Караев, Александр Акимович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Караев Александр Акимович
267x400px
Александр Акимович Караев
Вина терахь 1915 шеран 2 (15) март({{padleft:1915|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь
Кхелхина терахь 1984 шеран 1 январь({{padleft:1984|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (68 шо)
Кхелхина меттиг: Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь
Пачхьалкх ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Эскаран тайпа Flag of the Soviet Air Force.gif ТӀХӀН
Дарж Советийн гварди ССРС ТХӀН капитан
БӀахойн дакъа 129-гӀа хӀаллакдаран авиацин полк
5-гӀа гвардин хӀаллакдаран авиацин полк
19-гӀа хӀаллакдаран авиацин полк
176-гӀа гвардин хӀаллакдаран авиацин полк
ТӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
СовгӀаташ

Советски Союзан Турпалхо

Ленинан Орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Байракхан орден
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» Москох ларъярна мидал «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшаяран» медаль SU Medal Twenty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg
SU Medal Thirty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg SU Medal For the Capture of Berlin ribbon.svg SU Medal For the Liberation of Warsaw ribbon.svg SU Medal 30 Years of the Soviet Army and Navy ribbon.svg
SU Medal 50 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg SU Medal 50 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg

Кара́ев Алекса́ндр Аки́мович (15 мартехь (2) 1915; Соьлжа-ГӀала1 январехь 1984; Соьлжа-ГӀала) — Советийн Союзан Турпалхо (23 февралехь 1945), гвардин капитан (1945).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1915 шеран 2 (15) мартехь Соьлжа-ГӀалахь (Нохчийн Республика). Къоман хӀири. 1932 шарахь чекхъяьккхира ФЗУ ишкол. Болх бира Соьлжа-ГӀалара депон цӀерпошт тойо слесарь, 1933—1937 шерашкахь — «Грознефть» цхьаьнакхетараллин механика-тояран заводехь. 1936 шарахь дийшира Соьлжа-ГӀалан аэроклубехь, 1937—1938 шерашкахь аэроклубехь болх бира планеристом-инструктор.

Эскарехь вара 1938 шеран августехь дуьйна. 1940 шарахь чекхъяьккхира Качинскан лакхара тӀеман авиацин пилотийн ишкол. ГӀуллакх дира ТӀХӀН могӀанашкара декъашкахь (Киевн тӀеман гуонехь).

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо: 1941 шеран июлехь – 1943 шеран июнехь — 129-гӀа (1941 шеран декабрехь дуьйна — 5-гӀа гвардин) хӀаллакдаран авиацин полкан пилот, лакхара пилот, авиаэскадрильян баьччан гӀовс; 1944 шеран январехь – 1945 майхь — 19-гӀа (1944 шеран августехь дуьйна — 176-гӀа гвардин) хӀаллакдаран авиацин полкан авиаэскадрильян баьччан гӀовс. ТӀом бина Малхбуза, Калининан, Къилба-Малхбуза, 1-ра Украинан, 1-ра Белоруссин фронташкахь. Дакъалаьцна Смоленскан тӀамехь, Москох ларъеш, Сталинградан тӀамехь, Донбасс, Аьтту бердан Украина, Белорусси, Польша, Балтикайист мукъайохуш, Берлинан операцехь.

ТӀамехь иза 500 гергга тӀеман гӀуллакхан тӀомаваьлла МиГ-3, ЛаГГ-3, Ла-5, Ла-7 хӀаллакдаран кеманаш тӀаьхь, 80 гергга хӀаваэхь тӀом бина, цигахь ша дохийна 20 кема, тобанца мосстагӀийн 1 кема. 1942 шарахь шозза чов йина: аьтту пхьаьрсан лакхара декъан а, коьртан а.

ТӀемашкахь майралла а, доьналла а гайтарна,ССРС Лакхара Советан Президиуман омарца 1945 шеран 23 февралехь 176-гӀа гвардин хӀаллакдаран авиацин полкан (1-ра Белоруссин фронт, 16-гӀа хӀаваан эскар) авиаэскадрильян баьччан гӀовсан гвардин лакхара лейтенантан Караев Александр Акимовичан елла Советийн Союзан Турпалхо цӀе Ленинан орден а, «Дешийн Седа» мидал а цхьаьна луш».

Иштта дара 1990-гӀа шерашкахь дӀатесна дитина Соьлжа-ГӀалара А. А. Караевн каш.

ТӀом чекхбаьлча гӀуллакхехь висира ТӀХӀН могӀаршкара декъашкахь; вара баьччан гӀовс — авиаэскадрильян штурман (Чоьхьара Кавказан, Къилбаседа-Кавказан, Туркестанан тӀеман гуонаш). 1953 шеран июлехь дуьйна гвардин капитан А. А. Караев эскарера мукъаваьлла.

Ваьхна ша винчу Соьлжа-ГӀалахь. Велла 1984 шеран 1 январехь. ДӀавоьллина Соьлжа-ГӀалан Центран кешнашкахь. 2010 шеран 9 апрелехь, кошан хьал дика ца хиларна[1], турпалхочун даьӀахкаш дӀакхалхийна БуритӀе дӀайоьхкина Сийлаллин Аллейн тӀаьхь.

Иэс[нисъе бӀаьра | нисъе]

Цуьнан цӀарах урам ду Соьлжа-ГӀалахь.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

БуритӀера А. А. Караевн кешан чурт.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Андреев С. А. Совершённое ими бессмертно. Книга 1. М.: Высшая школа, 1976.
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382
  • Зангиев Т. Н. Они защищали тебя, Орджоникидзе, 1973.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд., 1985.
  • Муриев Д. З. Осетии отважные сыны. Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974.
  • Советские асы 1941—1945. Автор-составитель М. Ю. Быков. М.: Яуза Эксмо, 2008. — 608 с. ISBN 978-5-699-30919-1.

Хьосташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Hero of the Soviet Union medal.png Караев, Александр Акимович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».