Цийн Халкъан Республика

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Китай Халкъа Пачхьалкх дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци, Лахар


Цийн Халкъан Республика
 кит. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó
Flag of the People's Republic of China.svg National Emblem of the People's Republic of China.svg
Байракх Герб


Цийн Халкъан Республикан пачхьалкхан гимн
CHN orthographic.svg
Кхоьллина 1949 шеран 1 октябрехь
Официалан мотт Цийн[1]
Коьрта гӀала Пекин
Яккхий гӀаланаш Чунцин, Тяньцзинь, Шанхай, Пекин, Гуанчжоу
Урхаллин тайпа социалистически (коммунистически) республика
Председатель,
ЦК ККП секретарь
Председателан гӀовс
Госсоветан Премьер
Председатель ВСНП
Председатель НПКС
Си Дзиньпин[2]

Ли Юаньчао[3]
Ли Кецян[4]
Джан Дедзян
Дзя Цинлинь
Латта
• Массо
• % хина тӀехле.
3-гӀа дуьненахь
9 596 960[5] км²
3,8
Бахархой
• Мах хадор (2013)
Луьсталла

1 349 585 838[6] адам.
139,6 адам./км²
ДЧС
  • Дерриг (2013)
  • ХӀораннан а сина

7,318 трлн.[7]
 $
6,569[8] $
ДЧС (НЭТ)
  • Дерриге
  • ХӀораннан а сина

12,383 трлн.[9] $
9 828[9] $
АДКМ (2013) 0,699[10] (юкъара) (101-гl)
Ахча юань (женьминьби) (CNY, код 156[11]
Интернет-домен .cn, .中国, .中國, .公司, .网络
Код ISO CN
Код МОК CHN
Телефонан код +86
Сахьтан асаш +8

Координаташ: 32°48′00″ къ. ш. 103°05′00″ м. д. / 32.80000° къ. ш. 103.08333° м. д. / 32.80000; 103.08333 (G) (O)

Цийн-мохк (кит. 中國, 中国, : Zhōngguó, : Чжунго), официалан цӀе — Цийн Халкъан Респу́блика (ЦХР) (кит. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó, : Чжунхуа Жэньминь Гунхэго) — Малхбален Азин социалистийн пачхьалкх ю. Дуьнен тӀехь уггаре а дукха халкъ долу пачхьалкх ю (1,36 млрд гергга[12], дукхаха долу къам — этнически цийш бу, шайн цӀе — хань йолуш); кхоалгӀа меттехь ю шен майданца, шелла а дукха латта Российхь а, Канадехь а бен доцуш.

Йоккха пачхьалкх ю, потенциалан онда пачхьалкх ю, экономикан онда пачхьалкх ю, КЪЦКХ-н Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а йолу декъашхо ю. Дуьненахь космосан белхан пачхьалкхехь коьртехь йолчарех цхьаъ пачхьалкх ю, ядеран герз ду, дуьнен тӀехь уггара доккха эскар а ду.

2010 шарахь цийн экономика хьалха яьлла японийчул а, номиналан ЧВГӀ-ца дуьненахь шолгӀа экономика хилла[13]. 2014 шеран декабрехь дуьйна ю дуьненахь хьалхара экономика ЧВГӀ-га диллича[14]. ЦХР ю дуьненахь дукхаха йолу индустрин гӀирсашдарехь хьалхе лелош, цу юкъахь автомобилаш яр а, уьш йохкаяларехь а. Дуьненан йоккха экспортёр («дуьненан фабрика») ю иза. Дуьненахь уггара а дукха дешийн-валютан резерв ю.

Цийн-мохк дуьненюкъара кхоллараш юкъах бу: КЪЦКХ, ЙГӀА (АТЭС), G20, Дуьненаюкъара йохкэцаран кхоллар (ДЙКХ; 2001 шеран декабрехь дуьйна[15]), кхин тӀе ШОС а, БРИКС а.

1949 шарахь Цийн Халкъан Республика дӀакхайкхичхьана Ӏедалехь йолу партии Цийн Коммунистийн парти (ЦКП) ю.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Чжунго «Юккъера пачхьалкх» — Цийн шайн цӀе
Бух болу яззам: Цийн истори

Цийн истори шатайпа бесбесара шира тептаршкара схьаэцна ю, и тептарш а, археологин карийна тоьшаллаш а цхьана тоьхча, меттахоттало политически дахар а, социальни кхиамаш а, кӀорггера шира заманчура дуьйна. Шира Цийн динан-философин а, историн а чулацам болу, динехь деза лерина долу тептарша,— Конфуцийн Ӏилма дуьйцурш шатайпа — цийн цивилизаци кхин дӀа кхоллаяларна а, цийн къоман дуьнегарна а гӀодора.

Конфуций заманахь дуьйна Цийн цивилизацийн хӀора стагана аматехь яра лакхара социальни а, политикан а жигаралла, иза хьажийна яра дуьненахь ирс, аьтту хилийта — цу тӀе къадар делера а цахуьлийтара цара, ткъа шайн ницкъашца кхоьллина лорура.

Цийн цивилизаци — дуьненахь уггаре а шираниг ю. Цийн Ӏилманчаша[муьлханаш?] дийцарехь, цуьнан хан пхи эзар шо хила мега, цу тӀе долуш долу язбинчу бух тӀехь дӀакъовлу мур 3500 шо сов. Генара заманара йолу административни урхаллин система, хийцалушйолу династешца туолуора, дуккха а тӀехьабисинчу лулахой-даьхнашца лелашболчаьрца а, ламанхошца а дуьстича, церан экономика лаккхара латталелоран бух тӀехь лаьтташ яра, цуо гушболу аьттонаш бора цийн пачхьалкхана. Кхин а чӀагӀйелира цийн цивилизации Конфуцийн идеологи пачхьалкхан идеологии (I бӀешо вайн эрал хьалха) яро а, йозан цхьа система хоттаяро а (II бӀешо вайн эрал хьалха).

Политикан агӀора хьаьжча Цийн-мохк масех эзар шарахь чекхбелира юх-юха хийцалуш болучу политикан цхьааллин а, къастаран а муьрашкахула, цхьацца хенахь цхьа дакъа я шаболу мохк кхечу пачхьалкхийн дакъа хуьлура (масала, Юань империи а, Цийн) импери а. Цийн-махкана сих-сиха арахьара тӀелетара, амма дукхаха болу тӀелетарш хьалха, я тӀехьа ций хуьлий цийн этносах дӀаиэлора, ткъа церан пачхьалкхан латта дукхахьолахь Цийн-махкана юкъатохура. Таханалера цийн пачхьалкх а, халкъ а дукха бӀешерашкахь гонахьара дуккха а долу азин къаьмнашца (дукха миллионаш адамаш иэлуш, бӀешерашкахь хань къомо ассимиляци йина) оьздангаллин а, политикан а дӀаиэдаларан, уьйранаш латтаяран жамӀ ду. Цу тӀе лара деза, цийн историйийцаро юкъаялайо кхечу къаьмнийн йозуш йоцу пачхьалкхаш (монголийн а, маньчжурийн а) Цийн-махкан династийн терхьийн историн юкъа, оцу къаьмнийн шайн историн Ӏадаташ тергал а цадеш, церан пачхьалкхаш Цийн-мехкан дакъош долуш санна.

Цийн эскарийн тӀом гӀоьвттанчу Мяошца
Цийн историн Ӏилмано тӀеиэцна йоцца терхьийн таблица,
Шераш Пачхьалкх (династи)
Вайн эранал хьалха
2353 в. э. хь. — 2255 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Яо
2255 в. э. хь. — 2205 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Шунь
2205 в. э. хь. — 1766 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Ся
1766 в. э. хь. — 1122 в. э. хь. Шан-Инь династийн Ӏадат хилла терахь
1122 в. э. хь. — 249 в. э. хь. Чжоу династийн Ӏадат хилла терахь
221 в. э. хь. — 206 в. э. хь. Цинь династийн Ӏадат хилла терахь, цийн къоман пачхьалкх кхоьллина хан
206 шо в. э. хь. — 220 в. э. Хань династийн Ӏадат хилла терахь
(оцу юкъахь Малхбузен Хань — 206 в. э. хь. 25 в. э. кхаччалц,
Малхбален Хань — 25 — 220 в. э.)
Вайн эра
220—264 Вэй династи, Кхаа пачхьалкхан зама
265—420 Цзинь династи (Малхбузен Цзинь: 265—316, Малхбален Цзинь: 317—420)
420—479 Къилба Сун династи
479—501 Ци династи
502—556 Лян династи
557—588 Чэнь династи
581—618 Суй династи
618—917 Тан династи, цийн оьздангаллин «Дешийн бӀешо»
907—959 Пхеа династийн а, итт пачхьалкхан а зама
960—1279 Сун династи, ЮккъерабӀешерийн экономикин дахаран лакхара айам
1280—1368 Юань династи (монголийн)
1368—1644 Мин династи
1644—1911 Цин династи (маньчжурийн)
1912—1949
(Тайванехь — таханаллац)
Цийн Республика
1949 ш. 1 октябрехь дуьйна Цийн Халкъан Республика

Цин династи[нисъе | нисъе чухулара]

Юьхьанца династех «Цзинь» (金 — деши) олура, Цзинь империи цӀарах — хьалха шайха маньчжураш бевлла йолу чжурчжэни хиллайолу пачхьалкх. 1636 шарахь цӀе хийцина хилла «Цин» (清 — «цӀена») аьлла. XVIII бӀешера хьалхарчу декъехь цинийн куьйгалхойн аьтту белира пайдехьа нисдан пачхьалкхан куьйгалдар, оцу белхан цхьа жамӀ ду оцу бӀешарахь уггара чехка темпашца айаделира Цийн-махкара халкъ дебар. Цинийн гуоно лелайора ша дӀакъастаран политика, тӀехьа XIX бӀешарахь Цин империн юкъабогӀуш хилла Цийн-мохк нуьцкъала дӀабиллира Малхбуза пачхьалкхаш.

ТӀехьарлера Малхбуза пачхьалкхашца долу гергарлонаш аьтту бира династийн Тайпинийн г1аттамах кӀелхьараяла, гӀеххьачул аьттонца модернизаци ян, ткъа иза бахьанехь XX бӀешераш доладаллац латта, амма иза бахьана дара маньчжураш цабезар айадалар.

XX бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедина тӀиера XX бӀешерийн хьалхарчу декъан Цийн-мехкан шен карта

1900 шеран майхь Цийн-махкахь болабелира боккха гӀаттам, цунна цӀетиллира боксёрийн, я Ихэтуанан гӀаттам. 1900 шеран 21 июнехь Цыси паччахьо Йоккхабританина, Германина, Австро-Мажарийна, Францийна, Италийна, Японана, Американ Вовшехтоьхна Штаташна, Российна тӀом кхайкхийра. Йаккхий пачхьалкхаш резахилира бертахь доьхьало ян гӀаттамхошна дуьхьал.

1904 шарахь 8 февралехь болабелира Оьрсийн-японин тӀом Манчжури а, Корей доладархьама. Цийн-махкан дозан тӀехь бодара тӀом, Российна чӀогӀа аьтту боцуш а бара иза: оцунан жамӀашца Российно дӀаелира Японан Порт-Артур а, Ляодунски ахгӀайре а, цу тӀехь бинчу цӀерпоштнекъийн цхьана декъаца ЦМЦ1Н. 1908 шарахь 14 ноябрехь Цыси паччахьа хьалхо Ӏедалера дӀаваьккхина волу Гуансюй паччахь велира. Гуансюйна дӀавш теснера, хӀунда аьлча Цысина цалаара иза шелла тӀаьхьавуьсийла. ШолгӀачу дийнахь елира Цыси а. Паччахь хоьттира ши о долу Пу И. Цуьнан доладеш волу регент хоттийра цуьнан да эла Чунь.

1910 шарахь Японис дӀалецира Корей.

1911 шарахь Цийн-махкахь болабелира Учанан гӀаттам. Иза йоьхьиг яра Синьхайн революцин (1911—1913), жамӀ дара маньчжурийн династии кхоссар. Цийн импери юьйхира, дӀакхайкхийра Цийн республика кхоллар.

Монархи йоьжначул тӀехьа, Монголин Богдо-хан республикан куьйга кӀел ца веара, цуо кхайкхийра, шен пачхьалкхо маньчжурийн династин суверенитет къобал йора, ткъа Цийн республикин ца йо аьлла. 1912 ш. 3 ноябрехь бартбаран кехат хоттийра Монголино Российца. Цийн-махкахь юкъара къийсамаш беш Ӏашшехь, Ингалсо Тибетехь шайн позицеш чӀагӀйира, уьш гӀевттира къам мукъадаккхаран къовсаме, Цийн гарнизонан араяла йийзира пачхьалкхера. Оцу хенахь дуьйна Цийно Тибет дӀалацалц, иза йозушйоцу пачхьалкх яра. Росси резахилира Тибет Ингалсо доладо мохк лара, ткъа Ингалсо лерира оьрсийн Ӏалашонаш йозашйоцучу (Арахьара) Монголи.

1912 шеран 12 февралехь Пу И паччахьа Ӏарш дӀаелира. Ӏедале веара инарла Юань Шикай — премьер-министр а, эскаран коьрта эмир а. Кестта иза дӀакхайкхийра Цийн президент.

1913 шарахь хилира «ШолгӀа революци» коьртехь Сунь Ятсен а волуш. Юань Шикайс охьатаӀийра къаьстина лела гӀовттамхой юккъера а, къилбехьара а провинцешкахь. Пачхьалкхехь дӀахутту Юань Шикайн тӀеман диктатура, иза ву бэйянски (къилбаседера) милитаристийн тоба кхоьллинарг. Сунь Ятсена дийзира дозанал аравала.

Хьалхара дуьненан тӀом болабелча цийн правительство кхайкхадо шеш нейтральни хилар, доьху тӀемаш дечу агӀонашцка Цийн дозан тӀе тӀом цабаккхар, оцун декъахь ду аренде схьэцна латтанаш а. Амма 1914 шеран 22 августехь Японо кхайкхийра шеш Германица тӀеман хьолехь хилар, Шаньдун провинцехь немцойн колонин центр йолу Циндаон къилбаседехьа охьадоссийра 30 эзар долу эскар. Шина беттан тӀеман кампанехь Японо дӀалецира Шаньдунехь германин латтанаш, иштта куьйга кӀелалецира шайолу провинци.

1915 шарахь цийн принцаш кхажтосу Цийхь монархи хоттаярехьа паччахьан Ӏарш тӀехь Юань Шикай волуш. Парламент дӀасахоьцу. Кхайкхадо Цийн импери кхоллар. Иза бахьанехь могӀа гӀаттамаш хуьлу Цийн провинцешкахь. Пекинах йозуш цахилар кхайкхадо Юньнань, Гуйчжоу, Гуанси провинцеш. Царал тӀехьа дӀакъаьста Гуандун, Чжэцзян, Сычуань, Хунань.

1916 шарахь 22 мартехь республика меттахоттийра. Юань Шикайн дарж охьадилла дийзира.

Юань Шикай веллачул тӀехьа Цийхь кхоллабала буьйлабелира, тайп-тайпана милитаристийн тобанийн, дуккха а тӀеман-феодальни мехкаш. Уггара йоккханиг яра бэйянийн тоба, тӀехьа екъаеллайолу фынтянан тобане шен куьйгаллехь хьалха хунхузийн жоьлкийн тобан корта Чжан Цзолинь волуш, чжилийн тобане коьртехь инарла Фэн Гочжан волуш, аньхойн тобане коьртехь инарла Дуань Цижуй волуш.

Фэнтянан тобан карахь яра Хэйлунцзян, Гирин, Фэнтянь провинцеш, чжилийн — Шаньдун, Цзянсу, Чжэцзян, Фуцзянь, Цзянси, Хунань, Хубэй провинцеш, Чжили провинцин дакъа а. Фэнтянан а, аньхойн а тобанашна финанс латтадора Японо, чжилийн — Ингалсо а, Америко (ВАШ) а. Ли Юаньхун вара къилба-малхбузан милитаристаш хоттийна. Вице-президент инарла Фэн Гочжан Ингалсан а, Американ (ВАШ) а новкъа вара, ткъа премьер-министр инарла Дуань Цижуй лаьттара японан агӀора. 1917 шарахь Япон Дуань Цижуйн даккхийра декхарш дала йолаелира, царех керл-керла агӀонаш юьтуш, оцу декъахь Маньчжурера концесси а.

1912 шарахь Гуанчжоу провинцехь кхоьллира Гоминьдан парти. Иттех шо даьлча, 1921 ш., кхоьллира Цийн Коммунистийн Парти, декъашхой кӀезиг а болуш, оцу хенахь башха лераме а йоцуш. 1924 ш. 20 январехь дӀабаьхьира Гоминьданан Шайолу цийн I гулам Гуанчжоухь. Гуламехь цийн коммунисташца а, Советийн Социалистийн Республикийн Союзаца (ССРС) а гергарлонан некъ тӀеийцира. 16 июнехь кхоьллира ТӀеман академи Вампу куьйгаллехь Чан Кайши а волуш. Хьалхара дӀаиэцарехь схьаийцира 400, шолгӀа — 500, кхузлагӀа — 800, ткъа доьзлагӀа — 2600 гергга ладогӀархо. Вампу академие еара советийн тӀеман хьехамчийн йоккха тоба. 1924 шеран октябрехь тӀеийцира Цийн Конституци — законаш кхолларан меже хилира Сенатах (хоржура 6 шаран меттигерчу Ӏедалан урхалло) а, Депутатийн Палатех (хоржура халкъо 3 шаран) а лаьтташ йолу Парламент, ткъа пачхьалкхан корта Президент, харжара Парламенто 5 шаран. Кхочушдаран меже Премьер-Министрах а, министрах а лаьтташ йолу Кабинет яра, ткъа уьш хиттабора Президенто Депутатийн Палатийн пурбанца, лакхара суьдан инстанцией — Лакхара Суд яра, цуьнан председатель хоттавора Сенатан пурбанца, меттигера Ӏедалан законаш кхолларан меже — бахархоша хоржу гулам бара, меттигера Ӏедалан кхочушдаран меже — бахархоша 4 шеран хоржу административн советаш дара.

1926 шеран мартехь Чан Кайшис Кантонехь тӀеман харцам бира, гӀалара коммунисташ лаьхкира, ткъа кхоъ бутт баьлчи хаьржира Гоминьданан председатель а, тӀеман ницкъийн коьрта эмир а. Лакхара дарж даьккхина, Чан Кайшис рейхсверан инарла хиллаволу фон Сект коьртехь а волуш немцойн хьехамхошка кхайкхира.

1926 шарахь Чан Кайшин Цийн Къоман-революцийн эскаро Къилбаседехьа лелар олуш болу тӀелатарш дира. Ялх баттахь цасоццуш тӀемаш бича меттигерчу тӀеман куьйгалхойн Ӏедалах мукъаяьхнера Цийн юккъара кӀошташ.

1927 шо долалуш Чан Кайши вуьйлира ГМД а, ЦКП а цхьанатоьхна фронт цалечкъош йохо: цуьнан эскарш дуьйладелира герз дӀадаккха шанхайн тобанашкара а, гӀайранашкара а. Дуьйладелира тобанашкахь нах дӀалецар, профсоюзийн кортош а, коммунисташ а байар. Цунна доьхьала коммунисташ 1 августехь Наньчан гӀалахь гоминьданан эскаран цхьана декъан гӀаттам бира, иза Цийн истории юкъа бахана «Наньчанан г1аттам» аьлла.

1927 ш. декабрехь Кантонехь айира коммунистийн гӀаттам, иза гоминьданхоша охьатаӀийра деа дийнахь цӀи Ӏанош тӀемаш бинчул тӀехьа.

Масех тӀеман операци йинчул тӀехьа 1927 шере гергадахача Гоминьданан эскаро доладешдара Цийн доккхаха долчу декъан тӀехь.

1931 шарахь гуьйрана Япон Цийн тӀелетира. 18 сентябрехь цхьа могӀа ямартлонаш йина японаш тӀелетира, йоццачу хенахь дӀалецира Манчжури. 1932 ш. мартехь кхузахь дӀакхайкхийра Маньчжоу-Го пачхьалкх, коьрте хоьттира тӀеххьара маньчжурийн Цин империн паччахь хиллаволу, Синьхайн революци йолуш дӀаваьккхина волу Айсиньгёро Пуи.

Оцу халачу хенахь цхьанахенахь кхаа мостагӀца тӀомбан бийзира Чан Кайшин: арахьара японан агрессица а, меттигашкара цхьаболу милитаристийн спорадически гӀаттамашца а, пачхьалкхехь Ӏедал дӀалаца герга болчу ЦКП тӀеман ницкъашца а. Цуо хаьржира японашца компромиссан политика, милитаристашца гӀуллакхаш леладора тароне хьаьжжина, коммунисташца цхьан а компромисс хуьлийла йацара. 1934 шарахь ЦКП коьрта ницкъашна гуо бира Цзянси провинцехь. Оцу гуон юкъара ЦКП куьйгалло аьтту белира арабовла, масийтта баттахь некъ бина эскар пачхьалкхан Къилбаседа-Малхбузе далийра. Цунах олура «башха кӀошт», коьрта гӀала Яньань яра; и хилла хӀуманаш ЦКП историна юкъа дахана «Боккха некъ» аьлла. Чан Кайши дагахь вара цигахь а коммунисташца тӀомбан, ткъа оццахь бунт гӀаттийра цуьнан цхьа могӀа инарлаш, царна гӀолехь хетара коммунисташца берта а бахана, цхьана японан агрессица тӀомбар. «Сианан инцидентан» жамӀашца барт хилира ЦКП а, Гоминьданан а цхьанатоьхна фронт ян.

Чан Кайшин Правительствон Веймарски республика хенахь дуьйна кхочура тӀеман гӀо Германера. Ӏедале Гитлера веъча гӀо алсамдаьккхира коммунисташца тӀом байтархьама. Цийхь лицензии йолу немцойн герз деш заводаш йира, германийн хьехамчаша Ӏамабора белхалой, Ций чукхоьхьура шлемаш, Gewehr 88 а, 98 олу винтовкаш, Mauser пистолеташ. Цийн кхочура кӀеззига Henschel, Junkers, Heinkel, Messerschmitt кеманаш, Rheinmetall а, Krupp гаубицаш, танкандуьхьал а, ломан а яккхийн тоьпаш, масала, Pak 35/36, латтайора кхин а PzKpfw I олу яй танканаш.

1936 шарахь 25 ноябрехь Японо а, Германис а Антикоминтерновски пакт олу барт бира, иза ССРС а, коммунизман гӀуллакхна а дуьхьала бара. 1936 шеран 12 декабрехь хилира Сианан инцидент, цуо Чан Кайши коммунисташца берта вахавизийтара.

1937 ш. 7 июлехь Пекинан уллорчу Лугоуцяо тӀай долчохь хилла дардацар бахьанехь Японан а, Цийн а юкъахь «боккха» тӀом болабелира. Оцу меттигара, цийн историхошна моттарехь, болало Шолг1а дуьненан т1ом. 1937 шеран 21 августехь тӀеэцна Советийн-цийн вовшашна тӀецалатаран барт, цул тӀехьа ССРС йолаелира Чан Кайшин правительствон тӀеман а, экономикан а гӀодан (Цийн латтадора И-16 кеманаш а, кхин тӀеман техника а, дуьхьанца Цийн агӀора тӀомбеш советийн лётчикаш а бара). Цийн Германийн тӀеман гӀо сацийра.

1949 ш. ЦКП тӀеман ницкъаша толам баьккхира Цийра граждански тӀамехь, цу тӀе Гоминьдане ларлура дара шайн Ӏедал шегга — ВАШ гӀо а доцуш, ткъа «Цийн Компартин шайн аьтту бацара Ӏедал тӀемаца дӀалаца, уьш тӀетижира Советийн Союзна»[16]. ВАШ доккха тӀеман гӀодора Гоминьданан, цу юкъахь чогӀа дукха танкаш. 1949 шарахь болх дӀаболира Цийн халкъан политикан консультативни совето, цуо дӀакхайкхира Цийн Халкъан Республика, хаьржира Центральни Халкъан Правительствон Совет. ЦХПС Председатель хилира Мао Цзэдун) цо коьллира Пачхьалкхан Административни Совет — лаккхара кхочушдаран меже (Председатель ПАС хоьттира Чжоу Эньлай). 1954 шарахь тӀеийцира конституци, цуо хийцира Центральни Халкъан Правительствон Советан цӀе Халкъан Векалийн Гуламан Шайолуцийн Гуттарен Комитет аьлла, ткъа Пачхьалкхан Административни Совет — Пачхьалкхан Совет аьлла.

1949—1956 шерашкахь ССРС гӀоьнца коьллира промышленностан коьрта отраслаш, промышленность халкъан долаяьккхира, юьртан бахам юкъара бира, тӀетаьӀӀина яржийра социалистийн гӀишлошъяр.

1956 шарахь ЦКП 8-гӀа гуламехь кхайкхийра, Мао Цзэдунан сатийсамаш кхочушдаран, «баккхийра кхиамийн» а, «коммунизацин» а политикан керла некъ (1958—1966), ткъа тӀехьлона1966—1976, шина агӀонан къийсаман жамӀашца кхайкхийна «оьздангаллин революци». Цуьнан коьрта постулат яра социализм йаре хьаьжжина классийн къийсам чӀагӀбар а, пачхьалкх а, юкъаралла йаран Цийн «шакепара некъ» (товаран-ахчан юкъаметтиг цаиэшар, долахь долу хӀуман пачхьалкха йоцу кепаш цахилар, арахьараэкономикан уьйранаш совцаяр, цӀенабоцу политикашна публикан суьдаш, хунвэйбинаш кхин дӀа а).

Мао ВАШ президентаца Никсон Ричардаца, 1972

И политика яра тӀехьа «веана къуйтоба» дӀа а яьккхина Ӏедале веанчу Дэн Сяопина сийсаза йина. ЦК ЦКП 11 кхайкхаран III Пленумехь (1978 шеран декабрь бутт) ши система ийна йолу социалистийн базаран экономикан некъ дӀакхайкхийра. И системаш яра: планаца дӀасаекъаран а, базаран а (кхечу пачхьалкхийн инвестицеш декъаялош, предприятешна алсама бахаман паргӀато луш, юьртахь доьзалан подряда юкъабалор, экономикехь пачхьалкхан секторан дакъа лагӀдеш, паргӀата экономикан зонаш дӀайоьллуш, къоьлла дӀайоккхуш, 1илма а, техника ойъуш.

Дэн Сяопин волуш пачхьалкхан арахьара политика, Маон хене хьаьжчи, пассивни яра. 1980-гӀа шераш чекхдовлуш 1990-гӀа шераш долалуш Цийн аьтту белира бахархойн юург латтаяран проблема дӀаяккха, ВЧП а, промышленни гӀирсашбаран а лакхара темпаш айъа, халкъан дахаран барам айъа.

Хийцамаш аьттонца дӀабаьхьира иза хийцинчу Цзян Цзэмина (1993 ш. дуьйна), Ху Цзиньтаос (2002 ш. дуйна), Си Цзиньпина (2012 ш. дуьйна).

Пачхьалкхан хоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Пачхьалкхан хоттаман бух[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн Халкъан Республика — унитарни республика а, халкъан демократин диктатуран социалистийн пачхьалкх а ю. Пачхьалкхан коьрта закон ду 1982 шарахь тӀеэцна конституци. Пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже — цхьана палатех лаьтташ болу, меттигашкарачу халкъан векалийн гуламаш 5 шаран хоржуш болу, 2979 депутат юкъахь волу, Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам (ШХВГ) бу. ШХВГ сесси кхойкху хӀора шарахь. Сессешна юкъахь цуьнан бакъо дӀакхоьхьу Халкъан Векалийн Гуламан Шайолуцийн Гуттарен Комитето.

Харжамашна юкъабуьту Цийн Коммунистийн парти депутаташ а, Цийн Халкъан политикан консультативни совет (ЦХПКС) юкъайогӀу кхин а барх демократийн ю олушйолу парти а. Шайн законкхолларан Ӏедалан меженаш болхбеш ю лерринайолу административни кӀошташ Гонконг а, Макао а.

ШХВГ массо а депутат ву коммунистийн а, демократийн а блокан векал.

Пачхьалкхан корта — ЦХР председатель волу (Си Цзиньпин ву (习近平)). Иза ву пачхьалкхан куьйгалхойн пхоьалгӀа голан векал.

Ӏедал оцу голан дӀадалар доладелла 2002 шарахь, Ху Цзиньтао ЦКП ЦК генеральни секретаран даржера Цзян Цзэминас хийцинчу хенахь. 2003 шеран мартехь Ху Цзиньтао хаьржира ЦХР Председатель, ткъа 2004 шеран сентябрехь — ЦКП ЦК Центральни ТӀеман Советан Председатель (ЦТӀС). Хьалха и даржаш карахь дара Цзян Цзэмина. 2005 шеран 8 мартехь цийн парламентан сессехь (Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам) тӀеийцира ЦХР Центральни ТӀеман Советан Председатель даржера Цзян Цзэминан дӀавалийтаран дехар. ТӀехьуо и дарж дӀалецира Ху Цзиньтаос а, цуьнца чекхъелира пачхьалкхан лакхарчу куьйгаллехь Ӏедал хийцаран процесс.

ЦХР Центральни ТӀеман Совет кхоьллинера 1982 шарахь. Цуьнан хьалхара председатель хилира Дэн Сяопин, 1990 шарахь оцу даржехь иза хийцира Цзян Цзэмина. ЦК ЦКП ЦТӀС а, ЦХР ЦТӀС а председателийн даржаш хӀинцалерачу Цийн политикан системехь, цхьана стагехь ду.

ТӀеман совето а, цуьнан куьйгалхочо а цийн политикан системехь коьрта васт ловзайо. Иштта, 1989 шарахь оцу хенахь партийн а, пачхьалкхан а лакхара даржашкара дӀаваьллачу цу даржехь волу Дэн Сяопина, омар дира майданара гӀаттам охьатаӀабе аьлла Тяньаньмэнь (天安门).

2013 шеран январех ЦХР лакхара пачхьалкхан а, партийн а даржаш декъар иштта дара:

Ранг Дарж Даржехь волу
1 Цийн Халкъан Республикан Председатель
ЦКП ЦК Генеральни секретарь
Центральни ТӀеман Советан Председатель
Си Цзиньпин
2 / 3 ЦХР Пачхьалкхан советан Премьер Ли Кэцян
Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гуламан Гуттарен Комитетан Председатель Чжан Дэцзян
4 Цийн Халкъан политикан консультативни советан Шайолуцийн Комитетан Председатель Юй Чжэншэн

Пачхьалкхан кхочушдаран Ӏедалан Лакхара меже ю Пачхьалкхан Совет (Центральни халкъан правительство), цу юкъабогӀу премьер, цуьнан гӀовсаш, Пачхьалкхан Советан декъашхой, министарш, комитетийн председателаш, генеральни ревизор, жоьпаллийн секретарь.

Лакхара суьдан инстанци ю Лакхара Халкъан Суд. Хьалхара инстанци суьдаш кассационни суьдаш — халкъан суьдаш. Прокурорийн терго йо Лакхара Халкъан Прокуратуро а, халкъан прокуратурийн меттигерчу меженаш а.

Пачхьалкхан Ӏедалан меттигера меже ю халкъан векалийн гулам, меттигера даиман болх беш йолу меженаш — гуттарен комитеташ (волосташкахь яц), меттигера кхочушдаран-омардаран меженаш ю меттигера халкъан правительство.


Физикан-географин амалаш[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн топографин карта

Географическое положение[нисъе | нисъе чухулара]

Ций ю Малхбален Азехь. Малхбале агӀора Тийна океанан хӀордийн хиш ду. Къилбаседа-малхбалехь доза ду КХДР а, Российца а, къилбехьа — Монголийца, къилбаседа-малхбузехьа — Российца а, Кхазакхстанца а, малхбузехь — Кхиргизица, Таджикистанца, Авх1анца, къилба-малхбузехь — Пакистанца, Х1индица, Непалца, Бутанца, къилбехьа — Бирмаца, Лаосца, Вьетнамца. Цийн латтан майда ю 9,6 млн км²[17]. Ций уггара а йоккха пачхьалкх ю Азехь, ткъа дуьненахь кхоалгӀа ю, шела а йоккха Росси а, Канада а бен йоцуш. Цийн цхьаъйолу сахьтан аса — UTC+8.

Цийн берданйист йогӀу къилбаседанехьара Къилбаседа Корейн дозанера къилбехьа Вьетнаме кхаччалц, йохалла 14 500 км ю. Цийн бердашца Малхбален-Цийн х1орд, Корейн залив, Можа х1орд, Къилбан-Цийн х1орд бу. Тайвань гӀайре къастийна материках Тайванан шинахинъюкъо.


Рельеф[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн топографи чӀогӀа бес-бесара ю, цуьнан латташ тӀехь ду лекха лаьмнаш, т1амлаьмнаш, таьӀна меттигаш, гӀум-аренаш, шуьйра акъареш. Дукха хьолахь билгалйоккху кхоъ яккхийчех орографин регион:

  • Тибетан лаьмнаш, локхалла хӀордан барамал 2000 м сов, пачхьалкхан къилба-малхбузехь ду;
  • лаьмнийн аса а, лекха акъареш а 200—2000 м лекха, пачхьалкхан къилбаседа декъа тӀехь;
  • 200 м лахахь йолу лоха аккумулятивни акъареш а, лоха лаьмнаш а ду пачхьалкхан къилбаседа-малхбалехь, малхбалехь, къилбехь, цигахь беха Цийн дукхаха долу бахархойн дакъа.

Йоккха Цийн акъари а, Хуанхэ хин тогӀе а, Янцзын хикхочийла а, вовшехкхета хӀордан бердйистехь, иза яьржина къилбаседера Пекин тӀиера къилбехьа Шанхай тӀекхаччалц. Жовхарийн хин майда (цуьнан коьрта Сицзян генца цхьана) ю Цийн къилбехь, иза Янцзы хин майданах къастийна Наньлин лаьмнаш а, Уишань (Цийра Дуьненан тӀехьен ткптара тӀеяздина) дукъо а.

Малхбузера малхбалехьа цийн рельефо кхоъ тӀиэгӀа йо. Хьалхарниг царех — Тибетан лаьмнаш, цигахь алсама ю локхаллаш хӀордан барамалла 4000 метарал лекха. ШолгӀа тӀиэгӀа йо Сычуани лаьмнаш а, Юккъера Цийн лаьмнаш а, цуьнан локхалла 1500 — 3000 м ю. Кхузахь ораматаш цӀеххьана хийцало, юьстича дукха йоккха а йоцучу меттигехь Ӏаламан зонаш хийцало лекхалаьмнийн шийла яьсса аренаш тӀиера субтропикийн хьаннаш тӀекхаччалц. ТӀеххьара тӀиэгӀа ялталушйолу акъареш ю, уьш 1500 м хӀордан барамал лахахь ю.

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн климат чӀогӀа бес-бесара ю — къилба-малхбалера субтропикийн тӀиера къилбаседа-малхбузера цӀеххьана-континентальни (аридни) кхаччалц. Къилбера бердаш тӀехь хенан-хӀоттам билгалбоккху муссонашца, уьш хуьлу тайп-тайпана лаьттан а, океанан а дӀахударан аматаш бахьанехь. Шерачохь лела хӀаваиэхь а, мехашца а аьхкен заманчохь хуьлу дукха тӀуналла, ткъа Ӏай дикка декӀа хуьлу. Муссонаш тӀеяро а, юхъяларо а доккхаха долчу тӀегӀанехь билгалдоккху барам а, пачхьалкхехь йочанаш дӀасаекъар а. Шораллица а, йохаллица а, локхаллица а йолу Цийр яккхий башхаллаш кхолладо тайп-тайпана температуран а, метеорологин а низам. Иза ду дукхахдолу пачхьалкхан дакъа ду юккъерабараман климатан областашкахь хиларе ца хьаьжина.

Пачхьалкхан 2/3 декъал сов ломан даккъаш, лаьмнаш, тӀамлаьмнаш, гӀум-аренаш, ахгӀум-аренаш ю. 90 % гергга бахархой 10 % пачхьалкхан майдан тӀехь — хӀордйистера кӀошташкахь, даккхий хиш йисташкахула (Янцзы, Хуанхэ (Можа хи), Перл) беха. И меттигаш ю гӀочу экологин хьолехь, бахьана — дуккха а заманахь лелош ду латтанаш юьртабахаман хьашташна а, промышленни хьашташна (жамӀ ду Ӏалам бехдар).

Цийн къилбаседехь йолу провинци Хэйлунцзян ю юккъерабараман климатан областехь, Владивостокан а, Хабаровскан а климатах тера ю иза, ткъа къилбехьара Хайнань гӀайре тропикехь ду. Температурийн башхаллаш оцу регионашна юкъахь Ӏаьнан заманахь яккхий ю, амма аьхка башхаллаш кӀазгло. Хэйлунцзянан къилбаседехь Ӏай температура охьайолу −38 °C, ткъа январан юккъера температураш −16 °C гергга ю. Июлера юккъера температура оцу областехь ю 20 °C. Гуандун провинцин къилбехьа юккъера температура лесташ хуьлу январехь 10 °C июлехь 28 ° кхаччалц.

Йочаллин барам хийцало йоккхачу тӀегӀанехь температурел а чӀогӀа. Циньлин лаьмнийн къилбен басешкахь дукха догӀнаш оьху, максимум хуьлу аьхкенан муссонаш йолуш. Лаьмнашна къилбаседехьа а, малхбузехьа а таьӀчи догӀнаш лагӀло. Пачхьалкхан къилбаседа-малхбуза кӀошташ уггаре екъа ю, цигахь йолчу (Такла-Макан, Гоби, Ордос) яьсса аренашкахь йочанаш яц ала мегарду.

Цийн къилбера а, малхбалера а областаш дукха хьолахь (шарахь 5 гергга) балахьоьгуш ю гӀишлош йохочу тайфунашца, кхин а хихьадаршца, муссонашца, цунамешца, йокъаллица. Цийн къилбаседа кӀошташкахь хӀора бӀаьста хуьлу можа ченан мехаш, уьш кхоллало къилбаседа яьсса аренашкахь, мехаш схьаяхьа Корей а, Японан а агӀора.


Пайдехь лаьттах доккху рицкъ[нисъе | нисъе чухулара]

Цийхь дукха тайп-тайпана ягоран а, буьйда минералин а ресурсаш ю. Доккха маьӀна долуш ду лаьттахь дохку маьхкдаьтт, кӀора, эчиган тӀулгаш, механ деза эчигаш.

Цийхь лаьттах дохкуш ду дуккха а пайдехь рицкъаш. Цийра коьрта энерги йоккха гӀирс кӀора бу, цуьнан лаьттах болу барамца Ций дукха пачхьалкхашал тӀехьа ца юьсу, ткъа иза баккхарехь дуьненахь хьалхара меттиг бу — 2013 шарахь {{3561 млн т}}[18]. Гулахь лаьттахь рицкъ доллу меттиг, дукхахъерг Къилбаседа Ций ю. Яккхий ресурсаш ю иштта Къилбаседа-Малхбуза Цийхь. Цаьрца къие ю кхин кӀошташ, алссама къилбехьара. Доккхах долу дакъа т1улгийн к1ора бу. КӀора боллу меттигаш дукхахаерш Къилбаседехьара а, Къилбаседа-Малхбалехьара а Цийхь ю. Уггара а дукха кӀора болла меттиг ю Шаньси провинци (30 % ресурсех) — Датунски а, Янцюаньски а кӀорин шахташ. Ций кхин а кӀора эцарехь хьалхара меттигехь ю дуьненчохь — 2013 шарахь ЦХР чубеъна Кеп:320 млн т[18].

Кхин коьрта энергоресурсаш яхаран гӀирс маьхкдаьтта ду. Цийхь лаьттах доллу маьхкдаьттан барамца дикахчу меттигехь ю Юккъера, Малхбалера, Къилба-Малхбалера Азин пачхьалкхашлахь. Маьхкдаьтта доллу меттигаш гучаевлла тайп-тайпана кӀошташкахь, амма алссама ю уьш Къилбаседа Цийхь (Сунгари-Нонни акъари), хӀордайисташкахула, Къилбаседа Цийн шельф тӀехь, кхин а цхьайолу юккъерачу кӀошташкахь — Джунгарски охьатаь1начехь, Сычуани.

Ций ю дуьненахь яккхийчарех деши доккху пачхьалкх 2007 шарахь дуьйна. 2013 шарахь Цийхь доккхучу дешийн барам 6,23 % совбаьлла 2012 шерца дуьстича, иза хуьлу 428 тонн[19]. Цийра компанеш жигара керла рудникаш дӀайоьллуш ю шайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а[20].

Пачхьалкхехь чӀогӀа дукха лаьттахйохку сланцаш, царех яккхало сланцийн газ[21]. 2015 шарахь Цийхь 6,5 млрд кубометр сланцийн газ яккха барам тӀелаьцнера. Шаболу Ӏаламан газ яккхаран барам пачхьалкхехь айъалур ду 6 % хӀинцалерчуьнца дуьстича. 2020 шаран барам хоттийна 60-100 млрд кубометр сланцан газ яккха хӀора шарахь[22].

Хиш а, Ӏаьмнаш а[нисъе | нисъе чухулара]

Цийхь дукха хиш ду, уьш цхьана тоьхчи дохал 220 000 км хирдара. 5000 сов царех охьа хьо шайн хиш, хӀорамма а 100 км² сов майдана тӀиера. Цийн хиш кхуллу чоьхьара а, арахьара а системаш. Арахьара хиш — Янцзы, Хуанхэ, Хэйлунцзян (Амур), Чжуцзян, Ланьцанцзян (Меконг), Нуцзян, Ялуцангпо, церан ю араволийла Тийна, ХӀиндин, Къилбаседа Шабина океанаш чу, цара хи схьаоьцу майда пачхьалкхан 64 % гергга ю. Чоьхьара хишшан, барам кӀезга бу, алссама вовшен генахь а ду, дукхах долу меттигашка лекъна а ду. Уьш кхета Ӏаьмнаш чу чоьхьарчу кӀошташкахь, я дов гӀум-аренашкахь а, дуьра ишалаш чохь; церан хи гулдо майда пачхьалкхан 36 % гергга ю.

Цийхь дукха Ӏаьмнаш ду, цара дӀалоцу майда 80 000 км² гергга ю. Эзарнаш шаьш кхоьллина Ӏаьмнаш а ду — хилатторийлаш. Цийхь Ӏаьмнаш а декъа мегар ду арахьара а, чоьхьара а аьлла. Арахьарниш аквадааршца дехаш долу теза Ӏаьмнаш ду, масала Поянху, Дунтинху, Тайху. Чоьхьарниш ду дуьра Ӏаьмнаш, угар а боккханиг царех Цинхай Ӏам бу. Чоьхьара кӀоштийн Ӏаьмнаш юкъахь дукха ду лекънарш, масала Лоб-Нор а, Цзюйянь а.

Ораматаш[нисъе | нисъе чухулара]

Цийхь кхуьу 500 сов тайпана буто эрз, царах лаьтта шайолу хьаннех а 3 % хьаннаш. Буто эрзийн хьаннаш ю 18 провинцехь — уьш дукхахайолу акхарой еха меттиг хилла ца Ӏа, уьш механ беза гӀирс схьаболу меттиг а ю. Церан дечиг хилла чамхалгаш шуьйра лелайо промышленностехь.


Административн екъаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн Халкъан Республико административни терго латтайо 22 провинцехь (); цул сов ЦХР правительство Тайвань шайн 23-гӀа провинции лору. Уьш йоцуш, ЦХР юкъайогӀу кхин а, Цийра кегийра къаьмнаш деха 5 автономни кӀошт (自治区); 4 центран куьйга кӀелхьарчу гӀаланийн дарж долу муниципалан кхоллараш (直辖市), 2 билгалъяьккхина административн кӀошт (特别行政区).

22 провинци, 5 автономин кӀошт, 4 центран куьйга кӀелара гӀала вовшахтуху «континент тӀиера Ций» термино, цу юкъа ца йогӀу Гонконг, Макао, Тайвань.

ЦХР конституци тӀехь де-юре билгалъяьккхина кхотегӀайолу административн екъаялар: провинци (автономин кӀошт, центран куьйга кӀелара гӀала), уездаш, волосташ. Амма де-факто материк тӀиера Цийхь меттигерчу Ӏедалан пхиъ тегӀа ю:


Пекин (北京)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Пекин

Пекин гӀала ю Къилбаседа-Цийн аркъарин къилбаседа-малхбуза агӀора. Малхбузехь а, къилбаседехь а лаьмнийн зӀе ю, царех тӀехь-тӀехьа акъарий хуьлу, цу тӀиера къилба-малхбузехь охьане ю Можа хӀордехьа (Бохайн залив). Пекинехь юккъерабараман-континентан климат ю, дика къаьсташ шеран заманаш а ю.


Тяньцзинь (天津)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Тяньцзинь

Тяньцзинь Къилбаседа Цийхь ю, Бохайн заливаца йохалла лаьтта, Хуанхэ а, Янцзы хишца зӀе йолчу Доккха цийн татолан къилбаседа чеккхенгахь а ю. Къилбаседехь а, къилбехь а, малхбузехь а доза ду Хэбэй провинцица, Пекинца — къилбаседа-малхбузехь. Тяньцзинан малхбалехьа Бохайн заливан хиш ду. 96 км генахь йолу Пекинца Тяньцзинь вовшехтесна дукха масса болу цӀерпоштнекъаца.

Шанхай (上海)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Шанхай

Янцзы хинан чеккхенан хьалхарчу декъа тӀехь, 31 град. 14 мин. къ.-с. ш., 121 град. 29 мин. м.-бал. й. лаьтташ ю. Малхбалехь Малхбален-Цийн хӀордан хиш ду, къилбехьа — Ханчжоувань заливан хиш ду, малхбузехь Цзянсу а, Чжэцзян а провинцешца доза ду, ткъа къилбаседехьа Янцзы хинан чеккхе ю. Шанхай лаьтта пачхьалкхан хӀордийн бердашца нисса юккъахь. Цуьнан аьтту болуш транспорт ю, шуьйрра чоьхьара майда ю, шен латтар стратегин меттигехь ю, яккхийчарех хинан а, хӀордан а порташ ю цигахь.

Чунцин (重庆)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Чунцин
Чунцин

Цийн юккъехь йолу Центран куьйга кӀелара гӀала ю, оцу кепара Цийн йеа субъектех, майданца уггара а йоккхаха ерг ю иза. Бахархой 7,5 млн стаг (32,75 млн стаг Чунцин административни округехь (терахьаш 2009 ш.). Дукхаха долу дакъа беха гӀалел арахьа. ЧВБ (ВВП) 2004 шеран терахьашца 266,5 млрд юань я 8540 юань цхьана синна (24-гӀа а, 20-гӀа а меттигаш бу пачхьалкхехь).

Тайбэй[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Тайбэй

ЦХР правительство Тайбэй Цийн юкъахь йолу автономной провинции Тайвань столица лору. Дукхаха йолчу пачхьалкхаш Тайбэй йозаш йоцачу пачхьалкхан Цийн Республикан столица лору. Бахархой — 2 625 756 (2006).

Гонконг (香港)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Гонконг
Виктория Харбор. Гонконг.

Гонконг я Сянга́н — Цийн Халкъан Республикан башха административни кӀошт ю, Азехь а, дуьненахь а яккхийчарех цхьаъ финансийн центр ю. Бахархой 7 млн стаг.

Макао (澳門)[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Макао

Макао я Аомы́нь — Цийн Халкъан Республикан юкъара автономни латта ду. Хьалха Португалин колони хилла. Бахархой — 541 200 стаг (2009). Ӏедалан мотт: португалхойн а, цийн а.

Цийн административни кхоллам

Регион (инглс.) (ций.) Адм. юкъ (инглс.) Бахархой[23][24][25]
Провинцеш
Аньхой Anhui 安徽 Хэфэй Hefei 59 860 000
Фуцзянь Fujian 福建 Фучжоу Fuzhou 34 710 000
Ганьсу Gansu 甘肃 Ланьчжоу Lanzhou 25 620 000
Гуандун Guangdong 广东 Гуанчжоу Guangzhou 86 420 000
Гуйчжоу Guizhou 贵州 Гуйян Guiyang 35 250 000
Хайнань Hainan 海南 Хайкоу Haikou 7 870 000
Хэбэй Hebei 河北 Шицзячжуан Shijiazhuang 67 440 000
Хэйлунцзян Heilongjiang 黑龙江 Харбин Harbin 36 890 000
Хэнань Henan 河南 Чжэнчжоу Zhengzhou 92 560 000
Хубэй Hubei 湖北 Ухань Wuhan 60 280 000
Хунань Hunan 湖南 Чанша Changsha 64 400 000
Цзянсу Jiangsu 江苏 Нанкин Nanjing 74 380 000
Цзянси Jiangxi 江西 Наньчан Nanchang 41 400 000
Гирин Jilin 吉林 Чанчунь Changchun 27 280 000
Ляонин Liaoning 辽宁 Шэньян Shenyang 42 380 000
Цинхай Qinghai 青海 Синин Xining 5 180 000
Шаньси Shanxi 山西; Тайюань Taiyuan 36 050 000
Шаньдун Shandong 山东 Цзинань Jinan 90 790 000
Шэньси Shaanxi 陕西; Сиань Xi’an 32 970 000
Сычуань Sichuan 四川 Чэнду Chengdu 83 290 000
Юньнань Yunnan 云南 Куньмин Kunming 42 880 000
Чжэцзян Zhejiang 浙江 Ханчжоу Hangzhou 46 770 000
Автономин кӀошташ
Гуанси-Чжуанийн автономин кӀошт Guangxi 广西 Наньнин Nanning 48 890 000
Чоьхьара Монголи Inner Mongolia 内蒙古 Хух-Хото Hohhot 23 840 000
Нинся-Хуэйн Ningxia 宁夏 Иньчуань Yinchuan 5 880 000
Синьцзян-Уйгурийн Xinjiang 新疆 Урумчи Urumqi 19 630 000
Тибетан Tibet 西藏 Лхаса Lhasa 2 740 000
Коьрта гӀалин муьтӀахь

йолу гӀаланаш

Пекин Beijing 北京 15 810 000
Чунцин Chongqing 重庆 31 442 300
Шанхай Shanghai 上海 18 450 000
Тяньцзинь Tianjin 天津 11 519 000
Леррина административн кӀошташ
Гонконг Hong Kong (Xianggang) 香港 6 864 346[26]
Макао Macau (Àomén) 澳门 541 200[27]
Республика Китай тӀехьожуш йолу регион
(политикан статус билгалйина яц)
Тайвань Taiwan 台湾 23 069 345[28]

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

2013 шеран ЦХР экономика дуьненахь шолгӀа меттиге йолу номиналан ЧВБ барамца, Японал хьалха а йолий[29], кхин а шолгӀа меттиге йолу ЧВБ, эцаран корматаллин паритетаца (ЭКП) лерина.

ДВФ терахьашца 2014 шеран 1 эхашарахь ЦХР чоьхьара валови бахам ЭКП лерича хьалхара жамӀашца лерича Вовшехтоьхна Американ Штател хьалхаяьлла, цул сов дакъа а, барам а шо чекхдолуш 16,48 % а, 17,632 трлн доллар Цийн хилира, 16,28 % а, 17, 416 трлн доллар ВАШ-н доьхьала[30].

Конституцига ладоьгӀчи ЦХР социалистийн пачхьалкх ю, амма пачхьалкхан предприятеш бешболу ЧВБ тӀехь-тӀехьа лахлуш бу: 1998 шарахь 55 %, 2008 шарахь 41 %, 2011 шарахь 30 % в кхаччалц[31]. 2004 шарахь Конституцехь бинчу хийцамашца, долахь болу бахам «хьебеш бац». ХӀинцалерачу экономикан хоттамах ЦХР официально олу «Цийн специфика йолу социализм яр». Цийн экономикин кепийн маххадор, цхьаболчу экономистийн чӀогӀа бес-бесара бу. 40-сахьтан белхан кӀира юкъадаьккхина 1995 шарахь пачхьалкхан декъехь, ткъа шеран отпуск (5-15 де стаже хьаьжжина) юкъаяьккхина 2007 шарахь[32]. И белхан гарантеш 2010-гӀа шерашшана лелаш яц ахархошна а, долахь йолчу предприятешна а[33]. 1980 шарахь дуьйна Цийн экономика толуш ю юккъера барам лаьрчи 15 % шарахь. 1990-гӀа шераш чекхдовлуш экономика тояларан боларш лагӀделира шарахь 8 % кхаччалц, амма 2001 шарахь ЦХР Дуьненаюкъара йохк-эцаран кхолламан юкъаягӀча чуйогӀу кхечу пачхьалкхашкара инвестицеш а, экспорт а шоръяро экономикан болар сихдира.

Официальни терхьашца, 2003 ш. Цийн ЧВБ айабелла 10 %, амма, эксперташ бахарехь, ЧВБ тӀекхета там бара 10-12 %. Арахьара йохк-эцаран барам 2005 шарахь кхечира 23 %.

Цийн ЧВБ айабалар

2005 шарахь 80 % Цийн дозан арахьара инвестицеш лаьтта Азехь[34].

Цийхь базаран экономика кхоллар дӀахьуш ду Коммунистийн партин куьйгаллица пхеа шеран планийн бух тӀех. Экономико ца йойу шен мехалла. Лакхара дакъа кхечу пачхьалкхийн инвестицеш йоллушехь, 80 % гергга оцу инвестицеш ЦХР экономике чуеанчу инвесторех дозанал арахьа бехаш болу этнически цийш (хуацяо) бу. Бес-бесара маххадорехь Ций США-н тӀехьакхиа еза 2015—2021 шарашкахь[35][36][37][38][39] кхин тӀе ВАШ-лла а кхузза совъяла еза 2040 шарахь[40]. Были и скептики, полагающие, что этого не случится[41].

XXI бӀаьшераш дуьйлалуш Ций хилла дуьненан хьалхара индустриальни пачхьалкх промышленни рицкъ дарехь а, космосан а, ядерни а гӀуллакхехь.

Ций дуьненахь хьалха ю дукхаха йолу позицешкахь: пайден лаьттах йохкурш яхарехь (кӀора, аьчган, марганцан, дашан-цинкан, сурьман, вольфраман тӀулгаш, кхин а дечиг), кхин а гӀеххьа масштабашкахь доккху маьхкдаьтта, газ, кӀезгалаьттахдохку металлаш, уран. Ций дуьненахь дукхаха долу промышленни рицкъ дечарех яккхийчарех пачхьалкх ю. ЦХР ю дуьненахь яккхийчарех автоярхо, хӀора шарахь арахоьцу автомобилаш ВАШ а, Японо а вовшехтоьхначул алсама.

Шанхайн гӀуллакхийн центр

Цийхь цемент яр коьртаниг шайн гӀишлошъяре йоьдуш ю, ВАШ-ал 80 сов а йо. Цийх ВАШ-н метта дуьненан хьалхелелориг хилла йинчу а, еш йолчу а тӀехлекхачу гӀилошъярех. 2013 шарахь Чаншехь йина ялар ларъеш ю карайирзинчу чехкачу технологица ешйолу керла уггара а дуьненахь лекха (838 метр) 220 тӀекӀалйина тӀехлекха гӀишло «Стиглара ГӀала» (Sky City).

Цийн ТӀПК до массо а кепара герз, ядерни а, термоядерни а, атоман хинан бухахулалела тӀехь баллистически ракеташ йолу кеманаш а, континенташ юкъара баллистически ракеташ а. Цийс дина чекхдаьккхира далаза Украинера эцна авиалелориг, цигара доладелла кхин а масех авиалелориг дар.

Цийс пачхьалкхан базови дуарган тоамхилийтараг некъ дӀахьо шен рогӀехь, цуо и барам латтабо 90 % сов. ТӀаккха дуарган кхерамазаллин хало, Дуьненан бахархойн пхоьалгӀа дакъа 9 % дуьненан охачу латташ тӀехь кхобуш долу, аьттонца дӀайолуКеп:Переход[42].

Ций экономика тояларан бахьанех цхьаъ ду паргӀата экономикан зонаш хилар. ХӀинца ЦХР ю 4 леррина йолу экономикан зона (кӀошт) — Шэньчжэнь, Чжухай, Шаньтоу, Сямэнь, паргӀата (пошлина йоцу) йохк-эцаран 14 зона, лакхара а, керла а технологийн 53 зона (оцу декъахь йоккха а, керлазаманан шайн долахьйолу «силиконан тогӀи»), кхечу пачхьалкхашкахь дешначу говзанчашна йина 70 сов Ӏилман-техникан зона, экспорте дерзийнадолу рицкъ деш йолу 38 зона.

Масалин дало мегарду Шэньчжэнь регионан терахьаш, царна доьххьала 1980 шеран августехь официальни паргӀата экономикан зонан статус елла. Башха экономикан регион (БЭР) Шэньчжэнь — уггара чехка толушйолу зона ю: 1979—2008 шерашкахь хӀора шеран ЧВБ юккъара айам хилира 31,2 %[43]. ГӀала Цийхь хьалха ю арахьара йохк-эцаран барамашца.

Цийн Йеаннах кхоъ Лерринайолу Экономикан Зона (ЛЭЗ) — Шэньчжэнь, Чжухай, Шаньтоу — Гуандун провинцехь ю. Цхьана декъана иза бахьанехь, Гуандун провинцийс хьалхе латтайо материкан Цийхь электронан гӀирсашбарехь, кӀадийдарехь, юурган рицкъ дарехь, фармацийн рицкъ дарехь хӀусаман техника ярехь.

Провинцехь ю машенаш вовшехтосу заводаш Nissan, Honda, Toyota; маьхкдаьттан а, маьхкдаьттахимин а отраслашкахь хьалхе лелош ю цийн корпораци Sinopec; электроника йечарех билгалъяккха мегар ю цийн корпорацеш BBK Electronics, TCL; регионехь кхин а ю Guangzhou Pharmaceutical (GP) — Цийн баккхийчарех цхьаъ аптекийн маша.

Цийхь хӀаваъ бехдар Ӏилманчаша дусту ядерни Ӏаьнца[44]

Валютан эцаран говзаллица леринаболу ЧВБ, Ций хӀинца дуьненахь шолгӀа ю ВАШ тӀехьа[45]. ЦӀеххьана тӀекхетна валютан резерваш.

Пачхьалкхан малхбалера хӀордйистера провинцеш дукхаха долчу декъана индустриальни ю, ткъа дукхахайолчу чоьхьарчу ЦХР регионашкара бахархой царал а къен Ӏаш бу. Уггара а къенчарех пачхьалкхан цхьа регион ю Тибет.

2013 шеран шолгӀа кварталехь ЦХР-н ЧВБ айам гайтина 7,5 % — иза баккхийчарех цхьа гайтам бу кхечу пачхьалкхашлахь.

Энергетика[нисъе | нисъе чухулара]

Пачхьалкхан экономикан айаман лакхара гайтамаш бу энергигӀирсаш байар. Иштта, масала, Цийхь тӀеххьара 40 шарахь 1960-гӀа шерашкахь дуьйна маьхкдаьтта дайар алсамдаьлла ткъе пхоьазза сов. ЦХР Пачхьалкхан статистикан урхаллин терахьашца 2005 шарахь 300 млн тонне кхаьчна. IEA терахьашца 2013 шарахь Цийс дайара дийнах 13,62 млн баррель[18]. 2013 шарахь ЦХР шайн маьхкдаьтта даккхар ю 208 млн тонн[18]. Кхин а 269 млн тонн маьхкдаьтта Цийс чудахьара 2013 шарахь[18]. Цийхь маьхкдаьтта даккхар айа ресурсан база яц, цуо тӀехь-тӀехьа алсамйоккху иза импортах йазар. Цундера хила мега 2000—2010 шерашкахь энергетико маьхкдаьтта дайар 20,2 % тӀиера 17,6 % кхаччалц охьадалар[46]. Хуьлуш болу экономикан айам гушболчу Цийн говзанчийн прогнозашца, 2020 шарахь импортан маьхкдаьттан эшам кхочурбу 450 млн тонне. 2025 шарахь ЦХР маьхкдаьтта дайаран шеран барам хир бу 710 млн тонн.

Цийн маьхкдаьттан компанеш, Sinopec санначара, аьтту лоьху ЦХР арахьара газ а, маьхкдаьтта а доллу меттигашна тӀекховда, масала Россехь, Кхазакхстанехь, Африкан пачхьалкхашкахь[47], Латинийн Америкехь.

2005 шарахь ЦХР Ӏаламан газ ягор кхечира 50 млрд м³. Прогнозашца, 2020 шарахь газ ягор айалурду 200 млрд м³ гергга. ТӀаккха а Ӏаламан газ дакъа ЦХР энергии йоккхуш кӀезга ду: 2000—2010 шерашкахь иза 1,9 % тӀиера 4,0 % айаделла[46].

Ций хьалхара меттигехь ю электроэнергии йоккхуш а, йойуш а. 2012 шарахь ЦХР яьккхира 4985 млрд кВт⋅с электроэнерги, иза дуьненахь йоккхучуш 22 % ю[18]. Дуьненахь яккхийчарех ГЭС-аш ю, иштта йоккха программа а ю АЭС-аш ян. 2000—2010 шерашкахь гидро а, атоман а, механ а энергетика лелор айаделла 2,2 % тӀиера 3,7 % кхаччалц[46].

Иштта доллушехь цхьайолу Къилбаседа а, Къилба а Цийн кӀошташ балахьоьгуш ю электроэнергии ца тоьуш.

2000—2010 шерашкахь Цийхь йойучу энергоресурсашлахь цӀеххьана айаделира кӀоран дакъа— 57,1 % тӀиера 70,5 % кхаччалц, ткъа кхечу дагорийн дакъа охьадуьйжира 18,6 % тӀиера 4,2 % кхаччалц[46]. ЦХР башхалла ю, цуо доккхуш долу кӀораводородашна доладеш кхоъ пачхьалкхан корпораци (China National Petroleum Corporation, Sinopec Group, China National Offshore Oil Corporation) хилар. Цара 2013 шарахь даьккхира Цийн 98,7 % маьхкдаьтта а, 97,8 % Ӏаламан газ а[48]. Оцу кхааннах 2013 шарахь къастора Sinopec, цуо ЦХР даьккхира 64,7 % маьхкдаьтта а, 75,8 % Ӏаламан газ а[48].

Финансийн система[нисъе | нисъе чухулара]

Кхечу пачхьалкхийн ахчанан а, дешин а резервийн тӀиера арахьара декхар дӀадаьккхина, 2010 шеран ЦРУ Factbook терхьийн бух тӀиера эцна, пачхьалкхийн карта

Цийн валюта ду дуьненахь а коьртачарех. Церан ю дуьненан ах валютан резерв.

Цийн банкан система лаьтта Центральни банках а, «политикан» (аьлчи а коммерцин йоцу) банкех а, пачхьалкхан коммерцийн банкех а, акционерийн банкех а, гӀалийн коммерцийн банкех а, банк юкъара йоцучу финансийн кхолламех (гӀалийн а, яртийн а кредитийн кооперативаш) а, инвестицийн траст-компанех а.

Юань[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Цийн юань

Цийн ахча — Юань (кит. , : yuán).

Цийн маттахь «юань» муьлхха а валютах олу, масала, ВАШ-н доллар — «мэй юань». Амма дуьненаюкъара контекстехь оцу дашуо билгалдоккху ЦХР-н юань — я, кӀезгачу хьолехь, цийнмоттбуйцучу пачхьалкхийн (регионийн) валютех — тайванан доллар, гонконган доллар, Макаон патака.

ЦХР-н юань — Цийн ахчан жэньминьби (民币, пиньинь: Rénmínbì (RMB) я мадарра гочдича «халкъан ахча») системан базан цхьа дакъа ду. Валютан дуьненанъюкъара билгалдаккхар ISO 4217 — CNY.

Цхьа юань декъало 10 цзяон, ткъа иза шен декъан декъало 10 фэнан (фэнь лелаш дац ала мегар долуш ду). Масала, 3,14 юань олуш хилча 3 юань 1 цзяо 4 фэнь олу.

Хабарехь мах билгалбоккхуш «юань» дешан меттана леладо «куай» дош, ткъа «цзяо» меттана — «мао».

Юань лела кехат ахчана кепара а, эчиган ахчана кепара а. Цул сов, лелош ду керла а, шира а кепара купюраш.

1994 ш. Цийн Ӏедало сацийна юанан барам $1/8,28 юань. ТӀеххьарчу хенахь, Ций яра ЕС пачхьалкхаш а, Японо а, дукхаха дерг ВАШ а юань барам либерализаци бие бохуш охьатаӀийна лаьтташ. Царна хетарехь, юань барам охьабаьккхина бу, иза бахьанехь Цийн духку рицкъ кхин тӀе а конкуренцин аьтту болуш хуьлу. 2004 ш. Цийца йохк-эцарехь ВАШ-н пассиван сальдо $162 млрд хилира, ткъа 2005 ш. I кварталехь тӀекхийтира кхин а 40 % хьалхарчу шеран оццу замане хьаьжча.

2005 ш. 21 июля Цийс юань долларца йолу уьйр дӀаяьккхира, халкъан валютан мах айира 2 %. Юанан механ барам хӀинца билгалбоккхур бу иза бивалютан тускарца (05.07.2014 шарахь механ барам бара 6,21 юань ВАШ-н 1 долларах).

Цийн эксперташна моттарехь, валюта тускарах тасаро дуьненан экономикан конъюктуран сема хулийтур ду иза, амма цуьнца цхьана, пачхьалкхан финансийн система латтаран кхераме хир дац иза.

Ций план йолуш ю юанах резерван валюта дан[49].

Арахьара йохк-эцар[нисъе | нисъе чухулара]

Images.png Арахьара суьрташ
Цийн экспортер-пачхьалкхаш
Image-silk.png [1][50]

«Цихь дина» аьлла билгало тоьхна рицкъ гур ду ша долчу дуьненахь а, XXI бӀаьшарахь пачхьалкх «дуьненан фабрика» хилла. Дуьненахь яккхийчарех экспортёр йолу Ций хьалха ю 100 кепара рицкъан экспортан барамехь. Цийхь арахоьцу 50 % сов дуьненахь юхкуш йолу фотоаппараташ, 30 % кондиционераш, 25 % бедарш юьтту машенаш, 20 % гергга холодильникаш.

Цул сов, таможнин статистике хьаьжчи, Ций дуккха а шерашкахь кӀадинаш, бедарш, мачаш, сахьташ, велосипедаш, бедарш тоьгу машенаш, кхин а болх алсам бан беза рицкъаш экспорт дарехь хьалха ю. 2014 ш. цийн таможнин терахьашца ЦХР коьрта йохк-эцаран накъостий бу ЕС (товархьийзор 600 млрд доллар) а, ВАШ а (521 млрд доллар)[51]. 2000—2012 шерашкахь ВАШ-н экспорт ЦХР айаелла 16,2 млрд доллар тӀиера 110,5 млрд долларе кхаччалц, ткъа Цийн импорт 100,0 млрд доллар тӀиера 425,6 млрд долларе айаелла. Американ ЦХР экспортан коьрта статьяш (2012 шо — скобкаш чохь гайтина оцу рицкъан группан мах млрд долларашкахь): коьш (14,9), гражданийн хӀаваан кеманаш, мотораш, гӀирс, церан дакъош (8,4), кегий автомобилаш (5,7), йоьза (4,4), ахпроводникаш (3,9)[52]. Штаташка йолу Цийн ю компьютеран гӀирсаш (2012 шарахь ЦХР боьхкина 62,2 % компьютеран гӀирсаш ВАШ чубеанчех)[52].

Цийх хилла йаккхийчарех цхьаъ ловзархо Европан а, Российн а базаршкахь.

2004 ш. арахьара йохк-эцаран барам лакхабаьлла 850 млрд долл. 2008—2012 шерашкахь Цийс цӀеххьана айбина буьда маьхкдаьттан (180,4 млн тонн тӀиера 273,8 млн тонне кхаччалц), кӀоран (41 млн тонн тӀиера 289 млн тонне кхаччалц), Ӏаламан газан (3,3 млн тонн тӀиера 30,3 млн тонне кхаччалц), эчаган тӀулгийн (444 млн тонн тӀиера 720 млн тонне кхаччалц) импорт[53].

Цийн дозанал арахьара инвестицеш[нисъе | нисъе чухулара]

2002 шарахь ЦХР дӀакхайкхийна «дозанал араваларан» стратеги, оцу бахьанехь Цийн дуьххьала дӀайолу дозанал арахьара инвестицийн дакъа айаделла: 2002 шарахь Цийс дӀахьажийра дозанал арахьа дуьххьала дӀайолу инвестицеш 6,9 млрд доллар (0,47 % дуьненан барам тӀиера), ткъа 2012 шарахь — 84,2 млрд доллар (6,05 % дуьненан инвестицийн экспорт тӀиера)[54]. ЦХР шен башхалла ю дукхаха долу экспортан дуьххьала дӀайолу инвестицийн дакъа пачхьалкхан предприятийн (70,5 % 2010 шеран пачхьалкхан шайолу дуьххьала дӀайолу инвестицийшан тӀиера)[55]. ЦХР географин дуьххьала дӀайолу инвестицеш екъалора иштта (2010 шо): 65,2 % яьхкира Азин пачхьалкхашна (дукхахаерг Гонконге — 54,7 % Цийн инвестицийн экспортех), 15,3 % Латинийн Американ, 9,8 % Европан[56].

Цийра транспорт[нисъе | нисъе чухулара]

Цийн цӀерпоштнекъан маша (China Railways)

Автонекъийн дохаллийн барам (юрташкара а цхьаьна) 4,1 млн км хуьлу. Керла шорттаасанийн автострадийн дохала 2013 шо чекхдолуш кхечира 104,5 эзар км (2013 шарахь дехкира 8,26 эзар км автострадаш). Шадолу юкъаралелош долчу автонекъийн дохалла 2009 шарахь 3860 эзар км дара (1990 шарахь 1028 эзар км бен дацара)[57]. ЦХР некъаш дахкаран гӀар еара 2000—2005 шерашна, оцу хенахь юкъаралелош долчу автонекъийн дохалла айаделира 1402 эзар км тӀиера 3345 эзар км, тӀехьа некъаш дахкаран масалла лагӀъелира[57].

ЦӀерпоштнекъийн машийн China Railways бохаллийн барам 2013 шо чекхдолуш кхечира 103,1 эзар км (2010 шарахь тӀекхийтира 4 эзар км некъаш)[58]. 1990 шарахь ЦХР дара 57,9 эзар км цӀерпоштнекъаш[57]. 2006 шарахь Тибетехь бина белира уггара лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъ (5072 м хӀурдан барамал лакхахь) $4,2 млрд мах болу. Цийхь дуьненан уггара а боккха чехкачех а, тӀехчехкачех а лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъийн маша бу. Японехь а, Европехь а цхьанатоьхначул сов ду уьш. ЦХР ю хьалхара а, дуьненахь уггара а йоккха тӀехчехка регулярни аса маглеван, церан ю дуьненахь уггара а дукха болхбешйолу а, йохкушйолу а, планехь а метрополитенаш (кхузткъа гергга).

Цийн лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъаш — чехкачарна а, тӀехчехкачарна а юкъа догӀу: модернизаци йина цӀерпоштнекъийн асанаш а, леррина тӀехчехка цӀерпошташ лелийта ехкина керла асанаш а, ткъа иштта дуьненахь дуьххьалара магнитан гӀайбана тӀехула лела коммерцийн асанаш.

ТӀехчехка цӀерпоштан модель CRH-380A

2013 ш. сентябрехь долчу хьолехь ЦХР ишттачу некъийн шадолу дохалла хилира 10463 км сов (дохаллица дуьненахь 1-ра меттиг), цӀерпоштийн лаккхара чехкалла 380 км/с. ХӀинца Цийхь хаалуш ю тӀехчехка цӀерпоштнекъаш дахкаран гӀар. Пачхьалкхан гӀоьнца, цуо догдаийта леррина бечу белхашца 2015 шарахь 12-гӀа пхеашеран план чекхйолуш шаболу тӀехчехка цӀерпотнекъийн маша кхочур бу 18000 км.

Технологин планехь тӀехчехка цӀерпошнекъаш дахкар хуьлу кхечу пачхьалкхера шайн цӀе айиначу Бомбардье, Алстом, Кавасаки фирманаш технологеш дӀаяларан барт бар бахьанехь. Кхечу пачхьалкхийн технологеш схьаоьцуш Ций церан бух тӀех шайн технологех ян гӀерта. Цуьнан масала ду CRH-380A сери йолу, 380 км/с сов чехкалла йолу цӀерпошташ дар, царна тӀехь Цийн тӀехчехка некъийн рекорд хоттийна, 500 км/с гергга. Уьш 2010 ш. дуьйна лелош ду. Иштта хаам бу, керла цӀерпошт Пекин — Шанхай йийр ю Цийн компанис Шагун Рейл Виклз, 2012 ш. кхачале арахоьцур ю.

Хин транспорт юкъайогӀу хӀурдан арахьара йохк-эцаран а, чоьхьара мохь дӀасакхехьаран а, даккхийчу чоьхьарчу хиш чухула мохь кхехьаран а транспорт. Хин транспорт гулйина къилба-малхбален хӀурдйистехь а, къилбан кӀошташкахь а. Цуьнан дакъа мохьлелорехь айаделла 1980 шарахь хиллачу 42 процентера 2001 шарахь 53,2 проценте кхаччалц. Цийн чоьхьара хишшан дохалла 110 эзар км сов ю, ткъа кеманаш лела фарватерий йохалла — 7,8 эзар км ю. 2008 шо чекхдолуш хиллачу хьолехь ЦХР хӀурдан йохк-эцаран флотехь дара 20925 кема, шайолу тоннаж 44 млн тонн а йолуш, ткъа чоьхьара хин транспорт — 230 эзар гергга кема шайолу тоннаж 50 млн тонн сов йолуш[59]. 1994 шарахь кхечу пачхьалкхашкара инвестораш битира хӀурдан мохьлелоре, 1998 шарахь чоьхьарчу мохьлелоре[60]. 2000 шарахь бакъо елира кеманашлеларехь йолу кхечу пачхьалкхий предприятеш кхолла[60].

ХӀаваан транспорт. XX бӀаьшо чекхдаллалц цийхойн кеманахь хахкавалар даржехь хиларан а, вехаш хиларан а билгало яра. ХӀинца гӀаланаш юкъара рейсаш тӀекхеташ ю. Иштта, Пекинера Шанхай хӀораденна 40 рейс сов хуьлу. Граждански аэропорташ кхолларан гӀар хилира 1990—1995 шерашкахь, оцу хенах церан барам айабелира 94 тӀиера 139 кхаччалц, цултӀехьа сецира, 2005 шарахь пачхьалкхехь 135 граждански аэропорт бен яцара, амма 2005—2009 шерашкахь церан барам айабелира 165 кхаччалц[57]. Пассажирийн авиарейсийн терахь а лесташ дара шерашкахь: 1990 шо — 138,27 млн, 1995 шо — 59,68 млн, 2000 шо — 185,76 млн, 2005 шо — 192,51 млн, 2009 шо — 230,52 млн[57].

Цийра зӀе[нисъе | нисъе чухулара]

Цийхь телефонаш яхкаран барам 1991 шарахь 1,29 % бен яцара, ткъа 2002 шарахь иза кхечира 30 %. 2013 шеран январь чекхболуш серийн зӀен абонентийн барам кхечира 280 млн, иза дуьненахь уггара а дукхаха бу.

Мобильни зӀе. Мобильни телефонан зӀен абонентийн терахь, 1990 шарахь 18 эзар бен хилла доцу, 2013 шеран январь чекхболуш айаделира 1,12 млрд каччалц, дуьненахь уггара а дукха хилира иза.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Азин пачхьалкхаш
LocationAsia.png Азербайджан¹ · Эрмалойчоь · ОвхӀан-пачхьалкх · Бангладеш · Бахрейн · Бруней · Бутан · Малхбален Тимор · Вьетнам · Гуьржех¹ · Мисар² · Израиль · Инди · Индонези ³ · Урдан · Ирак · Иран · Йемен² · Казахстан ¹ · Камбоджа · Катар · Кипр¹ · Киргизи · Китайн Халкъан Республика · Корейн Халкъан-Демократин Республика · Кувейт · Лаос · Ливан · Малайзи · Мальдиваш · Монголи · Мьянма · Непал · Ӏаьрбийн Цхьанатоьхна Эмираташ · Ӏоман · Пакистан · Росси4 · СаӀудийн Ӏаьрбийчоь · Сингапур · Шема · Таджикистан · Таиланд · Туркмени · Турци4 · Узбекистан · Филиппинаш · Шри-Ланка · Къилба Корей · Япони

Къобалцайина а, ахкъобалйина а пачхьалкхаш: Республика Абхази · Азад Кашмир · Ва (пачхьалкх) · Вазиристан · Ӏиракъан Курдистан · Тайвань · Ламанийн-Карабах · Палестина (пачхьалкх) (Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан а латта ) · Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика · Шан Пачхьалкх · Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш: Акротири а, Декелиа а · Британин латта Индин океанехь (арх. Чагос) · Гонконг · Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь. 4 Кхин Европехь.


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Иштта ингалсан Гонконгехь, кхин португалихойн Макаохь.
  2. Си Дзиньпин занял высший государственный пост в Китае, возглавив "пятое поколение" руководителей
  3. В Китае завершился процесс передачи власти новому "пятому поколению" руководителей страны
  4. Ли Кецян возглавил правительство КНР
  5. Цифровые данные приведены без включения данных по Тайваню, Гонконгу и Макао.
    Атлас мира, обзорно-географический, ИПУ РАН, ООО «УНИИНТЕХ», Москва, 2004.
    Атлас мира, ПКО «Картография» федеральной службы геодезии и картографии России, Москва, 2005.
  6. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  7. GDP. World Bank. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 15 февралехь. Теллина 2012 шеран 9 октябрехь.
  8. Data refer to the year 2013. IMF database, IMF.
  9. 1 2 World Economic Outlook Database: China. International Monetary Fund (October 2012). Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 15 февралехь. Теллина 2013 шеран 2 январехь.
  10. Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 13 августехь.
  11. Также гонконган доллар в Гонконге и патака в Макао.
  12. The World Factbook. www.cia.gov. Теллина 2015 шеран 10 ноябрехь.
  13. Kevin Hamlin China Overtakes Japan as World's Second-Biggest Economy (ингалс.). Bloomberg (16 August 2010). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  14. Tim Worstall China's Now The World Number One Economy And It Doesn't Matter A Darn (ингалс.). Forbes (7 December 2014). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  15. Члены ВТО и наблюдатели. «Центр экспертизы по вопросам Всемирной торговой организации» (2014, 26 июнь). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  16. Ледовский А. М. 2005. СССР, США и китайская революция глазами очевидца 1946—1949. М.: Ин-т Дальнего Востока РАН.
  17. Сайт ЦРУ. The world factbook
  18. 1 2 3 4 5 6 Key World Energy Statistics 2014 (ингалс.). OECD, IEA (2014). Теллина 2015 шеран 4 февралехь.
  19. В Китае впервые в истории потребление золота превысило тысячу тонн. «Жэньминь жибао» (2014, 11 февраль). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  20. Объем добычи золота в Китае в 2011 году достиг нового рекорда. Bullion.ru (2012, 1 февраль). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  21. Unconventional gas systems in China
  22. Тамила Джоджуа Газовые амбиции Китая. «Коммерсантъ» (2012, 19 март). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  23. fr:Provinces de Chine
  24. fr:Région autonome (Chine)
  25. fr:Municipalité (RPC)
  26. Гонконг
  27. Estimates of population
  28. Official National Statistics Taiwan estimate
  29. China Passes Japan to Become No. 2 Economy — NYTimes.com
  30. ИТАР-ТАСС. МВФ: ВВП по паритету покупательной способности Китая впервые стал больше, чем у США
  31. Чистякова С. В., Голд Н. Экономическое развитие и политические связи в Китае // Актуальные проблемы управления: теория и практика. Материалы международной (заочной) научно-практической конференции. — 2014. — С. 148
  32. Чжан Би Юй С. 71 — 72
  33. Чжан Би Юй С. 72
  34. Открытие ежегодного совещания Боаоского азиатского форума
  35. Китай обгонит Америку за десять лет. Спорим?. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  36. Экономика Китая догонит США к 2015 году, считает Conference Board | РИА Новости. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  37. Прогнозы для Китая — Prognozoff. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  38. ChinaPRO — Деловой журнал про Китай: новости Китая, экономика Китая, бизнес с Китаем, выставки в Китае, доставка из Китая, товары из Китая, поставки из Китая, производство в К …. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  39. Вести.Ru: Китай обгонит США по объему ВВП. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  40. 10 Reasons Why The Reign Of The Dollar As The World Reserve Currency Is About To Come To An End. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  41. Китай не обгонит США, Евросоюз не выдержит конкуренции со Штатами. Архив йина хьалхара хьастан чура 2013 шеран 25 февралехь.
  42. Экономическое обозрение: страны БРИКС придают большое значение вопросам продовольственной безопасности, угрожающим устойчивому развитию. Синьхуа. Международное радио Китая (2011, 4 декабрь). Теллина 2015 шеран 5 январехь.
  43. Шэньчжэнь: место старта новых китайских реформ?
  44. Загрязнение воздуха в Китае напоминает ядерную зиму. // inosmi.ru. Теллина 2014 шеран 28 мартехь.
  45. Международный валютный фонд
  46. 1 2 3 4 Чеснокова С. В. Китай: новая и возобновляемая энергетика // Восточная аналитика. — 2011. — № 2. — С. 139
  47. Китай продолжает скупать сырьевые активы. Элитный трейдер (2013, 30 август). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
  48. 1 2 Щербаков Д. Н. Энергетический сектор Китая: структура и проблематика // Вестник Ленинградского государственного университета им. А. С. Пушкина. — 2014. — Т. 6. — № 4. — С. 124
  49. Китай рассказал, как сделает юань мировой резервной валютой
  50. обзор западной прессы: фондовый рынок почти достиг опасной зоны «эйфории», предупреждает citigroup - рынки. бкс-экспресс: финансовые и экономические новости и комментарии
  51. Лю Ц. Расхождение интересов Китая и России в рамках Шанхайской организации сотрудничества // Гуманитарные, социально-экономические и общественные науки. — 2015. — № 2. — С. 108
  52. 1 2 Аксенов П. А. Современные тенденции в торговле товарами и услугами между США и Китаем // Россия и Америка в XXI веке. — 2014 — № 1. — С. 11 — 12
  53. Изотов Д. А. Рынок сырьевых товаров Китая // Пространственная экономика. — 2013. — № 4. — С. 73, 75, 77 — 78
  54. Новопашина А. Н. Пространственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 79
  55. Новопашина А. Н. Пространственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 83
  56. Новопашина А. Н. Прост ранственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 84 — 85
  57. 1 2 3 4 5 Чжинфэн У. Строительство и развитие инфраструктуры в Китае // Свободная мысль. — 2011. — № 5 (1624). — С. 100
  58. China’s high-speed railways hit 3,300 km
  59. http://cyberleninka.ru/article/n/morskoe-hozyaystvo-kitaya-i-perspektivy-sotrudnichestva-s-rossiey С. 151
  60. 1 2 http://cyberleninka.ru/article/n/morskoe-hozyaystvo-kitaya-i-perspektivy-sotrudnichestva-s-rossiey С. 153

1000HA.png