Кеп:Дийнахь хилларг:09-7
Арахьара хатӀ
- 1191 — КхоалгӀа жӀаран тӀелатар: Салахьуддинан а, Ричард Лоьман Деган а йукъара Арсуфера тӀом.
- 1776 — хи бухара кема «УьнтӀапхьид» (сурт тӀехь) гӀоьртина сахьтан бумба хӀотто Нью-Йоркан гаванехь.
- 1812 — 1812 шеран Даймехкан тӀом: Бородинон тӀом.
- 1822 — Бразилис кхайкхийна Португалех маьрша йалар.
- 1856 — Кремлехь Успенски килсехь таж тиллина Александр II-гӀачун.
- 1901 — Ихэтуанан гӀаттам: Цийн империс а, кхин 11 пачхьалкхо а куьг йаздина ТӀаьххьара протокол тӀехь.
- 1916 — Хьалхара дуьненан тӀом: чекхбаьлла оьрсийн эскаран дакъошкахь аьттонца (Брусилов дехьаэккхар).
- 1940 — немцоша бумбанаш етта йолийна Лондонна, уьш йиттира ца хеддаш 50 буса.
- 2011 — Ярославль гергахь авиабохамехь кхелхина хоккейн «Локомотив» клубан хоккеисташ а, тренераш а.