Камполо, Антонио
![]() | ||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | ||||||||||||||||||||||
Харц цӀе | Giroba | |||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1897 шеран 7 февраль | |||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Монтевидео, Уругвай | |||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 1959 шеран 22 май (62 шо) | |||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Монтевидео, Уругвай | |||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||
Позици | ахтурсло | |||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
![]() |
Ка́мполо Анто́нио (испан. Antonio Cámpolo; 1897 7 февраль, Монтевидео — 1959 22 май, циггахь) — уругвайн футболист, йистера аьрру тӀелатархо, 1920 шеран Къилба Америкин чемпион, 1928 шеран Олимпийн чемпион.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Камполос карьера йолийра шен кӀоштара езархойн командехь, цуьнан коьртехь вара «Пеньяролан» коьртачех цхьа бомбардир волу Антонио Камачо. Баккхийчеран тӀегӀанехь дебют хилира «Пеньяролехь», цигахь левзира командин седарчашца — Пьендибене Хосеца, Градин Исабелиноца, Харлей Джонаца, кхечаьрца а. Йистера тӀелатархо волу Камполо къаьстара лакхарчу сихаллийца а, аренан тӀехь доьналлийца а.
1920 шарахь дакъа лаьцна Къилба Америкин чемпионатехь, цигахь левзира ерриг кхаа матчехь — Аргентинин, Бразилин (гол тоьхна), Чилин дуьхьала. Шен «Пеньяроль» юкъара накъостаца Перес Хосеца хӀоттийра «Селестин» онда тӀелатаран уьйр. Уругвай туьйлира турнирехь, Камполос яьккхира шен цхьаъ бен йоцу континентан чемпионан титул. ШолгӀачу шарахь яьккхира кхоалгӀа меттиг гулйина командица турнирехь Аргентинехь. Камполо юха левзира ерриг матчашкахь — Парагвайца, Бразилица, Аргентиница.
1923 шарахь Уругвайн футбол екъаелира. Кхоьллира Уругвайн футболан федераци, цуьнан куьйга кӀела левзира «Пеньяроль». Камполо юкъахь вара ФУФ гулйина командин а. Оцу бахьнехь иза («Пеньяролан» кхин ловзархой санна) ца вахара толаме хиллачу Олимпийн футболан турнире Париже, гулйинчу командин бух бара коьртаниг «Насьоналан» ловзархой. Оцу 1924 шарахь Пеньяролца Уругвай чемпион хилира ФУФан къовсамехь.
1925 шерал тӀаьхьа уругвайн футбол цхьаьнакхийтира, Камполо юхавеира УФА куьйга кӀеларчу гулйина команде.
Камполос дакъа лецира 1928 шеран Олимпиадехь, шен дешин мидал схьаяьккхира тӀаьххьара. Иза левзира турниран кхаа ловзарехь — Германица, Италица (гол туьйхира), хьалхара финалан матчехь Аргентиница а.
Камполос йоккхачу турнирехь тӀаьххьара дакъа лецира 1929 шеран Къилба Америкин чемпионатехь, цигахь уругвайхоша кхоалгӀа меттиг яьккхира. Камполо юха а левзира ерриг кхаа матчехь — Парагвайн, Перун, Аргентинин гулйина командаца.
Футболистан карьера чекхъяьккхира 1930 шарахь. Ерриг клубан карьерехь яьккхина Уругвайн чемпионан 6 титул, царна юкъахь 1 — ФУФан куьйга кӀела. Камполо вела 1959 шеран 22 майхь ша винчу гӀалахь Монтевидеохь.
Титулаш а, кхиамаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Уругвайн чемпион (6): 1918, 1921, 1923 (ФУФ), 1926, 1928, 1929
- Олимпийн чемпион (1): 1928
- Къилба Америкин чемпион (1): 1920
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Рекордсмены сборной Уругвая (ингалс.)
- Матчи сборной Федерации футбола Уругвая (ФУФ) в 1922—1925 гг. (ингалс.)
![]() |
ХӀара Олимпийн ловзарийн совгӀатхойх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара Уругвайн футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 7 февралехь
- Бинарш 1897 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Монтевидеохь
- Белларш 22 майхь
- Белларш 1959 шарахь
- Белларш Монтевидеохь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Уругвайн футболисташ
- Футболех ловзаран Уругвайн гулйина командин ловзархой
- Футболех ловзаран Олимпийн чемпионаш
- Уругвайн Олимпийн чемпионаш
- 1928 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Футболисташ 1928 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш
- ФК «Пеньяроль» ловзархой
- Цхьаьна клубан футболисташ