Кингстон (Онтарио)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кингстон
Kingston

{{{куьг}}}

Кингстон (Онтарио) (Канада)
Locator Dot2.gif

Координаташ: 44°13′53″ къ. ш. 76°28′51″ м. д.HGЯO

Урхалла
Пачхьалкх КанадаFlag of Canada.svg Канада
Провинци ОнтариоFlag of Ontario.svg Онтарио
Карара статус 1846 (1846)
Демографи
Бахархой 123 000 адам. (2011)
Луьсталла 273 адам./км²
Официалан мотт ингалсан
Географи
Майда 450,39 км²
Сахьтан аса UTC-5
Веб-сайт http://www.cityofkingston.ca
Кингстон. Ратуша

Ки́нгстон (инг. Kingston) — Канадан Онтарио провинцин къилбехьара гӀала. Бахархой 123 000 стаг (2011), гергарчу кегийра гӀаланашца — 160 000.

Онтарио Ӏоман къилбаседа-малхбален бердаца, Сийлахь Лаврентийн доьду хин хьостан гергахь йолу порт. Гена доццуш гӀайренийн цхьа зӀе ю – архипелаг Эзар гӀайре.

Наггахь Кингстонах олу кир-маьӀдан гӀала («Limestone City»), хӀунда аьлчи цунах йина дукха гӀишлош ю цигахь. ГӀалин юкъ лаьтта шина доьду хин юкъахь – Катаракви (Cataraqui) малхбалехь, Жима Катаракви (Little Cataraqui Creek) малхбузехь. Административан юкъ Фронтенак графаллин (Frontenac).

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

XVII бӀешарахь хӀинцарерачу Кингстонан меттехь лаьттина индахойн эвла; 1673 ш. Ла Сала йиллира ГӀап-Фронтенак. Иза дӀалецира ингалсхоша ВорхӀшеран тӀамехь.

Кингстон лаьтта меттиг стратегин маьӀна долуш ю, хӀунда аьлчи Сийлахь Лавренти хи чуьра Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнийн чувоьдийла терго ян таро ю, ткъа Рюдо татол даьккхинчул тӀаьхьа, Атлантикан океан тӀебоьду керла некъ а. Цундела ингалсхоша йина Кингстонера тӀеман чӀагӀонаш, ца оьшу Квебек-ситин гӀопал бен.

Шен стратегин меттиг ладаме йоллушехь, Кингстон ца хилира ладаме 1812 шеран Йоккха Британин а, АЦШн а юкъарчу тӀамехь. Цигара схьадогӀу, Канадера британин дукхаха йолу чӀагӀонийн санна, цуьнан яц американ агӀора «гергара» меттиг, уллехь доза а доллушехь, ладаме стратегин маьӀна а доллушехь.

Кингстон хилла Лакхара а, Лахара а Канадийн Цхьаьнатоьхна провинцийн коьрта шахьар, цунна юкъаягӀара хӀинцалера Онтарион а, Квебекан а дакъа. ТӀаккха а, Кингстон цахеддаш уьйр йолуш ю Канада кхоллаяларан историца, хӀунда аьлчи кхузахь волавелла болхбан Джон Макдональд, Канадан хьалхара премьер-министр.

1841 - 1844 шерашкахь Кингстон хилла цхьаьнатоьхна Канадин коьрта шахьар. 1844 шеран 10 майхь коьрта шахьар дӀаяьхьира Монреале.

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Кингстон Сийлахь Лаврентийн хӀордан новкъа тӀиера ладаме порт, цуо зӀе латтайо Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнийн а, Атлантикан океанан а хин системашна юкъахь. ТӀаккха а, цӀерпоштнекъан а, Рюдо татолан а транспортан маьӀна дожар бахьанехь, тахана Кингстонан экономика хьалха санна ца йозу транспортаца сурсаташ дӀасакхехьарх. Оццу хенахь, Кингстон, Эзар гӀайренашна гергара хилар бахьнехь а, цхьа могӀа оьздангаллин сийлаллаш бахьнехь а, туризман центр хилла.

Билгалъяккха еза дешаран роль (шиъ провинцийн университет а, Канадехь цхьаъ бен йоцу федералан тӀеман колледж) а, тӀеман базийн роль а таханлерачу Кингстонан вастехь.

Дешар[нисъе | нисъе чухулара]

3 лакхара дешаран меттиг, царна юкъахь Квинс университет — Канадера уггаре яккхийчех лдм.

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

2 театр.

Кингстонехь ю Канадера уггаре шира 1943 шеран 10 сентябрехь йиллина спортан сийлаллин залДуьненаюкъара хоккейн сийлаллин зал. 1965 шарахь дуьйна музей лаьтта Мемориалан центрехь (инг. Kingston Memorial Centre), аренан малхбалехьа, Йорк а, Альфред а урамийн маьӀигехь.

Адамаш[нисъе | нисъе чухулара]

Кингстон уггаре хьалха евза хьалхара Канадин премьер-министр Джон Макдональда шен политикан мур дӀаболийна а, шен дахаран алсама долу дакъа даьккхина а меттиг санна.

Кингстонехь вина капитан Сазерленд Джеймс Томас (инг. James Tomas Sutherland), Онтарион Хоккейн Ассоциацин (инг. Ontario Hockey Association я ОХА (инг. OHA) в 19151918 шерашкахь, Канадан хоккейн марзбеллачеран ассоциацин (инг. Canadian Amateur Hockey Association), я КХМА (инг. CAHA) 1919 шарахь президент. Дуьненаюкъара хоккейн сийлаллин зал юьллуш къахьегначех цхьаъ.

Кхин а гӀалахь бинаяздархо Аллен Грант, гӀарабевлла хоккеисташ Майк Смит, Дуг Гилмор, Кевин Лаланд, Джон Эрскин, Брайан Аллен, дуккха а бехира Берни Николз а, музыкахо Дэвид Ашер.

Кхин гӀараваьлла кингстонхо — Канадан рок-музыкахо Брайан Адамс.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]


Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]