Чулацаман тӀегӀо

Кирилл (Москохан Патриарх)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кирилл
оьрс. Кирилл
Вича тиллина цӀе Владимир Михайлович Гундяев
Вина терахь 1946 шеран 20 ноябрь({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})[1][2][…] (78 шо)
Вина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа мозгIар
СовгӀаташ
Куьг таӀор Автографан сурт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Кирилл Патриарх (бакъ цӀе Гундяев Владимир Михайлович) вина 1946 шеран 20-чу ноябрехь Ленинградехь. Оьрсийн Керста динан Килсан епископ. 2009 1 февралин дуьйна Москохан а, Йерриг Россин Патриарх. Патриарши интронизаци йалле Смоленан а, Калининградан а митрополит. 1989 14 ноябрь- 2009 шеран 1 февраль кхаччалц килсан арехьар зӀенашан синодальни отделан пирсдатал, Сийлахь-Деза Синодан даимлера декъашхо.

2009 шеран 27 январехь Оьрсийн Керста динан Килсан Поместный соборо Москохан а, Йерриг Россин Патриарх хьаржина.

Доьзал а, дешар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2 лоьмар йолу ишколехь доьшуш хилла и (хӀинца Красносельски кӀоштан Александр Березански цӀарах йолу 270-гӀа ишкола).

8-гӀа класс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Къилбаседа-Малхбузен геологин урхаллин Ленинградан комплексни геологин экспедицехь техник-картограф белхаш бина.

1965 шарахь Ленинградан семинаре деша дӀахӀоьттина, йуха- Ленинградан динан академи.

Ленинградан митрополит Никодимс тӀедождарца цхьан шарахь ши курс чакхйоккхура.

Кириллан да- Михаил Васильевич Гундяев. Вина 1907 шеран 7-гӀа ноябрехь, кхелхина 1974 шеран 13-гӀа октябрехь)- мозгӀар хилла.

Нана- Гундяева Раиса Владимировна (йоӀстагаллехь хилла цӀе- Кучина). Йина 1909 шеран 7-чу ноябрехь, кхелхина 1984-чу шеран 2-чу ноябрехь. Немцойн меттан хьехархо.

Да-нана Петарбухан Большеохотски кешнашкахь дӀадоьллина ду.

Воккхаха ваша- протоиерей Николай Гундяев- Петарбухан динан академи профессор а, ректор а хилла.

Жимаха йиша- Елена. Йина 1949 шеран 8-чу майхь. Керста гимназин директор, Петербухан динан академин культурин проректор а, регентски отделенин доладархо.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]