Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де
Файл:Whale-more-priroda.jpg
МаьӀна Адамаллин тидам бахийта киттийн а, киткепарчийн а, наггахь кхин океанан, хӀордан декхаш долчу дийнатийн а.
Терахь 1986 шеран 23 июлехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Киттийн а, дельфийн а дуьненайукъара де (инг. World Whale and Dolphin Day) — Ӏида, юкъадаьккхина 1986 шарахь Дуьненайукъара китташ дайаран комиссис (инг. International Whaling Commission — IWC). Иза даздо 23 июлехь[1], хӀунда аьлчи оцу дийнахь 1982 шарахь IWC кхажтесна коммерцин Ӏалашонца китташ дайар 1985/1986 муьехь дуьйна маггане а ца магдар[2][3].

Ца магдар ницкъе даьлла 1986 шеран 19 февралехь дуьйна. Цуьнан лерамна хӀора шарахь 19 февралехь даздо кхин цхьа Ӏида — Киттийн дерриг дуьненан де. Иза лору кхин декха дийнаташ Ӏалашдаран де а. Наггахь тайп-тайпана мехкийн экологин кхолламаш хьажадо и де хӀаллак хила герга яханчу цхьаьна кепарчу декхачу дийнатна[4][5][1].

«Ӏилманан Ӏалашонна» китташ лецар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Токион базарара киттан жижиг

Дуьненайукъара китташ дайаран комиссис китташ лецаран болх ца магийча, Япон, санкцех кхераелла, бартан реза хила йийзира, амма шена кӀелдахьула болх бан меттиг йитира «Ӏилманан хьашташна китташ лецар» аьлла. 2007 шеран китташ леца йелла квота 950 кит хилира, аьлчи а хӀора дийнахь Японехь лоцура кхоъ гергга кит. Оццу шарахь японин китташ лецаран флотилин флагман «Ниссин-мару» тӀехь цӀе елира, тӀаккха «Ӏилманан» дайира 508 дийнат. И дар-дацар бахьнехь Японехь кховдийра китташ лецар церан пхоран муьрехь. Ӏилманан белхаш чекхдевлчи дийнатийн жижиг коьртаниг кхочу японин ресторананашка. Иштта Японехь дӀадоло гӀерта букъ бойна китташ лецар[6].

2010 шеран 19 февралехь Австралин премьер-министра Радд Кевина тӀедиллира Японин китташ лецаран болх сацор, кхерам тесира Гаагерчу дуьненайукъара зуламийн суьде Токион дуьхьала дов хьедан[7].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху calend тIетовжаран йоза йаздина дац
  2. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Brakes_2013 тIетовжаран йоза йаздина дац
  3. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху IWC_shedule тIетовжаран йоза йаздина дац
  4. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху izvestia тIетовжаран йоза йаздина дац
  5. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху rian тIетовжаран йоза йаздина дац
  6. Япония впервые за 20 лет не смогла выбрать квоту на промысел китов. РИА Новости (2007 шеран 1 март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 26 мартехь
  7. "Австралия пригрозила Японии международным судом за промысел китов". Лента.ру. 19 февраля 2010 года. {{cite news}}: Проверьте значение даты: |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)