Капитель (йоза)


Лахахь: даккхий элпаш кегийра дина кхаьчна синтез йина капитель
Кегийра коьртера элпаш, я капите́ль (инг. small caps; нем. Kapitälchen; от лат. capitellum — корта) — могӀанан элпаш, даккхий элпаш кегийра дина гуш долу, гарнитурехь дахкар. Капительна а, могӀанан элпашна а йукъара башхалла гучуйоккхуш, иза кӀеззиг могӀана элпал лекха до, ткъа капителан хьаьркийн ахапрошаш яккхий йо.
Дукха хьолахь капителан имитаци йо, даккхий элпаш кегийра а деш, амма цунах лардала деза, хӀунда аьлча уьш хаъал къаьста ойсараллийца а, контрастца а, шораллийца а.
Боккъала капителехь сизан а, символашна йукъара юкъан а стоммалла цхьаьна йогӀу кхечу элпашца. Цул сов, капителан элпаш мелла а лекха ду могӀанан элпел, дукхаха дерг, кӀеззиг шоръина пропорцеш йолуш.
Билгалдаккхар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Капитель лелайо латинан зорбанехь куьйга йозанан заманахь дуьйна.
Капитель лелор дика до ишттачу меттигашкахь:
- аббревиатурашкахь (даккхий элпийн метта),
- руман терхьаш дохкуш,
- цӀераш билгала йохуш (даккхий элпашца ийна),
- хьалхара дош къастош, наггахь коьртан хьалхара могӀа билгала боккхуш, «къаьсташ билгала яккхархьама коьртан юьхьиг» (Я. Чихольд), ткъа кхин а, инициал лелийнехь, «инициал тӀера могӀанан элпашка дехьадалар кӀаддархьама» (А. Королькова),
- драматургин кхолламашкахь а, сценарешкахь а турпалхойн цӀераш билгала йохуш.
Дика дац капительца яздар еха (2-3 дешал сов) фразаш а, предложенеш а: цуо гӀуо до йозан дешар.