Кенхи
Эвла | |
Кенхи | |
---|---|
жӀай. Кванхи | |
![]() | |
42°38′26″ къ. ш. 45°56′54″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Шаройн |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш | Жуков-аул |
Бахархой | |
Бахархой | ↗1562[1] стаг (2020) |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366413 |
ОКАТО | 96291803001 |
Картин тӀехь | |
Кенхи (маьӀна — «кӀайн хи»[2][3][~ 1]) — Нохчийчоьнан Шаройн кӀоштан эвла ю.
Иза ю Кенхин йуьртан меттиган административан центр[4].
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1990[5] | 2002 | 2010[6] | 2012[7] | 2013[8] | 2014[9] | 2015[10] |
1939 | ↘1331 | ↗1552 | ↗1611 | ↘1606 | ↘1571 | ↘1568 |
2016[11] | 2017[12] | 2018[13] | 2019[14] | 2020[1] | ||
↗1579 | ↘1572 | ↘1561 | ↘1551 | ↗1562 |
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ламанца Ӏуьллуш йолчу Шаройн кӀоштехь ю Кенхи юрт. Шара-Орга хина уллехь, ДегӀастанан дозанца ю иза. Кхунна гуонаха ю: ДегӀастанан республикера ГӀодобери, ГӀаигӀатла, ткъа дозанал сехьа БутӀи, ХӀима, Чадра, Кхиерие ярташ[15].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Шира истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Кенхахь карина шира кешнаш а, хӀумнаш а, Орга-Соьлжан бассейнехь карош йолчарах терра[16].
Кенхи йиллина вайн эран V бӀерахь чейрой тайпана наха. Хан яхал Кенхахь бехаш болу чейрой дӀакъаьстина кхолладелла гар (га) — кенахой, тӀаьхьо цунах хила ша тайпа кӀенхой[17].
Эвла цӀе схьаяьлла Кенхи гидронимах, иза нохчийн маттахь «кӀан хи» бохург ду. Исторехь Кенхи — нохчийн тайпа ду[2].
ДӀаихначу шерашкахь тайп-тайпанчу округашна, республикашна юкъайоьдуш лаьттина Кенхи. 1924-гӀа шо тӀекхаччалц ДегӀастанан Ӏаьндийн округа юкъахь лаьттина, цул тӀаьхьа 1944-гӀа шо тӀедаллалц НГӀАССР-н Шаройн кӀоштана йукъайогӀуш хилла. Ткъа 1944-чу шарера 1957-гӀа шо кхаччалц ДегӀастанан ЦӀумадан кӀоштах дӀатоьхна лаьттина, ткъа цул тӀаьхьа НГӀАССР-н Шуьйтан кӀоштана юкъахь лаьттина. 1992-чу шарахь дуьйна, Шаройн кӀоштана юкъахь ю[15].
БӀешераш хьалха дуьйна а даьхни, латта лелорца хилла Кенхирчу бахархойн хене бовлар. Бакъду дӀаден пайдехь долу латтанаш кӀезиг ду ламанца, цундела оцу лаьттан пусар деш гӀишло а дӀаден мега долчу лаьтта тӀехь ца еш тӀулгаш тӀехь еш хилла гуттар а[15].
Дуьххьара 1929-чу шарахь Кенхи, Чадра-шина юьрта юккъехь Школхе олучу меттехь йиллина кхузахь ишкол. Нохчийн, суьйлийн, оьрсийн къаьмнех бара хьехархой. Вайнах махках баххалц болх беш яра и ишкол. 1937-чу шарахь йиллира колхоз, кӀоштехь хьалхарчу меттехь яра иза[15].
Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]
ТӀаьхь-тӀаьхьа толуш схьадогӀуш дара йуьртан дахар, амма цӀеххьана цхьанна а цамоьттург хилира — Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом болабелира. Оцу тӀаме 60 стаг вахара хӀокху юьртара, цхьаболчу доьзалшкара шишша-кхоккха а ваханера тӀаме. Масала, АбуевгӀеран доьзалера кхо ваша ваханера тӀаме, АлибулатовгӀеран, ДубаевгӀеран, МагомедхановгӀеран, ОмаровгӀеран, УмаровгӀеран, БаталиевгӀеран доьзалшкара шишша ваханера. Тайп-тайпанчу фронташкахь тӀемаш беш царах 38 бӀаьхо кхалха а кхелхира. Брестан гӀап ларъеш кхелхира Алибулатов Шихабудин, Гасанов МуртазӀели, Гошдадов Иман-Ахьмад, Исмаилов Сулейман, Салимов Анаб. Алссам нах бахара кхузара хӀетахь къинхьегаман эскарехь гӀуллакх дан а. 108 стагана «Сийлахь-боккха Даймехкан тӀамехь 1941—1945 шш. Сийлахь къинхьегаман» мидалшца совгӀаташ дира, ворхI стагана «Кавказ ларъяран» мидалш елира[15].
2016 шо[нисйе бӀаьра | нисйе]
Карарчу хенахь Кенхехь 300 сов ков-керт а, 2000 гергга стаг а ву Ӏаш. Юьртахь юкъарадешаран 3 школа, 2 библиотека, 2 культурин цӀа, суьйлийн культурин туш, куьпан больница, дохнан лоьрийн учреждени ю[15].
Хьалха ледара хиллехь а, некъаш тодина хӀинца, Шарой-Орга хи тӀехула тӀайш а техкина, дика болх беш ю телефонан зӀе а[15].
ХӀинцалерчу лехамашца богӀуш болчу гӀирсашца кечйина ю школаш, культурин, медицинин учрежденеш[15].
Массанхьара санна кхузара а бевлла дика говзанчаш, пачхьалкхан гӀуллакххой. Царах ву медицинин Ӏилманийн доктор, профессор Абдулаев Алигаджи, Российн Федерацин юкъарчу дешаран сийлаллин белхахо, ДегӀаста республикин хьакъволу хьехархо Ражабова Хьава, Федеральни суьдхо Алимирзаев Агамирза, ДегӀаста Республикин хьакъйолу лор Сулейманова Сагират, Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Магомедов Ахьмад, кхиберш[15].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Комменташ
- ↑ В чеченском языке «хи» может обозначать как воду, так и реку. В. П. Кобычев связывает «хи» с рекой.
- Хьосташ
- ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
- ↑ 1 2 Ахмадов Я. З. Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. — 2009. — с. 142
- ↑ Кобычев В. П. Города, селения, жилища //Культура и быт народов Северного Кавказа. — М. : Наука. — 1968. — С. 91-150.
- ↑ Кенхинская сельский округ (сельсовет)* (Шаройский район) Архивйина 2012-02-11 — Wayback Machine
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Кенхи. Р. МУСИПОВ — Даймохк газет (26.03.2016). Теллина 2018 шеран 16 апрелехь.
- ↑ Козенкова В. И. Древние основы культурного наследия нахского этноса (к истокам горского менталитета). В сборнике «Культура Чечни: История и современные проблемы». — М., 2002. — С. 19—24.
- ↑ Живет народ в горах Чечни… Архивйина 2018-11-17 — Wayback Machine