Казанан кремлан Безачу хааман килс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Казанан кремлан Безачу хааман килс
Kazan Kremlin Annunciation Cathedral 08-2016.jpg
55°47′59″ къ. ш. 49°06′20″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Казань
Дин керста
Епархи Казанская и Татарстанская епархия[d]
Архитектурин хатӀ русская архитектура[d]
Статус Wiki Loves Monuments logo - Russia - without text.svg ОТӀО № 1610053018№ 1610053018
Материал Кибарчиг
Сайт blagsobor.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Казанан кремлан Марьяман бина Боккхачу кхоан килс (гIезалойн маттахь Ару хәбәр чиркәве; оьрсийн маттахь Благовещенский собор Казанского кремля)- ортодоксийн килс а, XVI-чу оьмаран оьрсийн архитектурин эсалла а ю.

1552-1918-чу шерашкахь Оьрсийн килсан чуйогӀуш йолу Казанан епархин кафедралан (коьрта) зиярт дара. Таханлерачу дийнахь коьрта зиярт Николан килс ду.

Безачу хааман килс- уггаре генахь йолу пскован архитектурин ишколан кеп гойтуш сийлахь меттиг ю. ГӀалин а, кремлин а ансамблехь уггаре шира историн а, архитектурин а хӀоллам бу.

Буьрсачу Ивано тӀамца яьккхинчул тӀаьхьа, Казанан керла хьал (статус) билгалдаккха Москван Кремлехь лаьтташ йолу Кхалхаран килсан кепехь хӀалайоьттина яра килс.  Цуьнан жӀарин кепехь нартолаш яра; пхиъ корта бара цуьнан, ткъа уьш ялх бӀогӀам тӀехь лаьтташ ю.

Цуьнан цӀенкъин кӀело чохь дӀабоьхкина бевзаш болу казанан мозгӀарш а, иштта маьӀна дара Москван Кремлехь йолчу Делан Ненан Духаран килсан а (цигахь а дӀабоьхкина бевзаш нах).