Классикан механика

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Orbital motion.gif

Классикан механика- физикин теори ю. Цо макроскопин объектийн (хӀоьан тӀера машенан меженаш тӀе кхаччалц) а, астрономин объектийн (масала тӀурненан кемаш, планеташ, седарчий, галактикаш) боламашна сурт хӀоттадо. Классикан механико урхалла деш йолу объектан карара хьал девзуш хилча, иза тӀейогӀучу хенахь муха лелар ю ала йиш а ю (детерминизм), иштта иза хьалхалерачу заманахь муха лелла дийца йиш а ю.

Галилейн дустараллан принципашна а, Ньютонан низамашна а  тӀехь кхоллайелла механикин кеп ю иза. Цундела кест-кеста цунах «ньютонан механика» олу.

Классикан механикин дакъош:

  1. Статика
  2. Кинематика
  3. Динамика

Коьрта кхетамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Классикан механико коьртачу билгалонех а, моделех а пайда оьцу:

  • шорте
  • хан
  • дӀалараран кеп
  • масса
  • хӀумаллин тӀадам. ХӀумаллин тӀадамаш кинематикехь а, динамикехь а тайп-тайпанчу бустамашца дӀаязбо:
    • радиус-вектор
    • сихалла
    • сихдалар
    • масса
    • импульс
    • кинетикан энерги
    • ницкъ