Каруева, Кеси Бетербиевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кеси Бетербиевна Каруева
Йина терахь 1895 шеран 5 январь({{padleft:1895|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Йина меттиг ГихтӀа, (хӀинца Хьалха-Мартанан кӀошт), Нохчийчоь
Корматалла дукха йеха зуда
Гражданалла Российн импери →
 ССРС
 Росси

Кеси Бетербиевна Каруева — нохчийн дукха йеха зуда.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цунна паспорт луш хенахь цунна дага ца деара цуьнан Йина терахь. Цундела гергара хьесапехь де йаздинера — 1895 шеран 5 январь. Кхоно цунна йелла реабилитацин справкан тӀехь йаздина йине де 1884 шеран 5 январь. Нохчий цӀера бохуш хенахь а, Кхазакхстане дӀакхечча а мацалла а, шело а, цамгарш а бахьнехь цуьнан 12 берах 10 делира. Кхазакхстанехь иза Ӏийра Семипалатинскехь, кибаргчигийн заводехь болхи бира. ЦӀа дирзинчултӀехь цо цӀанончан болх бира.

Цуьнан дисна ши бера а, 72 берийн бераш а, цера бераш а. Йоккха йоӀ йина 1933 шарахь. Цуьнан кӀант вина 1960 шарахь цунна 74 шо кхечча хенахь. Цо цкъа а ша цомгуш йу ца аьлла. Цуьнан нана 118 шарахь йахна. Цуьнан йишан 2013 шарахь 108 шо кхаьчна. Цуьнан хаза хета шен гергарнаш болчу йодуш хаза хета. Наггахь шен лулохой болчу йоду йист хила. ХӀора Ӏуьйренна дегӀахь хи кхорзу. Ӏуьренна пхиъ даьлча халагӀотту. Цо кӀезга яа хӀума юу. Цунна мерза хета хьена жижиг а, тӀо а, лалийна детта а, шура а.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]