Кирилов, Иван Кириллович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кирилов, Иван Кириллович
Памятник Кириллову И.К. в городе Орске.jpg
Вина терахь 1695
Кхелхина терахь 1737 шеран 14 апрель({{padleft:1737|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче географи, картографи, истори
Воьвзу сана Орск а, Бузулук а йиллархо
Викилармин логотип Кирилов, Иван Кириллович Викилармехь

Кири́лов Ива́н Кири́ллович (1695[1], Псковщина, Оьрсийн паччахьалла1737 шеран 14 апрелехь, Самара, Казанан губерни, Российн импери) — оьрсийн Ӏилманча а, пачхьалкхан гӀуллакххо а, географ, картограф, историк, статистик, бакъойовзархо, хийцамийн агӀонча а, Сийлахь Петран накъост а, гӀалин хьаькам а, Тобольскехь йоьзанан а, аьчкан а заводаш йинарг.

Кирилов Иван — российн географи Ӏилманан бух биллинчех цхьаъ, российн экономин географи йиллинарг, 1735—1740-гӀа шерашкра башкирийн гӀаттам охьатаӀоран жигара декъахо, цара Оренбурган губернехь гӀаланаш а, заводаш а йахка новкъарло йора «сурсаташ маьрша дӀасакхехьа Бухаре, Водокшане, Балхе, ХӀинде некъаш дӀаделларна».

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1722—1731шерашкахь Кириловс хӀоттийна Российн империн цхьайолчу провинцийн атлас

МозгӀаран кӀентах, «Петран бенан кӀорних», хилира КириловгӀеран элийн тайпа долийнарг.

1707 йа 1708 шарахь чекхйаьккхина Навигацин ишкол[2]. Кёнигсберган университетехь ладоьгӀна (килсан йозанчех пенсионерех болчарех) 17171720 бакъонан курсе[3].

1712 шарахь дуьйна копихо, Сенатан секретарь, 1727 шарахь дуьйна — обер-секретарь[2].

1719 шо чекхдолуш волавелла Российн топографин суьрташ дахкаран белхан куьйгалла дан[2].

Экспедицешкахь дакъа лацар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дакъа лецира А. Ф. Шестаковн а, ШолгӀа Камчаткин экспедици а (17311733) вовшахтухуш. Статски хьехамча (1734 шарахь дуьйна). Оренбурган экспедицин (17341737) проектан автор а, куьйгалхо а. 1735 шеран 15 августехь йиллина Оренбург (хӀинца Орск) гӀала. План йеш вара ХӀинде боьду латтан тӀехула махлелоран некъ билла.

Российн экономикин географин бухбиллинарг ву; цуо дуьххьара хӀоттийна мехкан экономикин-географин хьелийн сурт, цунах элира «Сийлахь Петра хабарш ца дуьйцуш къинхьегамца къагийна хьал хӀоттийна Йерригроссийн пачхьалкх» (жайна 1—2) (1727).

Ӏилманан гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏилманча хиларна, Кириловс кехаташ йаздора шен муьрера дуккха а интеллектуалашка. Геодезисташа сенате кхоьхьийта картех, сенатера бакъо йаьккхина шен чоьтах, шен лаамца волавелира Atlas Imperii Russici хӀотто. Кирилов кхиира дагадеина монументан белхан хьалхара дакъа чекхдаккха. Atlas Imperii Russici чохь дуккха а керла хӀуманаш а дара, леладора Российн коьрта атлас санна шовзткъе итт шарахь сов. А. А. Половцовс мах хадорца: «Шен энергица а, пайден болх марзбаларца а Сийлахь Петран муьрера ваьлла Кирилов ву оригиналанчех а, башачех а гӀуллакххойх цхьаъ»[4].

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исбаьхьаллин литературехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сочиненеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Атлас Российской Империи. — СПб, 1734
  2. Цветущее состояние Всероссийского государства. — М., 1977

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. В исторической литературе чаще упоминается другой год рождения — 1689, он ошибочен (см. Троицкий С. М., Новлянская Н. Г., Гольдберг Л. А. И. К. Кирилов и его труд «Цветущее состояние Всероссийского государства» // Кирилов И. К. Цветущее состояние Всероссийского государства. — М., 1977. — С. 7)
  2. 1 2 3 Кирилов, Иван Кириллович // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  3. Иван Кирилов. Цветущее состояние Всероссийскаго Государства // Тульский край глазами очевидцев. Выпуск 2 / Сост. А. Лепехин. — М.: ЛитРес, 2017. — ISBN 5040497709.
  4. Русский биографический словарь А. А. Половцова
  5. Пушкин А. С. Сочинения.- Т.IX.- С.100, 101, 111, 451, 452

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]