Канада

56° къ. ш. 109° м. д.HGЯO
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Perhelion (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 16 октябрь, 18:57). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
Канада
инг. Canada[1][2]
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «лат. A mari usque ad mare
От моря до моря»
Канадан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Официалан меттанаш ингалсан а, французийн а
Коьрта гӀала Оттава 45°24′ къ. ш. 75°40′ м. д.HGЯO
Урхаллин тайпа конституцин монархи
Монарх
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Дэвид Ллойд Джонстон
Стивен Харпер
Латта
 • Шадерг 9 984 670 км² (2-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 8,62 %
Бахархой
 • Мах хадор 34 568 211[3][4] стаг
ДЧС
 • ХӀораннан а сина 43 145 Report for selected countries — Canada долл.
Ахча Канадан доллар
(CAD, код 124)
Интернет-домен .ca
Код ISO CA
Код МОК CAN
Телефонан код +1
Сахьтан аса −3:30−8
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кана́да (инг. Canada [ˈkænədə]; фр. Canada [kanaˈda]) — Къилбаседа Американ пачхьалкх, латтан майданца дуьнехь шолгӀа меттигехь ю. Гуонахьа кхаа океанан хиш ду: Атлантикан, Тийна, Къилбаседа Шен океанийн, дуьненахь уггаре беха хин берд бу. Доза ду АЦШца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а, ткъа иштта хӀордаца доза ду Даница (Гренланди) къилбаседа-малхбалехь, Францица а (Сен-Пьер а, Микелон а) малхбалехь. Канадан а, АЦШ а доза дуьненахь уггаре деха доза ду шина пачхьалкхана юкъахь.

Канада — парламентан системица йолу конституцин монархи (паччахьалла) ю, цуьнан монарх ву Британин къаьмнийн доттагӀаллин монарх; Канада — шимотт буьцу а, дуккха оьздангаллин а мохк бу, цигахь ингалсан а, французийн а меттанаш официалан лаьрра федералан тӀегӀанехь. Технологин а, промышленни а кхиъна пачхьалкх, Канада ню дукха отраслан экономика, ехачу Ӏаламан ресурсашна а, йохк-иэцарна (масала АЦШ, цуьнца Канадас комплексца болх бо колонеш йолчу хенахь а, Конфедераци кхоьллинчу хенахь дуйна) а тӀехь бух болуш.

Кхоьллина 1534 шарахь французийн талламхочо Ж. Картьес, Канада дӀайолайо шен юьхьиг хӀинцалера Квебек йолчура французийн колони тӀиера, юьхьанца дехаш меттигера къаьмнаш бен дацара. Ингалсан колонизацин муьрал тӀаьхьа, кхаа британин колонийн бартах (хьалха Керла Францин мехкаш хилла болу) хилира канадан конфедераци. Канада маьрша елира Цхьаьнатоьхна Паччахьаллех машаран процессан жамӀаца, бахбеллачу 1867 шерера 1982 шо кхаччалц.

Тахана Канада федеративан пачхьалкх ю, лаьтта исс провинцех а, кхаа мехках а. Французийн мотт буьйцурш алсама болу провинци — Квебек, йисинарш — дукхах дерг ингалсан мотт буьйцу провинцеш ю, царех иштта ингалсан Канада а олу Квебекца юстуш. Ингалсан мотт буьйцу исс провинцех цхьаъ йолу, Нью-Брансуик ю официалан шинаметтан канадин провинци. Юконан мохк официалан шинаметтан ю (ингалсан а, французийн а), ткъа Къилбаседа-Малхбузан мехкаш а, Нунавут мохк а лору цхьайтталгӀа, цаьрца цхьаьна биъ официалан мотт а (царна юкъахь иштта бу ингалсан а, французийн а).

Этимологи

Картьен иэс. Сен-Мало

Канада цӀе схьаяьлла kanata дашах, иза гочдича «эвла», «юрт», «латта», «мохк»[5][6] хуьлу лаврентийн ирокезийн маттахь, и цӀе схьаэцна шеш Ӏадаьккхинчу юьртахь Стадаконехь (таханлера Квебекан йисттехь), — Жак Картьен дуьххьара индахой гина 1534 шарахь Гаспехь церан аьхкенан лагерехь. (дуста минго kanötayë’ «эвла, гӀала»[7], ононд. ganatáje «гӀала»[8] кхечу ирокезийн меттанашца.) ХӀинца Квебек гӀала йолчохь 1534 шарахь меттигерчу бахархоша и дош лелийра уьш Стадакона эвла хьажош[9]. Картьен экспедицил тӀаьхьа тӀаьхьа лаврентийн тайпа тӀепаза дайра – археологин ахкарш дийцарехь гуронашна а, къилба ирокезашна а юкъарчу тӀамо хӀаллакбинчух тера ду.

Картьес тӀаьхьа «Канада» дош и эвла билгалйоккхуш лелийна ца Ӏаш, меттигерчу тхьамдан Доннаконан куьйгакӀелара ерриг областах а элира. 1545 шарахь европан жайнаш а, карташ а тӀехь регион а, Сийлахь Лаврентий хин дерриг бердаш а «Канада» дашца билгалдехира. ТӀаьхьа и цӀераш яха йолийра дукхах йолчу луларчу Къилбаседа Американ мехкийн а, оцу хенахь Британийн империн куьйга кӀелахь хилла йолу.

Географин хьолаш

Канадан спутникан сурт. Массанхьа махкахь, къилба йист йоцучохь, тайга ю, арктикан областехь, ткъа иштта бердайисташкарчу лаьмнашкахь а, Сийлахь Ильян лам тӀехь а шаш ду, аренан акъареш латта лело дика ю. Акъарин къилба-малхбалехь, Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнаш чура Сийлахь Лаврентий арадолучохь, деха алсама бахархойн дакъа.
Альбертера Къоман парк Банф
Къоман Кутеней паркера чен кӀорнеш

Канадас дӀалоцу Къилбаседан Къилбаседа Америкин доккхаха долу дакъа. 75 % мохк — къилбаседа зона ю. Канадан юкъара латта тӀиера доза ду АЦШ-ца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а (Аляскан а, Юконан а юкъахь), яьржина Атлантикан океан тӀиера малхбалехь Тийна океан тӀе кхаччалц — малхбузехь, Къилбаседа Шен океан тӀе кхаччалц — мехкан къилбаседехь. Цуьнан хӀордан доза ду Францица (Сен-Пьер а, Микелон а) а, Даница (Гренланди) а. 1925 шарахь дуьйна Канадан долахь ду Арктикан дакъа 60˚ м-буза д. а, 141˚ м-буза д. а юкъара, амма и ммохк бац массара а къобал бина. Уггаре къилбаседехьара Канадан а, дуьненан а нах беха меттиг ю Алертехь (Нунавут), Канадан тӀеман ницкъийн базехь Элсмир гӀайрен (82,5˚ къ.-с. ш. 834 км — 450 хӀордан миль — Къилбаседа полюсан герга) къилбаседа йисттехь. Канада — мехкан барамца дуьненахь шолгӀа меттигехь ю.

Бахархойн луьсталла (3,5 стаг 1 км²) дуьненахь уггаре кӀезигчех ю. Уггаре дукха нах хевшина мехкан область — иза Квебек-Виндзор аса ю, Сий. Лаврентин аренан бердашца а, Даккхий Ӏаьмнийн къилба-малхбалехь а. Оцу областан къилбаседехьа лаьтта шуьйра Канадан щит, тӀаьхьарчу шенан муьрехь шено цӀанйина, дуьй латта дӀадаьккхина, шортта минералаш долу, Ӏаьмнашца а, эркашца а йолу тархийн регион. Канадехь Ӏаьмнаш дуьненан муьлххачу регионехьчул алсама ду, цуьнан ду дукха цӀена теза хиш. Даккхий Ӏаьмнаш ду дуьненахь уггаре йоккха майда йолу теза хин гӀорош доцу хьост[10].

Шарлоттаун (Паччахь кӀентан Эдуардан гӀайре) Ӏай

Канадан малхбалехь Сий. Лавренти хи кхочу Сийлахь Лаврентин аймане, цуьнан дуьненахь яккхийчех хикхоче ю, цигахь Ньюфаундленд гӀайре ю, ткъа Паччахь кӀентан Эдуардан гӀайре цунна къилбехьа ю. Нью-Брансуик а, Керла Шотланди а екъна Фанди аймано, иза гӀараяьлла ю дуьненахь уггаре лакха хӀорд тӀекхетарца. И хӀордаца йолу йиъ провинци ю Квебекан малхбалехьа. Онтарио а, Худсонан айма а лаьтта Канадан юккъехь, ткъа Манитобан тӀиера малхбузехьа Саскачеван а, Альберту а чухула яьржина шуьйра акъари канадийн прерийн Тархийн лаьмнаш тӀекхаччалц, цара къастабо уьш Британин Колумбех. ХӀудзонан аймано шолгӀа меттиг боккху дуьненахь шен барамца Бенгалийн аймал тӀаьхьа[11].

Онтариора Ниагара чахчари.

60-гӀа параллелан къилбаседехьа лаьтта кхоъ канадан мохк — Нунавут, Къилбаседа-Малхбузан мехкаш, Юкон, — шортта Ӏаьмнаш а долуш (уггаре даккхийнаш царех Доккха Чен а, Доккха Йийсархойн а Ӏаьмнаш), чекхдолуш уггаре деха мехкан хи — Маккензи а долуш. Цу тӀе Канадан Къилбаседен континентан латташ къилбаседехьа доза ду шена юкъа дуьненан даккхийчех гӀайренаш догӀу канадан арктикан архипелагца (гӀайренашца). Оцу гӀайренашна юкъара хидоькъеш ю Къилбаседа-малхбузан дехьадовлийла Лабрадоран хӀорд чуьра Бофортан хӀорд чу Баффинан аймах а довлий. Цул сов оцу ша биллинчу регионехь, Паччахь-аьзнин Елизаветин гӀайренашна юкъахь лаьтта къилбаседа магнитан полюс. Спир мара, уггаре малхбален тӀадам бу Канадан (Къилбаседа Америкин а), лаьтта Ньюфаундленд а, Лабрадор а провинцера Авалон ахгӀайрен тӀехь[12].

КӀайн ча, къилбаседа Манитоба

Ораматаш хийцало гӀаш долчу диттанийн хьаннаш тӀиера Онтарион къилбехьара ийна а, лаврентийн а хьаннашка кхаччалц, къилбаседехьа лагӀло тайган (къилбаседа хьаннаш я кӀохцалгийн аса) тӀиера тундре а, кхин дӀа Къилбаседан арктикан аренашка а кхаччалц. Полюсан гӀайренаш ду аьхка а дешаш доцу лайш а, шеш а къевлинчу зонехь. Баффинан латта а, Канадан къилбаседера бердашкара кхин гӀайренаш а къевлина тундро, цуо дӀалоцу Канадан материкан дерриг къилбаседа дакъа а, Худзонан айман малхбузан бердаца гуттар а къилбехьа чу а йоьду, Лабрадор ахгӀайрен тӀе а кхочу. Кхузахь кхуьу вересканаш, шач, дакхан а, дакан а коьллаш. Тундран къилбехьа Тийна а, Атлантикан а океанашна юкъахь яьржина хьаннийн шира аса. Алсама ю баганан хьаннаш; коьрта тайпанаш — Ӏаьржа база малхбалехь а, кӀайн база малхбузехь (Маккензи хин тогӀенахь), зез, бага, туя, кхин а. КӀезиг яьржина йолу гӀаш долчу диттийн хьаннаш лаьтта акхтаргех, маъах, дакхах, даках. Даккхий Ӏаьмнийн кӀоштара хьаннаш башха бес-бесара ю (американ муьшдечиг, веймутан зез, канадан тсуга, наж, цӀабалг, поп). Тийна океанан бердаца яьржина баганан хьаннаш: дугласан а, ситхин а база, аляскан а, цӀиен а кедр; Ванкуверан уллехь кхуьу цӀазамийн дитт а, орегонан наж а. Атлантикан хӀордашна йисттерачу провинцешкахь кхуьу бальзамийн пихтан, Ӏаьржа а, цӀиен а баган акадийн хьаннаш; кхин а кедр, американ бага, можа дакх, поп.

Тундрин зонехь деха дийнаташ: къилбаседан сай, полюсан пхьагал, лемминг, кӀайн цхьогал оригиналан мускусан уьстагӀбугӀа. Къилбехьа дийнатийн тайпанаш бес-бесара ду — хьуьнан сай карибу, беркате кепара сай вапити, сай, лаьмнийн кӀошташкахь — стомма маӀан ка, лайн газа. Дикка шорта ду дехкий: канадан тарсал чикари, оьпатарсал, американ бирдолаг, чадахка, гӀамаран пхьагалан доьзалера кхийсалург, хин дахка, зудӀама — мехачо, байн а, американ а пхьагал, пищуха. Цицигийн экханех Канадехь деха канадан цӀокъ а, тархалом а. Цигахь ю берзлой, цхьогалш, сира ча — гризли, цициг-жIала. Салор кепарчарех — салор, пекан, хешт, чакорт, кхин а. Дукха бенаш беш долу дӀакхелха а, промыслан а олхазарш ду. Текхаргийн а, хилаьттанийн а фауна кӀезиг ю. Тезачу хиш чохь чӀара дукха бу.

Климат

Январан а, июлан а юккъера температураш къасталуш ю хӀора а областан. Ӏа хила тарло чӀогӀа буьрса цхьацца мехкан регионашкахь, беттан юккъера температураш кхачало −15 ˚С мехкан къилбан декъехь, ткъа наггахь −45 ˚С а чӀогӀа шийла мехашца. Канадехь мацца а цкъа хааелла температуран минимум, кхаьчна −63 ˚С (Юконехь). ХӀора шарахь лайн чкъор кхачадала таро ю масех бӀе сантиметр (масала, Квебекехь юккъера 337 см). Британин Колумбин берда йист, Ванкувер гӀайре муххале а, юкъара йолу, цигахь барамера климат хуьлу кӀеда а, догӀанаш оьхуш а Ӏаьношца. Аьхкенан температураш кхачало +35 ˚С, +40 ˚С, тӀуналлин индекс лоруш.

Истори

Монреалан панорама, Канада

Орамера къаьмнаш

Бенджамина Уэстан сурт Инарла Вулф валар, гойту Абрааман аренашкарчу тӀамехь ша тоьллачул тӀаьхьа 1759 шарахь британин инарла Джеймс Вулф валар.

Орамера къаьмнийн археологин а, генетикан а талламаш бакъдира Юконан къилбаседехь адам 26 500 гергга шо хьалха дуьйна хилар, ткъа Онтарио провинцин къилба декъехь 9500 шо хьалха дуьйна[13][14][15].

Археологин объекташ Олд Кроу Флэтс а, Блуфиш а — Канадера уггаре хьалхара адаман (палеоиндахойн) хӀусаман ши археологин иэс ю[16][17][18]. Канадан индахойн ю бархӀ ша-тайпа дуьне кхолларах миф. Уьш ю: лаьттах, дуьне кхоьллинчух, схьадаларх, девнах, талорах, велларг денваларх, шина кхуллучух а, церан къовсамех а, ткъа иштта вежарех[19].

Канадин бухарчу къаьмнийн цивилизацин юкъайогӀура гуттаренна я гӀалин меттигаш, юьртабахам, юкъараллин а, историн а архитектуран иэсаш, чолхе социалан иерархи[20].

Оцу цивилизацех цхьаерш тӀепаза яйна гуттара а хьалха европахой охьаховшале (XV бӀешо чекхдолуш — XVI бӀешо долалуш), карийна археологин талламаш бечу хенахь.

Орамера бахархойн барам мах хадорехь хилира 200 000[21] тӀиера 2 000 000 стаг кхаччалц 1400 шо чекхдолуш[22].

Канадан Паччахьан орамера бахархойн могашалла ларъяран комиссино тӀеийцира терахь 500 000[23]. Юх-юха хуьлуш йолу европан уьнан цамгарш, жӀаьлин ун, кхартанаш, морзгал (царна индахойн Ӏаламан иммунитет яцара), европахошца хьакхаваларан кхечу эффекташца, жамӀ хилира 40 % - 80 % орамера бахархой балар[21]. Канадан орамера къаьмнашна юкъадоьду индахой[24], эскимосаш[25], метисаш[26]. Метисийн оьздангалла кхоллаелла XVII-гӀа бӀешерийн юккъехь, индихой а, инуиташ а Европера кхелхинчаьрца иэлучу хенахь[27]. Инуиташ алсама дозадиттира европахойн мухажирашца йолчу юкъаметтигашна юьхьанцарчу муьрехь[28].

Керла Франци

1534 шарахь французийн талламча Жак Картье воьссина Гаспе.

Дуьххьара европахой баьхкина, норвегийн викингаш Ньюфаундлендера Ланс О Меду 1000 шо хьалха охьахевшинчу хенахь[29][30], цу хенахь колонизаци ярах гӀуллакх ца хилча, 1497 шо кхаччалц севцца, италихой хӀордахо Кабото Джованнис (Кабот Джон) таллалц Канадан атлантикан бердйист Ингалсана[31].

ТӀаьхьуо, 1498 а, 1521 а шерашна юкъахь, тайп-тайпана португалихойн хӀордахоша теллира Канадан малхбален бердаш, кхоьллира регионехь чӀерий лоьцу гуттаренна а йолу эвланаш[32]. 1524 шарахь Канадан малхбален бердаш теллира французийн паччахьан гӀуллакхехь волчу, флоренцийн хӀордахочун Джованни Веррацанон экспедицис.

1534 шарахь Жак Картье воьссира Гаспен берда тӀе, цуо оцу латтан цӀе Канада тиллира, иза тӀаьхьуо цхьа провинции хилира Керлачу Францин[33].

Масийттаза аьтту ца болуш гӀиртина (Лонг-Айлендера Керла Ангулем а, Флоридера Сент-Огюстен а) французаша кхоьллира паччахьо къобалйина хьалхара колонеш: Тадусак (Квебек) 1600 шарахь, Пор-Руаяль 1605 шарахь, Квебек 1608 шарахь[34]. Ингалсхоша 1610 шарахь законаца кхоьллира Ньюфаундлендехь Сент-Джонс гӀала. Французаш тесира чӀогӀа уьйр гергахь долчу индахойн къаьмнашца.

Амма европахойн талламчаша дукха лазарш деира, уьш сиха даьржира йохка-иэцаран новкъашкахула бухарчу бахархойн кӀорге, меттигаш яслуш яра. Французийн мухажираш, дукха хьолахь богӀура чӀогӀа могаш боцуш а, боьхачу кеманаш тӀехь а, кӀелхьара бовлура индахойн молханаш бахьнехь. Иштта, масала, цинган (доьлийн цамгар) дарбана, гуронаша кӀайн кедран чкъоьран чорпа малайо, цунах олу — анеда.

Французийн мур: барташ, тӀемаш, ВорхӀ шеран тӀом

Мехкех, хӀордан базанех, цӀоканех, чӀара лацарех болу къийсамаш хуьлу тӀаьхь-тӀаьхьа морса, шортта тӀемаш лелха, царна юкъахь бара французаш, голландхой, ингалсхой, бертахь долу индахойн тайпанаш[35]. ЦӀуоканаш йохкарна терго латторхьама хилла Францийн ирокезийн тӀемаш доьду ирокезийн конфедерацин, бартхошна юкъахь, уьш бара хьалха голландхой, ткъа тӀаьхьа ингалсхой, гуронаш, алгонкинаш, французийн бартхой. Франко-ирокезийн 1689 - 1763 шерашкахь хилла болу беа тӀамо йол-йолуш Ньюфаундленд, ткъа тӀаьхьа, Акади а ингалсхойн караяхара. Французийн мухажирашна а, британин Ӏедалшна а юкъахь гӀоьртина хьал нислора, масала, ерриг йохийна Пор-Руаяль, цул тӀаьхьа акадихой арабаьхна (гӀарадаьлла Доккха къаьхьа къурс) 1755 шарахь[36].

Керла Франци яьржина Тархийн лаьмнашна тӀиера Аппалачи лаьмнаш тӀекхаччалц. Ингалсхошна лаьа даха Огайо эркан атагӀе, Форт Дюкен (хӀинцалера Питтсбург) схьаяккха лууш. 1756 шарахь Францина а, Ингалсан а юкъара Америкера ВорхӀ шеран тӀамехь схьаехира гӀаланаш Квебек - 1759 шарахь, Монреаль - 1760 шарахь. ВорхӀ шеран тӀамехь толам баьккхинчул тӀаьхьа, 1763 шеран Парижан бартаца Йоккха Британис чеккхенца схьатуху Акади, Канада, Луизианан малхбален дакъа (Миссисипин а, Аппалачашна а юкъара)[36].

Ингалсан мур: Лакхара а, Лахара а Канада

Американ революцин чеккхенгахь Цхьаьнатоьхна импери 50 000 гергга лоялисташ кхелха Квебеке, Керла Шотланде, Принц Эдуардан гӀайрен а, Ньюфаундлендан а тӀе[37].

Уьш Керла Шотландехь биеза хьеший ца хиларна, Нью-Брансуик дӀакъаьста оцу колонех 1784 шарахь. ТӀаьхьа ингалс мотт буьйцу лоялисташ дӀатарбар Ӏалашо йолуш Канада колони 1791 шеран Конституцин актаца екъало шина тайп-тайпанчу колонин, Лакхара Канадан а, Лахара Канадан а, хӀоранна а бакъо йолуш харжа шайн Законанкхолларан гулам[38].

Ткъех шо даьлчи Канадо ловзайо ладаме роль АЦШ а, Цхьаьнатоьхна паччахьалла а екъначу 1812 шеран тӀамехь. Цуьнан дуьхьалоно ло цунна ладаме ехачу хенан таро, цунна юкъахь Къилбаседа Америкин Британин бахархойн синмехаллин марталла а, къомалла а. Йоккха Британин а, Ирландин а массийн иммиграци Канаде йолало 1815 шарахь[39]. 1891 шо кхачале Канаде кхелхина деа декъан тӀиера кхаа декъе кхаччалц европахой, белира уьнан цамгарех[21]. Цхьа могӀа бинчу барташа, даладо тӀаьххьара Канадан а, АЦШн а юкъарчу бехачу машаран муьре, иза бохабо наггахь хуьлу доцачу фенийн тӀелетарша.

Законаш хӀитто а, налогаш яха а Лахара Канадан парламентан ницкъ ца хиларо, социалан чолхенаш, кӀезиг болчу франкийн мотт буьйцучарна Ӏотталуш долу хӀумнаша Патриотийн гӀаттаме дуьгу. Папино Луи-Жозефан куьйгаллийца кхайкхайо Республика Канадан маршо. И шайн урхалла дан лаам къиза охьатаӀабо британин эскаро, цуо ягайо, талораш до Монтережин дуккха а эвланашна. Дукхаха болу гӀовттамхой ирх оьхкина, цхьаберш хьовсийна Австрале, кхин берш бевдира Цхьаьнатоьхначу Штаташка.

Кеп:Къилбаседа Американ пачхьалкхаш

Билгалдахарш

  1. 3 // Конституционный акт 1867 года (инг.) — 1867.
  2. Official Names of the United Nations Membership (инг.)UN, 2016. — 5 p.
  3. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  4. Canada's population clock. Statistics Canada. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  5. Origin of the Name, Canada (инг.). Canadian Heritage (Government of Canada) (2008). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 июнь.
  6. Rayburn A. Naming Canada: Stories about Canadian place names. — Toronto: University of Toronto Press, 2001. — P. 13-17. — (ISBN 0-8020-8293-9).
  7. Mingo (see-001) kanötayë’ PanLex.
  8. Zeisberger D. Essay of an Onondaga Grammar // The Pennsylvania Magazine of History and Biography. V. 11. — 1888. — P. 444.
  9. Maura, Juan Francisco (2009). "Nuevas aportaciones al estudio de la toponimia ibérica en la América Septentrional en el siglo XVI". Bulletin of Spanish Studies. Routledge. 86 (5): 577—603. doi:10.1080/14753820902969345. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  10. Великие озера Северной Америки (США и Канады): фото, видео, где находятся великие американские озера на карте. Чудеса света и достопримечательности (2013 шеран 9 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 октябрь.
  11. Сергей Губанов. Гудзонов залив. Тайны, загадки, факты. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 октябрь.
  12. География Канады. Путеводитель по Канаде. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 11 октябрь.
  13. Y-Chromosome Evidence for Differing Ancient Demographic Histories in the Americas (инг.) (PDF). University College London 73:524–539 (2003). doi:10.1086/377588. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 январь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  14. Cinq-Mars, J (2001). "On the significance of modified mammoth bones from eastern Beringia" (PDF). The World of Elephants – International Congress, Rome. Дата обращения: 2010 ш. 25 февралехь. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  15. J.V. Wright. A History of the Native People of Canada: Early and Middle Archaic Complexes (инг.). Canadian Museum of Civilization Corporation (2001 шеран 27 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 19 октябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  16. Ron Griebel. The Bluefish Caves (инг.). Minnesota State University. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 сентябрь. Архивйина 2003 шеран 13 ноябрехь
  17. Beringia: humans were here (инг.) (re-published online by Canada.com). Gazette (Montreal). CanWest MediaWorks Publications Inc. (2008 шеран 17 май). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  18. Jacques Cinq-Mars. Significance of the Bluefish Caves in Beringian Prehistory (инг.) 2. Canadian Museum of Civilization (2001). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 15 апрель. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  19. The Native Imprint: The Contribution of First Peoples to Canada's Character / Dickason, Olive. — Athabasca: Athabasca University Educational Enterprises, 1995. — Vol. 1. — P. 114–117.
  20. History & Mathematics: Historical Dynamics and Development of Complex Societies. — Moscow: KomKniga/URSS, 2006. — ISBN 5484010020.
  21. 1 2 3 Wilson, Donna M. Dying and Death in Canada. — Toronto : University of Toronto Press, 2008. — P. 25–27. — ISBN 9781551118734.
  22. Thornton, Russell. Population history of Native North Americans // A population history of North America / Michael R. Haines, Richard Hall Steckel. — Cambridge : Cambridge University Press, 2000. — P. 13. — ISBN 0521496667.
  23. «Handbook of North American Indians: Indians in contemporary society». Garrick Alan Bailey (2008). Government Printing Office. p.285. ISBN 0-16-080388-8
  24. Civilization.ca-Gateway to Aboriginal Heritage-Culture (инг.). Canadian Museum of Civilization Corporation. Government of Canada (2006 шеран 12 май). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  25. Inuit Circumpolar Council (Canada)-ICC Charter (инг.). Inuit Circumpolar Council > ICC Charter and By-laws > ICC Charter (2007). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  26. In the Kawaskimhon Aboriginal Moot Court Factum of the Federal Crown Canada (инг.) (PDF). Faculty of Law 2. University of Manitoba (2007). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 18 сентябрь. Архивйина 2008 шеран 25 июнехь
  27. What to Search: Topics-Canadian Genealogy Centre-Library and Archives Canada (инг.). Ethno-Cultural and Aboriginal Groups. Government of Canada (2009 шеран 27 май). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 2 октябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  28. Adrian Tanner. Innu Culture 3. Innu-Inuit 'Warfare' (инг.). Department of Anthropology-Memorial University of Newfoundland (1999). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 5 октябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  29. Pálsson, Hermann. The Vinland sagas: the Norse discovery of America : [англ.]. — Penguin Classics, 1965. — P. 28. — ISBN 0140441549.
  30. Reeves, Arthur Middleton. The Norse Discovery of America. — BiblioLife, 2009. — P. 82.
  31. John Cabot's voyage of 1498 (инг.). Memorial University of Newfoundland (Newfoundland and Labrador Heritage) (2000). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 12 апрель. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  32. The Portuguese Explorers (инг.). Memorial University of Newfoundland (2004). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 июнь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  33. Morton, Desmond. A Short History of Canada. — 6th. — Toronto : McClelland & Stewart, 2001. — P. 9–17. — ISBN 0-7710-6509-4.
  34. Morton, Desmond (2001) (pp. 17-19)
  35. Morton, Desmond (2001) (p. 33)
  36. 1 2 Sarkonak, Ralph (1983). "A Brief Chronology of French Canada, 1534–1982". Yale French Studies. Yale University Press (65): 275—282. {{cite journal}}: Недопустимый |ref=harv (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (недопустимое значение параметра)
  37. Moore, Christopher. The Loyalist: Revolution Exile Settlement. — Toronto : McClelland & Stewart, 1994. — ISBN 0-7710-6093-9.
  38. McNairn, Jeffrey L. The capacity to judge. — Toronto : University of Toronto Press, 2000. — P. 24. — ISBN 0802043607.
  39. Haines, Michael. A population history of North America. — Cambridge University Press, 2000. — P. 380. — ISBN 9780521496667.