалин командехь къовсамашка лела йолайелира, иза хилира уггаре жима гимнастка, Румынин чемпионатехь тоьлла.

1976 шарахь, Ӏамерикан Кад дӀахьош, 14 шо долу Команечин дуьххьара вевзира Ӏамерикан гимнаст Барт Коннер, цуьнан 18 шо дара.[16] Цу шимме а дети а даьккхина, цхьаьна сурт а даьккхира. Цул тӀаьхьа масех бутт баьлча, уьш къовсавелира 1976 шеран аьхкенан Олимпиадехь, цигахь Команечи чӀогӀа йара, Коннер мелла а гӀараваьлла вацара. ТӀаьхьо Коннера дӀахьедира: «Со цхьанна а ца вевзара, [Команачи] шеко йоцуш цхьа а тидам ца бора суна»[17].

Надя Комэнеч къовсамехь йу Монреалехь. Румынин марка, 1976 шо

1976 шарахь Монреалера Олимпийн ловзарш чекхдевлча Комэнеч BBC компанино къобал йира 1976 шеран «Шеран дозанал арахьара спортхо»[18] а, «шеран спортхо[en]» а компанино Ассошиэйтед Пресс (1976 ш.)[19]. ЦӀа йеача Румыни, Комэнечна совгӀат дира Дашо ЖӀов а, Марс а мидалца[20], йелира Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун цӀе. Иза уггаре къона румынхо йара, иштта Николае Чаушескун администрацино къобал йина[11].

Надя гимнастикера дӀайаьлла 1981 шарахь Универсиадехь дакъа лаьцначул тӀаьхьа, цигахь йаьккхира 5 дешин мидал[2]. Оццу шарахь иза АЦШ туре йахара, цу йукъахь цуьнан тренер Бела Каройи а, цуьнан зуда Марта а йедира. Каройис Надяга шайца йада элира, амма иза реза ца хилира. Румынин Ӏедал кхоьрура Команеч а хьалха-тӀаьхьа йадарна, Надя кхин махкара арайала бакъо ца йелира.

Бухарестан физоьздангаллин институте хӀоьттина[2]. Спортан дешар даьккхина, цуо спортан гимнастикин тренеран говзалла йелла[21].

2006 шарахь Румынехь хеттарш дира «100 сийлахь румынхо», Комэнеча 10-гӀа меттиг йаьккхина цигахь — уггаре лакхара дийна болчарна йукъахь, уггаре лакхара зударшна йукъахь, уггаре лакхара спортхошна йукъахь.

Цкъа йахийтира 1984 шеран Олимпийн ловзаршка АЦШ: Надя йахара цига тергончин хьокъехь. Шен мемуарашкахь цуо йаздира, дукхах болчарна моттара, Румыни соцлагерера цхьаъ бен йоцу пачхьалкх, 1984 шеран Олимпиадехь дакъа лоцуш, хӀунда аьлча АЦШ дош делла бевддарш тӀе ца эца. Команечин тӀаьхь гуттаренна терго йара, шен хиллачу тренерца Бела Каройица контакт хила цунна ца магийнера.

1989 шеран ноябрехь, Румынин революци хилале жимма хьалха (1989), Надя йедда Румынера кхечу кегийрхойн тобанца цхьаьна АЦШ-на Мажарийчухула а, Австрехула а, цул тӀаьхьа эмиграци йира Канаде. Надя йуьхьанца Монреалехь болх беш йара, цул тӀаьхьа шен хинволчу майрачо тӀедиллина Оклахоме дӀайахара. ТӀаьхьо иза дуьххьара Румынехь хилира Чаушеску Николаэ Ӏедал доьжначул тӀаьхьа, цигахь 1996 шарахь иза маре йахара гимнастикин шозза Олимпийн чемпион хиллачу Ӏамерикин гимнасте Барт Коннере. Надян Ӏамеркин гражданалла йелира 2001-чу шарахь, шен Румынин гражданалла йитира.

Тахана Надяс а, цуьнан майрачо а долахь а, лелош а йу Оклахома штатерчу Норманехь «Bart Conner Gymnastics Academy» а, масех спортан сурсатийн туька а. Уьш иштта жигара бу сагӀалучу балха тӀехь. Цара арахоьцу гимнастикин журнал, куьйгалла до ораторин йукъараллина[2].

Комэнеч Надя — шина адамах цхьаъ йу, ДОК Олимпийн орден шозза йелла 1984 шарахь, уггаре жима орденан кавалер хилла, кхин а 2004 шарахь а.

2024 шеран 1 августехь дӀайиллира Парижера Олимпиадин гимнастикин финалан къовсамаш.

Спортан карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1975 шарахь 13 шо долуш Комэнеч Европин чемпионатехь Шиенехь (Норвеги) къовсалуш йара, цигахь дуьххьара туьйлира абсолютан хьалхейаккхарехь, тайп-тайпана локхаллийн брусаш тӀаьхь, хен тӀаьхь, гӀорторан кхоссайаларехь. Оцу турнирехь цуо цецбехира говзанчаш программин халачу элементашца[2].

2003 шарахь арахийцира автобиографи. 2006 шарахь Комэнечан а, Коннеран а кӀант хилира Дилан Павел Коннер[22].

1976 шарахь Монреалехь хиллачу Олимпийн ловзаршкахь Комэнеча толам баьккхира абсолютан хьалхейаккхарехь, хен а, брусаш а тӀехь упражненешкахь. ЧӀогӀа дика гайтира ша тайп-тайпана локхалла йолу брусаш тӀахь, иза хилира дуьненайукъара къовсамашкахь «10,0» балл йаьккхина дуьххьарлера гимнастка[23][24]. Оцу хенахь лорура, гимнастикехь итт бал йаккха а ца ло, цундела Omega фирмано йина таблога ца гайталора и жамӀ, йаьккхина 10 балл гайтира «1,00» санна[25].[26][27]. Йуьхьанца йа хьовсархой а, йа спортхой а ца кхийтира хиллачух, зал чухула мурмор дӀасадаьржира. Ша Надя цкъа а ца хьожара шен ловзарш дӀадаьхьначул тӀаьхьа табло тӀе — цуьнан тобанхоша элира цуьнга, шайна хетарехь «10» балл йелла хила тарло аьлла. Спортхо тешна йара, кхелахоша шена «1» баллаш йала йиш йоцийла. Монреалан ловзарийн йисинчу хенахь Комэнеча кхин а 6 «10» меттиг йаьккхира. Цунна тӀаьхьа советийн гимнасткас Нелли Кима а шен дуьххьарлера ши «10» балл йаьккхира («паргӀата» упражненина а, «гӀорторан кхоссайаларна» а). Командийн къовсамехь Комэнечна йелира детин мидал, ткъа «паргӀата» упражненина — борзанан мидал[2].

Ша дуьххьарлера 10 балл йаьккхина гимнастка йуй, Надина хиира Румыне цӀа йеича. Малхбузехь оцу кхиамна цунна цӀе тиллира Ten Girl («Иттанна йоӀ»).

1976 шарахь иза хилира толамхо Америкин Кедан абсолютан хьалхейаккхарехь, иза хилира «Мэдисон-сквер-гарденехь» Манхэттенехь. Цуо баьккхира наггахь бен ца ло 10 балл дуккха ахбуьнарийн паргӀата упражненешна[28].

Комэнеч хилира дуьххьарлера румынийн гимнастка, хьуьнарш кьовсарехь Олимпийн чемпионан цӀе йаьккхинарг. Иштта иза исторехь уггаре а жима Олимпийн чемпион йу спортан гимнастикехь, хӀунда аьлча Олимпийн комитето шен хенан лехамаш карлабаьхна. Гимнасташна хӀинца Олимпан ловзарш дӀахьочу шарахь 16 шо кхача деза, ловзарш дӀахьочу хенахь къовса бакъо хилийта. 1976 шарахь Команечи къовсалуш хилча, гимнасткийн 14 шо хила деза къовсадаларан хьалхарчу дийнахь[29]. Иза бахьна долуш карарчу хенахь рекорд йоха ца ло.

Надя Комэнеч, 1977 шо
  • «Гимнасткаш» телесериалехь 3-гӀа шарахь роль ловзийна.
Румынин жима кехат 2021 шеран Надя Комэнеч йинчу денна купон тӀера цуьнан суртца а, автографца а

1976 шеран 31 октябрехь Монголин пошто арахецна поштан марканийн сери (№ 1018—1024 + поштан блок № С1025). № 1019 20 мунгу номинал йолу маркин тӀехь йиллина Надя Комэнеч.

1994 шеран 23 ноябрехь Бухарестан сийлахь гражданин цӀе йелира[30].

2000 шарахь совгӀат дина Румынин Седин орден командоран жӀараца. 2004 шарахь йелла I тӀегӀанан «Спортан гӀуллакхашна» орден. 2021 шарахь хилира Румынин Седин орденан сийлахь эпсар[31].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. WHERE ARE THEY NOW – NADIA COMĂNECI
  2. 1 2 3 4 5 6 БРЭ, 2009.
  3. Кеп:Книга:Олимпийская энциклопедия
  4. Надя Команечи: я не жалею ни о чем. Euronews (2016 шеран 8 август). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 май. Архивйина 2018 шеран 14 майхь
    Надя Команечи: маленькая коммунистка, которая никогда не улыбалась. DW (2014 шеран 19 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 май. Архивйина 2018 шеран 2 апрелехь
  5. Редакция газеты Собеседник. Собеседник 42-11-2012. — ЛитРес, 2017. — С. 31—. ISBN 978-5-457-80528-6.
  6. Lafon, Lola The Little Communist Who Never Smiled (инг.). Serpent's Tail/Profile Books. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 27 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 22 августехь
  7. Gymnastics legend Nadia Comaneci wants to remind everyone she's from Romania (инг.). New York Daily News (2016 шеран 6 август). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 4 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 15 сентябрехь
  8. gymn-forum.net. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 10 апрель. Архивйина 2009 шеран 18 августехь
  9. evz.ro. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 10 апрель. Архивйина 2019 шеран 10 апрелехь
  10. libertatea.ro. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 10 апрель. Архивйина 2018 шеран 15 декабрехь
  11. 1 2 Whatever Happened to Nadia Comăneci? Архивйина 2010-05-28 — Wayback Machine Barbara Fisher and Jennifer Isbister, 2003, Gymnastics Greats.com
  12. Comăneci
  13. Comăneci, pp. 17-19.
  14. Deford, Frank. «Nadia Awed Ya» Архиван копи 2019 шеран 10 апрелехь дуьйна Wayback Machine тӀехь. Sports Illustrated. August 2, 1976.
  15. Comăneci, p. 19.
  16. Comăneci, p. 53.
  17. The Adorable Way This Olympic Couple First Met (инг.). Oprah: Where Are They Now? (2016). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 19 август. Архивйина 2016 шеран 20 августехь
  18. Dodd, Marc Top Five: Teenage Sensations (инг.). Metro (2008 шеран 1 август). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 11 январь. Архивйина 2012 шеран 20 сентябрехь
  19. Associated Press Athletes of the Year (инг.). MSN.com. Архивйина 2009 шеран 7 апрелехь
  20. Decretul nr. 250/1976 privind conferirea de distinctii ale Republicii Socialiste Romania unor sportivi, antrenori si activisti din domeniul educatiei fizice si sportului (рум.). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 6 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 11 апрелехь
  21. Comăneci, pp. 94 and 121.
  22. "Nadia Comaneci, Bart Conner Have a Boy". PEOPLE.com(ингалс.). 2006-06-06. Архивйина 2017 ш. 02 августехь. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 18 июлехь.
  23. Маленькие цели и большие победы Нади Команечи(ТӀе цакхочу хьажорг) BBC, 24 июля 2008 (ссылка на интернет-архив).
  24. Надя Команечи: я не жалею ни о чем. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 9 февраль. Архивйина 2016 шеран 16 февралехь
  25. "50 stunning Olympic moments No5: Nadia Comaneci scores a perfect 10". The Guardian. 2011-12-14. Архивйина 2014 ш. 01 мартехь. ТӀекхачаран де: 2012 ш. 31 июлехь.
  26. Ziert, Paul Still A Perfect 10 (инг.). Olympic Review (2005). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 июнь. Архивйина 2008 шеран 27 июнехь
  27. Cousineau, Phil. The Olympic Odyssey: Rekindling the True Spirit of the Great Games(ингалс.). — Quest Books, 2003. — P. 160—161. ISBN 0835608336.
  28. «Gymnast Posts Perfect Mark» Архиван копи 2008 шеран 22 ноябрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь Robin Herman, New York Times, March 28, 1976.
  29. Within the International Federations (инг.). Olympic Review (1980). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 июнь. Архивйина 2010 шеран 8 августехь
  30. Distincții acordate în perioada 1991-2022. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 30 январь. Архивйина 2021 шеран 2 августехь
  31. Comăneci Nadia. Persoane Decorate. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 30 январь. Архивйина 2023 шеран 22 февралехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]