Кальмарах ловзар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Кальмарах ловзар
Жанр триллер, драма-фильм
Режиссёр
Авторан
сценари
Коьрта
роль
Композитор
Пачхьалкх
Мотт Корейхойн мотт
IMDb ID 10919420
Официалан сайт

«Кальмарах ловзар» (кор. 오징어게임 Оджино Геим, Ojing-eo Geim) — Къилба Корейн веб-сериал ю, дийна диса гӀертачу а, хиллачеран боевикан, триллеран, драман жанрехь. Ерриг исс эпизодийн режиссёр а, сценарин автор а ву Хван Дон Хёк.

Коьрта роль ловзош бара Ли Джон Джэ, Пак Хэ Су, О Ён Су, Ви Ха Джун, Чон Хо Ён, Хо Сон Тхэ, Анупам Трипати, Ким Чжу Рён. 2021-чу шеран товбецан (сентябран) 17-чохь сериалан премьера хилла интернетерчу Netflix платформехь.

Сериалехь дуьйцу адамийн тобанах, цера массера ахчанца халонаш яра. ТӀаккха цара тӀелоцу къайлечу турнирехь дакъалацарна кхайкхам. Цигахь дийна виса веза, ткъа финалехь тоьллачунна 45,6 млрд вон (38, 5 АЦШ млн доллар) кхочур ду.

Ша жима волуш финансашца халонаш хилар а, иштта Къилба Корейхь классийн нийсазалла хилар а бахьанца дагаеана Хван Дон Хёкна сериалан коьрта идея.