Керма (паччахьалла)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Судан Суданан истори
Emblem of Sudan.svg
Колонел хьалхара мур
Керма
Куш
Мероэ
Нуби
Колонин мур
Мухьаммад Ӏалин некъий
Мухьаммад Ахьмад аль-Маьхьди
Ингалс-Мисран Судан
Маршо
Суданера хьалхара гражданийн тӀом
Суданера Октябран революци
Республика Судан
Демократин Республика Судан
Революцин совет (Судан)
Суданера шолгӀа гражданийн тӀом
Ӏумар аль-Башир
Дарфуран дов
Къилба Кордофанера дов (2011 шарахь дуьйна)
Суданан а, Къилба Суданан а юкъара дозанера дов

Ков «Судан»

Керма — вайн эрал 2500—1500 шо хьалхарчу муьрера, Нуби махкара (хӀинцалера Судан) африкан цивилизаци а, иштта цӀе йолу археологин оьздангалла а. Суданан махкахь уггаре а онда паччахьалла яра шира Мисран Юккъера паччахьаллин муьрехь.

Муьраш хӀиттор[нисъе бӀаьра | нисъе]

Историкаш йоькъу Керман истори масех муьран:

  • хьалхара: вайн эрал 2500—2050 шо хьалхара
  • юккъера: вайн эрал 2050—1750 шо хьалхара
  • классикан, я тӀаьхьара: вайн эрал 1750—1500 шо хьалхара.

ТӀаьхьарчу муьрехь Керма паччахьалла суданан Сай (Sai) паччахьалло дӀахуьдира, цунах йоккха импери хилира — Шира Мисран йеза мостагӀ а йолуш. Вайн эрал 1500 шо гергга хьалха Керма дӀахуьдира Мисро, амма гӀовттамаш лаьттира дуккха а бӀешерашкахь. XI бӀешарахь Керман метта кхоллаелира, «алсама мисран» оьздангалла йолу, керла паччахьалла Куш, цуо маьрша баьккхира мохк Мисрах.

Керман мисран паччахьаллица болу къовсам хилла борзан бӀешеран тӀеман девнех уггаре деханиг мисран олаллин дуьхьала — иза бахбелира 220 шо гергга (1500—1280 шераш)[1].

Керман археологин иэс[нисъе бӀаьра | нисъе]

Коьрта археологин иэс Керма ю, иза хилла Керма паччахьаллин юкъ, шена чохь даккхий барзех лаьтта йоккха шира гӀала а, некрополь а ю. Керман ахкарш деш карийна хьолаллин тӀегӀано гойту, мел гена даьржина паччахьаллин Ӏедал, кхин а алсама шолгӀа дехьадаларан муьрехь, оцу хенахь нубийхоша кхерамаш туьйсура Мисран къилба дозанашна.

Экономикан а, политикан а структура[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дукха хан йоццуш Керма паччахьалла евзара цуьнан историн центран меттигехь, къилбаседехьа а, Мисар агӀора, карийна гӀалан саьлнашца а, некропольца а. Амма дукха хан йоццуш динчу ахкарша карийра цхьа могӀа керла археологин иэсаш Керман къилбехьа, царех дукхаха ерш лаьттара хӀинца дакъаделла долу Нилан татолаш тӀехь, эркан харшан малхбалехьа. Ишттачу эвлийн планировко гойту алсама бахархой хилар а, дуьххьара таро ло билгала яккха Керма паччахьалла хиларан историн контекст. Нилан тархашна тӀиера Мерове (en:Merowe Dam) дамбан йисташкахула болу талламхойн белхаш Керма оьздангаллин иэсаш хилар тӀечӀагӀдира эркаца, Абу-Хьамад гӀалан (Abu Hamed/Mograt Island)[2] тӀекхаччалц.

Керма паччахьалла хилла, шеко йоцуш, йоккха политикан субъект. Мисран хьосташ гойту, иза ехаш а, бахархой хевшина а латта лелоран регион хилар. Мисрах къаьсташ, Керма паччахьалла чӀогӀа цхьана урхаллин хилла. Цуо доладина Нилан цхьанна тӀиера деа тархе кхаччалц — мохк бу оцу хенан Шира Мисран мехккал.[3]

Кенийн аренийн йохаллийца дӀасакхийсина дуккха а эвланаш, дӀалоцура паччахьаллин коьрта дакъа, амма тешаллаш ду жаӀунийн говзаллица а, дешийн белхан а регионаш хиларан.[4] Керман цхьа могӀа гӀаланаш яра юьртабахаман сурсаташ гулдаран а, дӀасадекъаран а яккъаш, ткъа иштта махлелоран а. Керман паччахьийн кешнаш чу ехкина дийнатийн, эзарнашкахь йолу, туьтанийн анализ йича, го, даьхний генара даладар, тарло, уьш далош хилар, паччахь велча сагӀийна. И хилам хӀинца а бу Африкан кхечу регионашкахь гуттара тӀаьхьарчу муьрехь а.

Керма а, Сай а бен ца хилла яккхий гӀаланаш; тарло, кхин а ден ахкарша гучуяха цаьрца юста мегар долу кхин гӀаланаш. Кермехь а, Сайхь а карийна хьал долу элита а, лакхара класс а хиларан тешаллаш, цара терго латтайора генарчу латташца махлелоран а, ткъа иштта административан гӀишлош чуьра дӀадоьдучун а. Гуш ду, Керма паччахьалло, африкан континентан кӀоргера Мисар кхоьхьу кечбаларан хӀумнаш йохкарехь юкъалеларан ладаме роль ловзор[5]

Керман меттиг ширачу исторехь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьалхара дехьадаларан муьран заманахь Лаха Нубехь мисархой хилар сецира. Керла паччахьаллин юьхьиг йолуш мисаран хьосташ хьехайо Керман регион, цара гойту, тӀаьхьарчо доладеш хилар Лаха а, Лакха а Нубин.

Лаха Нубера Мисран тӀеман гӀуллакхийн еха историно гойту, Керма боккха кхерам хилар. Мисран исторера уггаре яккхийн а, шорта а чӀагӀонаш йира мисархоша шайн доза Кермера тӀелетачарах лардархьама а, оцу шина мехкан юкъара йохк-иэцаран некъаш лардархьама а.[2] Керман тӀекхочийла йолу Юккъерачу а, Керлачу а хенан паччахьаллин ресурсаш — деший, даьхний, шуран сурсаташ, пийлан даьӀахк, эбенан дитт, хаза хьожайогӀурш, кхин а — лелайора коьртаниг Мисрахь.

Ша уггаре айаеллачу заманахь Кермас барт бира гиксосашца, тӀаккха гӀоьртира Мисар йохо. 2003 шарахь урхалчин Эль-Кабан (Фивашна гергахь) каш чохь карийначара гойту, Керма чуяхана мисран махка кӀоргга вайн эрал 1575 а, 1550 а хьалхарчу шерашна юкъахь. Мисран исторехь и иэшам уггаре сийза хилар лору, цундела тӀаьхьарчу пирӀунаш омар делира, исторера муьлхха а Керма хьахор дӀадайа, аьлла. Дукха паччахьийн иэсаш араехира Кермера Мисра толам баккхар гойтуш.[6]

Тутмос I-чо Мисран урхалла дечу шерашкахь хилира масех къилбехьа тӀелатар, цара тӀаьххьара, вайн эрал 1504 гергга шарахь, аннекси йира Нубин (Керма/Куш). Схьаяьккхинчул тӀаьхьа Керман оьздангалло тӀаьхь-тӀаьхьа схьаоьцу алсама мисран аматаш, амма гӀовттамаш лаьттира 220 шарахь (вайн эрал 1300 шо гергга хьалха). ТӀаккха а, Керлачу паччахьаллин заманахь Керма/Куш хилира коьрта провинци Мисран Империн экономикан, политикан, синмехаллин агӀора. Масала, пирӀуна ладама церемонеш дӀахьора Напатан гергарчу Джебель-Баркал олучу меттигехь,[7], ткъа иштта шина регионан паччахьийн тайпанашна зуда ялоран юкъара махбар а.

Керма а, Куш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хала ду билгалаяккха Керман а, Куш паччахьаллан а юкъара оьздангаллин а, политикан а тӀегӀа кар-кара ялар. ТӀаьхьарниг кхоллаелла вайн эрал 1000 шо гергга хьалха. Юьхьанца Кушан паччахьаш лелайора Керма паччахьаш дӀабухкуш а, башха ламасташ еш а, цуо гойту церан мелла а уьйр хилар. Цул сов, Кермера а, Напатера (Кушан коьрта шахьар) а паччахьаш дӀабохкаран комплексийн цхьатерра дизайн ю. Кермехь иштта карийра дӀалечкъийна Кушан пирӀунийн иэсаш, цуо гойту, Напатан урхалчаша тӀеоьцуш хилар шайн коьрта шахьран а, Керман а юкъара историн зӀе.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. [http://wysinger.homestead.com/kerma.html Kerma - Black Africa's Oldest Civilisation
  2. 1 2 http://www.spicey.demon.co.uk/Nubianpage/SUDANARC.htm Archaeology in Sudan. David N. Edwards
  3. Dr. Stuart Tyson Smith
  4. GOLD PROCESSING CENTER DISCOVERED IN THE ANCIENT KINGDOM OF KUSH
  5. Bonnet Charles The Nubian Pharaohs. — New York: The American University in Cairo Press, 2003. — P. 16–26. — ISBN 978-977-416-010-3
  6. Tomb Reveals Ancient Egypt's Humiliating Secrets, Daily Times (29 July 2003). Архивировано коч дечара 24 августехь 2003.
  7. Jebal Barkal: History and Archaeology of Ancient Napata. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 19 сентябрехь. Теллина 2012 шеран 21 мартехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Bonnet, Charles, et al. The Nubian Pharaohs: Black Kings on the Nile, AUC Press (February 22, 2007) — ISBN 977416010X
  • Bonnet, Charles, et al., 2005, Des Pharaohs venus d’Afrique : La cachette de Kerma. Citadelles & Mazenod.
  • Bonnet, Charles, 1986, Kerma, Territoire et Métropole, Institut Français d’Archaéologie Orientale du Caire.
  • Kendall, Timothy 1997. Kerma and the Kingdom of Kush. National Museum of African Art, Smithsonian Inst. Washington D.C.
  • Reisner, G. A. 1923, Excavations at Kerma I—III/IV-V. Harvard African Studies Volume V. Peabody Museum of Harvard University, Cambridge Mass.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]